ГАУ «Издательский дом»

КАГЕРМАНОВ Докка. Дагалецамаш

Мамакаев Мохьмадах дагалецамаш

Харцоно гIелвина, гIелонан гIайгIано дуккха а зийна вара Мамакаев Мохьмад, къаьсттина Нохч-ГIалгIайн республикин прокурор ша волчу хенахь. Харцонах бакъо еш, бакъонах харцо еш, Советийн Iедал чIагIлуш латтар гуш вара прокурор. Чекистийн къизаллин бала ловш дара вайнехан халкъ. Бехк-гуьнахь доцу маьрша нах, харццIераш кхуллуш, лоьцура. Соьлжа-ГIалин набахтеш юзуш лаьттара, кхузарнаш хьовха, Дона-тIерачу-Ростован набахтешка дIа а хьийсош, цигарчу жоьжахатешкахь Iазап дора вайнахана.
ХIетахь, Дела воцчу охIлано бале лецначу тутмакхех цхьамма яьккхинчу гIайгIанечу назманан мукъам бара цхьанхьара, набахтин буто пенашна юккъера, борзанан неIаршна тIехьара, чекистийн-чалтачийн бертаза арабуьйлуш:

Мел йогIу суьйренаш тхан дуьхьа йоьлхийла,
ЙогIучу Iуьйранна тхо Деле доьхийла,
Ва беза безамаш тхан къина боьлхийла,
Делан кхиэл хилла-те, хIай динан вежарий?..

Мамакаев Мохьмад – прокурор Соьлжа-ГIалин набахтешкахула, шен даржан бакъонца волавелира харцой, бакъой къасто, бехк-гуьнахь доцуш лецна нах маьршабаха. ХIокхо хIора тутмакхе хоттура:
– Хьо хIун бехк болуш лаьцна?
Тутмакхо, шалхо-шеко йоцуш, жоп лора:
– Далла а, нахана а хьалха соьгара даьлла бехкаме а, зуламе а цхьа а тайпа хIума ма дацара, хIетта…

Де доьхна Iаьржачу халоно хьовзийнчохь,
Мацалло бIарздина, гIелонна кIелдуьсчохь,
Бохамна, харцонна юьхь-дуьхьал хIуьттучохь
Собарах, стогаллех ма довла, боху цо…
(М.М.).

Мохьмад юристийн хорманца, петлицашца, кечвелла вахана вацара набахтешкахула, камершна чухула лелаш, тутмакхашкара цо хаттаршца латкъамаш оьцуш, талламаш бечу хенахь. Набахтийн чалтачаш цецбовлура республикин прокурор хиларан тоьшалла Мамакаев Мохьмада шена тIерачу тужуркин кисанара хьаладаьккхина, дIагайтича.
Ша биначу талламехь, бехк цахилар чIагIдина, дуккха а нах набахтешкара арахецийтира Мохьмада. Мохьмадна хаьара ша дийриг хIун ду. Москван-Кремлан коьртачу хьаькимаша, чоьхьарчу гIуллакхийн комиссариатан баьччанашна товр доцийла, прокуроран даржах ша вохор вуйла а, вохийна а ца вуьтуш, уггаре а ирча цIе «халкъан мостагI» цIе туьллур юйла а хаьара. Амма Мамакаев Мохьмадна ца лаьара бехк боцуш лаьцна, набахтийн Iазап ловш вайнехан цхьа стаг а волуш, ког хецна дIавижа. Лакхарчу даржах Iеха а велла, Делан а, нехан а къа шех хьарчаран дагахьбаламан эхь-бехко ша вагавар ловрдолуш къонах вацара иза – прокурор.
Мохьмадан даго хьоьхург, гIайгIано туьдург, декхаделла гIан санна, хьалха хIоьттира цунна. «Соьлжа-ГIалин набахтешкара берриге а тутмакхаш арахецна ваьлла Мамакаев!» – аьлла, Москвага диначу арзана орца кхечира Соьлжа-ГIалин прокуратуре.
Москван векалан а, Нохч-ГIалгIайн АССР-н прокуроран Мохьмадан а шога къамел хилира:
– Прокурор, Мамакаев, – элира хьешо-векало, – дукха лоций-техьа ахь хьайна тIе?


– Сайн бакъонехь долчул сов хIумма а ца лоцу ас сайна тIе, – майрра жоп делира Мохьмада.
Дол-долуш къамел девне делира, долалучу юьххьехь дуьйна а ира доладелла долу. Мохьмада Москван векална, шен кабинета чохь, стоьл тIехь лаьтта шекъанан гIирс тIеластийра. Цунна, иза дIатаIа кхиар бахьанехь, шекъанан тIадамаш бен ца кхеташ, дисира… Мохьмадан къонахаллина, бакъонна дуьхьал берш, советски чекисташ, дукха хиларе терра, цара харцтолам баьккхира. Мохьмад даржера вохийра. Халкъан мостагIчун цIе а кхоьллина, советски ГУЛАГ-н политически тутмакхашна юккъе язвира Мамакаев Мохьмад.
Лагерехь хан яьккхира Мохьмада. Ша а санна, халкъан мостагIчун цIе кхоьллина, политически статьяца ГУЛАГ-ехь хан яьккхина шен йишин кIенташна: Алиев Султанний, Дадашна тIе воьссина волчу Вахаев Хасина тIе кхечира Мохьмад, лагерара мукъаваьлча.
Мохьмад а, Хаси а Казахстанера Даймахка цIа веара, Советски Iедалан тайп-тайпанчу даржашкахь белхаш а бира цара…


Мамакаев Мохьмад шен а, шен халкъан а бакъо меттахIоттийначул тIаьхьарчу 1960-чу шерашкахь «Орга» альманахан редактор вара, оцу журналан редакци Нохч-ГIалгIайн историн, меттан, литературин Iилманан-талламан институт йолчу овкъаран басахьчу гIишлонан тхов кIелахь яра. Дагадеанчуьра аьлча, 1936-чу шарахь, шен 26 шо бен доцчу къоналлехь оцу институтан куьйгалхо хилла а вара Мамакаев Мохьмад.
«Ленинан некъ» газетан редакци паччахьан заманахь цIеяххана вевзаш совдегар хилла волчу Мерзоев Абубакаран долахь, советски Iедал тIедале хьалхарчу хенахь, лаьттинчу исбаьхьачу цIеношна чохь яра, лакхарчу гIат тIехь. Геналлий, гергаллий лерича, вовшашна юккъехь гIеххьа некъ бан дезаш яра и ши орган. Цуьнга хьаьжна доцуш, вовшашца йолу юкъаметтигаш, телефонехула хилла ца Iаш, вовшашка хьошалгIа дахарца лар а йора журналисташий, яздархоший, Iилманчаший. Журналан редакторан Мамакаев Мохьмадан, газетан редакторан Габисов Бийсолтин барт бара газете авторша йохкуьйтуш йолчу исбаьхьаллин произведенешка Мохьмада бIаьргтухур болуш, маххадор болуш, рецензин кепара.


Оцу Iалашонца «Ленинан некъ газетан секретариате веана вара Мохьмад цхьана дийнахь. Мохьмад а, жоьпаллин секретарь Бердукаев Сайд-Эми а, цуьнан гIоьнча волу со а авторийн байташ йоьшуш, царах ала дерг Мохьмада олуш, тхо Iачу хенахь секретариата чу велира газетан фотокорреспондент Юнцевич Владимир Иванович, редакторан заданица воьдуш ву ша, шуна хIумма а оьшур дуй шегара, аьлла хатта веана волу. Сайд-Эмиций, соьций Мамакаев Мохьмад гича, сихха шен белшах тесна фотоаппарат охьайоккхуш, тхуна тIе а ерзийна, цо тхо кхааннан суртдаьккхира. И сурт, Мохьмадан ларам бахьанехь, юха а, юха а зорбане дохуш, дехаш ду иза дуьненчуьра дIаваьлачул тIаьхьа а, боккха безам а, иэс а цуьнца хилар халкъана а, тIаьхьарчу тIаьхьенна а хаийтаран тоьшалла санна.


Авторийн кхоллараллашка Мохьмад хьаьжна а, ешна а велира. Редакцера ша дIаваха гIаттале хьалха соьга элира цо:
– Докка, хьан да Кагерманов Денисолта веара суна тIе «Орга» журналан редакце, шегахь хIетта Москвахь оьрсийн маттахь зорбане яьлла сан «И камни говорят» сборник а йолуш. Цо суна дийцира: 1919-чу шарахь ГIизларехь Деникинан эскарера, шайн лаамехь, дIабахаран бехкана аренан тIеман суьдо тоьпаш тоха кхиэл йина, вийначу 86 нохчех ца вуьйш ваьлларг ша а, кхин цхьаъ а хилар. Ас Денисолтина дош делла, цо сайна дийцинарг ма-дарра, дерригенах яздийр ду, аьлла. Дала мукъалахь, бIаьста хьуьнан хотехь нитташ бевлча, туьханца хьакхийна уьш а бууш, охьахуур ву вай кхоъ. Дийца дуккха а долуш хилла хьан да…


ХIаъ, вай ойланан хьесапаш до дахаран, Дала Шен кхиэлехь нийсадерг хьалхадоккху вайн лаамел, моттарел, хетарел. Кханене майрра хьовсархьама, вайна оьшуш ду вешан дIадаханчуьнга духахьовсар. Муьлхха а керланиг дIадаханчун буха тIехь кхуьуш хилар дагахь латторца, вай декхарийлахь ду вешан хиндолчунна юкъадаханчун сийлахь ламасташ а, карарчу хенан башха гIуллакхаш а дало. Халкъ декхарийлахь ду стогаллин, ша-шена долчу диканех вухакхетаран-вухаваларан, дегнийн дикаллин а, лаккхарчу патриотизман весеташ Iалашдан – генарчу дайн весеташ сийлаллица иллешкахь а, дийцаршкахь а хесточеран, халкъан хьал-де тодаран оьздангаллин хIолламашна юкъахь шайн сий айдинчеран васташ Iалашдан…


И дешнаш тIаьххьара аьлла хиллера Мамакаев Мохьмада. Хьуьнан хотехь, хаза декачу олхазарийн эшаршка ла а дугIуш, охьахаар доьгIна ца хиллера тхуна. Iуьйранна тарамвай тIехь балха воьдуш волчу суна хьалхарчу гIантахь Iаш волчу оьрсичо деша дIасадаржийнчу «Грозненский рабочий» газета тIехь болчу Iаьржачу кадамах бIаьргкхийтира сан, Мамакаев Мохьмадах беш кадам бара иза, Нохч-ГIалгIайн АССР-н Iедалан лакхарчу куьйгалхоша.
Сан бертаза багара узар болуш хезна, оьрси, цецволуш, вухахьаьжира соьга. Хаьттира цо:
– Мамакаев Мохьмад гергара вара хьан?
– Вара, – элира ас, – хIун бен ду, цIеначу цIийн дайн, вежарийн, йижарийн гергарло а я Мамакаев Мохьмадан къонахаллий, доьналлий дезадаларо сан даг чохь марзонца латтош долу деган гергарло а?


Къонах-патриот, къонах-поэт, къонах-интеллигент – дерриге а шен халкъан а ву гергара а, хьоме а. Цо соьга ма-аллара, шел хьалхарчу, дIабевллачу дайшна, къонахашна тIедоьгIна дара Мохьмада аьлла весеташ. Ткъа иза Бакъдуьнена дIавирзича, иза шел хьалхачеран охIланехь ву.
Делахь-хIета, церан массеран а – мах а, сий а долчеран – дагахь латтор тахана дуьненчохь хан йоккхуш долчу нохчийн халкъана тIехь а ду.
Дала гечдойла царна – хьалха дIабахана хиллачу вайн генарчу а, тIаьхьа царна тIебаханчу вайн гергарчу а массарна! Амин!

Орга №2. 2018

6 165 комментариев

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.