ГАУ «Издательский дом»

М.Ю. Лермонтов. Баллада

Iара йоI бIаьрг боьгIна хIуорда йисте.
Хьесталуш, бохура шен везаре:
– Тахана доьжна сан хIуорда чу жовхIар,
Схьаэций, дендехьа сан деган ловзар,
Суо йезий хуур ду, хьоь далахь и.
КIеж тийса хьаьдира къонахчун цIий,
Хье дIахьош, кхетамах кхийтира ов.
ХIуорда чу кхоссалой, бухахь дIавов.
ЖовхIарийн чопашца йетталуш бердах,
ТулгIенаш керчара, вовшехахьиэрчаш.
Йух-йуха керча хIорд тулгIенийн хишца.
Хьомениг вохьур ву цара схьа хIинцца.
ХIай ирс йаI! Дийна ву – тарх бу марахь,
Йуьхь буьрса лаьтташ ву – туьтеш карахь,
ТIадийна корта бу хиш Iийдалуш,
Халла ву когашна доладалуш:
– Алахьа, йеза йа ца йеза хьо,
Со хилча, кийча сайн са ца кхоо?
Хьан дашо кхоьссина, со буха хьош,
Маржанийн хьеха чохь карийра хIорш,
ДIаэца, – аьлла, ши бIаьрг хьажийра
Шен сил а йезаш йолчуьнга гIийла.
Жоп дара: – Баккъал а, хьо везалург
Бахьа цхьаъ маржанан и хаза тIулг.
– Маржа-йаI, Iожалла! – шен дагахь аьлла,
Йуха а хи бухахь и къайлаваьлла.
ХIуордо йо тулгIешца дера хичаш.
КIант-м виси, хин кIоргехь карийна каш.

Гочйинарг – Цуцаев Iалауди

Орга № 3. 2023

1 comment

  • Greetings from Florida! I’m bored at work so I decided to check out your blog on my iphone during
    lunch break. I enjoy the information you present here and can’t
    wait to take a look when I get home. I’m surprised at how quick your blog loaded on my phone ..
    I’m not even using WIFI, just 3G .. Anyways, excellent blog!

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.