ГАУ «Издательский дом»

Идигова Жанна. Стихаш

Замане

Со ахьа дицдина илли ду
Хьан иэсан белшаш тIехь тхьевсина,
Масачу мехаша техкийна,
Къоьжачу тархаша лардина,
Малх гIоттуш, малх бузуш аналлехь
Азаллин мукъамех дIаийна,
Со ахьа дицдина илли ду,
Хьан иэсан белшаш тIехь тхьевсина.

Со ахьа дIатесна ков-керт ду,
Хийла хьан гIан-набарш Iадийна,
Iуьйкъенан шелоно дахьийна,
Седанан къадаро тедина,
Доь доцуш дан амал дацарна
Ширачу бIаьвнашка дирзина,
Со ахьа дIатесна ков-керт ду,
Хийла хьан гIан-набарш Iадийна.

Со хьоьца ирс лехна кхокха бу,
Дуккхаза хьан коре хийшина,
Хьан бIаьргийн хиероно кьахкийна,
Гуьйренан ткъевнехь цхьа бисина,
Делахь а, дахаран кху чиллахь
Безаман суй дагца ларбина,
Со хьоьца ирс лоьху кхокха бу,
Дуккхаза хьан коре хийшина.

Нана

Ас хьуна гатдечу сина
Девзина гаттонан гураш.
ХIоразза цара дог къуьйлуш,
Ма хала ду лела, Нана

Ас хьоьца йаьккхинчу хенахь
Мийлина аьхналлин чемаш,
Тахана царах а хьоьгуш,
Ма хала ду йаха, Нана.

Хьан бIаьргийн нур даьгна даьлла,
Кхоларшлахь малх къайлабаьлла,
IиндагIаш дахделчахьана,
Йовхо ца хаало, Нана.

Дика дош

Деза ду адамна, деза ду,
Дика дош гуттар а деза ду,
Оьшуш ду адамна, оьшуш ду
Дика дош алар а, оьшуш ду.

Лохур ду адамо, лохур ду
Дика дош, диллина, лохур ду,
Хезар ду адамна, хезар ду
Дика дош, хийла а хезар ду.

Кхерстар ду дегнашца,
кхерстар ду,
Дика дош, суй хилла, кхерстар ду.
Даьржар ду дегнашца, даьржар ду,
Дарбане цIе хилла даьржар ду.

Башор бу дегнашца, башор бу,
ХьагI-гамо, цабезам башор бу.
ЧIагIйийр йу дегнаш чохь, чIагIйийр йу
Барт-уьйраш, марзо а чIагIйийр йу.

Кхуьур бу кIентий а, кхуьур бу,
Махкана тешаме кхуьур бу.
Лардийр ду кIенташа, лардийр ду,
Дика дош, ца дойтуш, лардийр ду.

…Лелар ду дика дош, лелар ду,
Адмашлахь, сий ца довш, лелар ду.
Дехар ду дика дош, дехар ду,
Машаран хан хилла лаьттар ду.

Орга №4. 2023

1 comment

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.