ГАУ «Издательский дом»

Мачаш мичара йевлла

Ширачу заманахь божарий хьуьнха акхарошна талла оьхуш хилла. Уьш когаш Iуьйра лелаш хилла, хIунда аьлча церан хIетахь когайуха мачаш ца хилла. Иштта хьуьнхахула схьавогIучун когаш лазош хилла кIохцалгаша, тIуьначу кхаьчча, башош хилла, шелйелча, гIорош хилла.

Лорана тIехь талла йиш ца хилла. Цхьана дийнахь оцу таллархочо ша дийначу экханан цIоканан ши дакъа хьарчийра шен когех. Когаш бохбелира, царна лазорна йа шелбаларна кхерам бацара. Иштта йукъаевлира дуьххьарлера мачаш. Тайп-тайпанчу мехкашкахь тайп-тайпана лелош хилла мачаш.


Масала, Японехь дуга кхиош хилла, иза кхио дуккха а хи деза. Сарралц когаш Iуьйра хи чохь лелча, сиха цомгаш хуьлуш хилла. Цундела японхоша дечиган мачаш йукъаехира, дечиган шина туьппалгана тIе чимчаргIаш доьхкуш. Иштта йукъаевлира японхойн къоман мачаш – гэтанаш.


Мисарахь наха шина айрана тIе дуккха а тIийригаш а туьйсуш, уьш вовшахйоьхкуш шатайпа мачаш йира – сандалеш. Оьрсиша кIедачу дечиган ковстах еш хилла мачаш, царах лаптеш олу. Iай лело истангах еш йовха мачаш хилла – валенкаш.


Ширачу заманахь нохчийн хилла шатайпа мачаш. Уьш дабагIа деш, кечдинчу бежанан неIарх еш хилла, дукха хьолахь стеран неI лелош хилла, хIунда аьлча стеран неI стомма хилла кхечу хьайбанийн неIарал. Ламанца Iай неIармачаш ца шаршийта, церан айрашна бухахь, леррина оцу гIуллакхна дина ленаш доьхкуш хилла, бахтаршца чIагIдеш. Оцу ленийн бухахь шатайпа кIомсарш хилла, лаьттах уьш дIатасайалийта.
НеIармачел сов нохчаша лелош хилла маьхьсеш, пезагаш, бIоржамаш, кIархаш а.

Стела1ад №1. 2022

8 419 комментариев