ГАУ «Издательский дом»

Кагерманов Докка. Борззий, ДIаммий

Мацйелла, гӀелйелла, ижу лоьхуш хилла Борз. Лела-аш, ДӀамин бенна хьалха кхаьчна иза. Саца а сецна, леррина хьаьжна Борз.
Бенан неӀ чӀаьгӀна карийна. Сема ладоьгӀна цо, ДӀама чохь йу-йац хаа. ДӀама чохь хилла. ТӀаккха эсала, аз тодан а гӀерташ, чу йистхилла Борз:
– ДӀама, хазаниг, чуйаийтахьа со.
– Э-э, – аьлла ДӀамано, – йоллу хир йара хьо сан дерстина пӀендарш ийзо, сан
чӀамара корта бажа.
Борз, дуй а бууш, хьастайелла:
– Хаьддачу жена тӀе кхочийла со, ас хьан дерстина пӀендарш ийзор делахь, чапгӀа йоцу топ йожайойла суна, ас хьан чӀамара корта божур белахь!..
Барзо буург баккъал а дуй бу моьттуш, Ӏехайелла ДӀама. Меллаша неӀ дlaйиллина цо. Цхьап-аьлла тӀекхеттачу Барзо лаьцна иза. ГӀадйаханчу Барзо аьлла ДӀамане:
– ХӀинца-м ас ийзор, хьаха, дара xьан дерстина пӀендарш, хӀинца-м ас божур, хьаха, бара хьан чӀамара корта!
ДӀамано, Берзан багахь йоллучохь, аьлла тӀаккха:
– Борз, йаа-м йуур йара ахь со. И-м хаьара суна. Бисмилла а алий, цул тӀаьхьа «кхаара» а алий, йолайехьа со йаа.
Барзо, «кхаара» олуш, бага гӀаттийна. Klомсаршна йуккъера хах-аьлла дӀамалйелла ДIама. Парт-аьлла шен бена чу иккхина иза. Дукха чехка шен бенан неI тӀечӀаьгӀна, чукъовлайеллачу ДӀамано аьлла Барзе:
– ХӀета ма ца ийзий ахь сан дерстина пӀендарш, хӀета ма ца бежи ахь сан чӀамара корта! ХӀуьссик!
– Э-э, йелла йолийла со, – аьлла Барзо – «кхаара» а ца олуш, «шинара» ца аьлла.
Иштта дагахьбаллам хилла, ДӀаман бенан бертехь дӀаса а хьаьвзина, йаьлла хьуьнха дӀайахана ДӀамина тешнабехк бан аьтто ца баьлла Борз.

Стела1ад 4.2022

141 комментарий

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.