ГАУ «Издательский дом»
oznorCO

Мамакаев Эдуард.ХIорд дуьрий бен хуьлуш бац

ХIордан йисттехь хIинццалца
Мурад хилла вацара.
Къоьзан-Iам бу моьттуш и,
Мала хIоьтти хьаьъна хи.

– Тьфу! Ма дуьра ду хIара! –
Кху чу туьха хьан тесна?
ХIара-м къаьхьа стим ма бу,
ЧIерий муха дехар ду?

ХIай кIайн мархаш, схьагулло!
ХIорд тазбан цхьа догIа ло!
Лакха гу тIе ваьлла, цо
Стигла коч шен ластайо.

Мархо, лахлуш хIордан тIе,
Йоьлуш, эли Мураде:
– Шек ма вала, хIуммаъ дац:
ХIорд дуьрий бен
Хуьлуш бац…

Стела1ад 2.2022

Оставить комментарий

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.