ГАУ «Издательский дом»

Исаев ТIауз. «ПХЬАРМАТАХ» ДАГАЛЕЦАМАШ

И дара 1975 шеран бIаьста а, аьхка а… Со xleтaxь Нурадиловн цIарахчу театрехь актер вара. Оцу бIаьста сайн нийсархо волу суртдиллархо Ахмадов Шамсудди вевзира суна. Шамсуддин дагахь дан йуьхьарлаьцна дуккха а хIумнаш дара, цо уьш дукха а, хаза а дуьйцура. Къоман культурина хийра долчу гIалин хьелашкахь кхиъна велахь а, исбаьхьаллин похIма долуш ша хиларна, цо къахьоьгура нохчийн культурах хьакхалуш мел дерг шена Iамо гIерташ.

Суна хетарехь, иштта и цхьаъ хилла ца Iара. Ойла йича, долучунна бIостанехьа хиларца тIех тамашийна парадокс йара иза: хийла чкъор Даймахка цIадирзинчул тIаьхьа, кхузахь, цIахь, йуха а йесалле кхочура, доцца аьлча, вай дохор, цIадирзича а, чекхдолуш дацара. Амма интеллигенци кхиар сацо гIерташ хIилла дукха мел лелий а, хьостанашка, орамашка кхийдар совдолура къоман. Цундела дуккхачарна шаьш шайна карор вуно халачу хьелашкахь хуьлура. Деха хIунда дуьйцу, Шайх Мансуран цIе а «шабар-шибарехь» йоккхуш хилла хилча.

Со хIетахь Н-ГIПУ-н историн факультетехь заочно доьшуш вара. Хетарехь, оцу шеран Iай, Шамсудди вовзале, суна Н-ГIПУ-н хIорги чохь дуьххьара гира «Пхьармат» цIе йолу пенагазета. Гуш ма-хиллара, иза poгlepa номер йара. Массанхьа моттаргIанаш лелош, сонтайаьллачу цу заманчохь бакъдерг, шайна хетарг ма-дарра схьааларца, керла ойланаш хиларца студентийн, хьехархойн тидам тIебохуьйтура цо. Оцу хенахь университетехь дуьйцуш дара «Пхьармат» цIе йолуш литературни цхьаьнакхетаралла вовшахтоьхна, семинараш дIахьош, къоман культурин проблемаш хьалхахIитточу кегийрхоша. Ала деза, суна а, хетарехь, иштта кхечарна а оцу харцдерг дуьйцучу муьрехь цIена хIаваъ чуозар санна дара и – «Пхьармат» йуйла хаар. Цунах ма-дарра Шамсуддис дийцира суна.

Цунна бевзаш хиллера оцу ша-шеха кхоллайеллачу клубехь болчех цхьаберш. Цул сов, университетан йукъараIойлехь нохчийн фольклорера схьаэцна цхьа сурт дуьллуш а вара и. ТIаьхьо, аьхке тIекхочуш йа аьхка делахь а, студенташ каникулашка бахча, тхо хилира цу чохь. Вуно хаза диллина сурт гира суна пена тIехь. Халахеташ делахь а, чекхдаккхаза дисира и. Мел хIуъа аьлча а, дегайовхонийн хан йара и. Дегайовхонан дерриге а хьалха ду, хетарехь, цундела хир йу-кха и дика а……………………………………………………

ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№3.2025)

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.