ГАУ «Издательский дом»

ИСАБАЕВА Медина. Ненан хьехам

ЙоI марехь йолу масех бутт бара. ТIаьхьарчу хенахь, ша децIа йеача, да цIахь ца каравой, самукъа ца хуьлура хIара.
«Колхида» машенахь балхахь волу да, цхьацца гIирс, кир-мохь оьций, кхечу гIаланашка воьдуш-вогIуш, масех де долура.

ЙоIа шен дена сагатдора. Дена йоI а йара хьоме. Шен ненах, Аружех, тера йу олура иза дас. Йуьхь-сибат, йелакъажар: «Тапп Аружа йу!» – олура дас, шен ненан цIе а йоккхуш.


ЙоIана-м ца гинера шен денана, йоI дуьнен чу йалале Сибрехахь дIакхелхинера иза. Тахана самукъадаьллера йоьIан, кертахь шен ден аз а хезна. Схьагучуваьллачу шен дена дуьхьалхьаьдира йоI, хьалха санна куьйгаш даржийна, маракхеташ шен дена.


– Гугала, хьо йеана вайга? ХIун ду цигахь? Хатта мел везарг могуш Iай? – олуш, йоIах дIавоьрзуш санна, дехьа чу велира, йоьIан нене дIахьаьжна.


– Схьайолахьа, охьахаахьа, со шун дена чай а делла схьайогIу хьуна, – элира нанас. – Казахаша санна, ша хIума кхаллале чай молуш Iедал ма дай шун ден, – аьлла, йела а луш, нанас сихха дена чай даьхьира.


Шен нене вистхуьлуш, ден аз оьгIазе, нана бехказайуьйлуш санна, лохо-о йистхуьлуш хийтира йоIана. Цаьршиннан къамел ма-дарра ца къаьстара кхунна. Чохь керла хIун ду, ша йоцуш, хIун эцна, хIун дина хьоьжуш, йолайелира иза чухула. Бакъду, ша цхьана хIуманна тIаьхьа ца кхуьуш санна, хетара йоIана.


– Нана, – элира цо, чуйеанчу нене, ларамза цхьа дала цадезарг даьллера-те соьгара? – Суна хьалха санна ма ца хийтира тахана сан да. Со шена мараиккхича, башха тергал ца йеш, вистхилла, чу ма вахара иза.


– ЛадогIал соьга, хьо дукхайахарг, – элира нанас, йоIана уллехь охьахууш. – Хьоьгара хIумма а ца даьлла, сан бехк бу берриге, хьуна шен хенахь хьехам цабарна.


ЙоI маре йоьду, децIа йогIу, захалош вовшийн дика-вуоне боьлху. Уьш дуьненан хIуманаш ду. Кхин цхьа хIума ду хаа дезаш: доьзалхочух йолуш, хIинца санна, йоI децIа йеача дена, воккхахволчу вешина, девешина къайлайолуш хила йеза, тIехь шуьйра, паргIат коч хила йеза, – бохуш, шен йоIана хьехам бора нанас, цуьнан белшах куьг хьоькхуш……………………………………………………………………………….


ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№2.2025)

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.