Цхьана хазачу, довхачу дийнахь, массо а шайн гIуллакхашна сихвеллачу хенахь, йуькъачех а йуькъачу хьуьнхахь тамашийна мохь-цIогIа делира, цул тIаьхьа хезира тийжамаш а. Йерриге акхарой севццера, Iадийча санна: «ХIун хили-теша хIинца? Хьанна? Зулам, лазам? Таллархо?» – аьлла.
ДIахьаьвдира, хаа, ган, гIо оьшучунна гIо дан, мохь хезначу метте. Цигахь, дитта буьххье а хиъна, карийра маймал-бехкамча. ТIейуьйхина коч а йара, коча тесна туьтеш дара. Йух-йуха а, саца ца кхеташ, доьлхура иза, даккхийра бIаьрхиш Iенош.
Цуьнга дуьххьара хаьттира майрачу Iаьржачу барзо: «ХIай мокха маймал, ахь хIун до? Доьлхуш, тийжаш, йекош хьун, ахь Iадийна тхо».
–Вай, сох кхетар дуй-те шу? – дуьхьалдистхилира маймал. –Диттийн генаша талхийна сан тIодаш, муьстачу стоьмаша къахьдина сан лаг, декачу олхазарша къардина сан лергаш. КIордийна суна хIара чаьмза хьун! Акхаройн дахар кхин ца деза суна!
ДIо схьагуш йолчу йуьрта а дахна, – генайоцчу йуьрта пIелг хьажийра, – тIулгийн леккха цIа а доьгIна, со а лууш ду сайна даха, адам санна. Амма лаам кхочушбан дац-кха кисанахь горга сом!
–Вай, хIай маймал, телхина хьо?! – дарделла, элира цIоькъалоьмо.
–Маймал, ахь дуьйцург нийса дац! – элира дикачу пийло. Жайрано дийцира дехха. ТIаьххьара элира хьозано: «Дуьне кхуллуш биллина барам, доза хIоттийна адамашна а, вайна а йуккъехь, хIоранна а делла шен-шен аз, бос, амат, дахар. Ахь лелайарх адамийн бедарш, мотт Iамийча а церан, цкъеллиг цкъа а…
Дикка ладогIалахь соьга! Цкъеллиг цкъа а хир дац экханах адам!» Маймал, пхьид санна, кхоссаделира: «Сан сибаташ адамийчух тера ма ду, церан санна, когаш, куьйгаш ду». Йуха а хьозано дийцира, кхето лууш маймал: «Сибато ца хуьйцу кийра а, хьуна чохь долу маймалан са а! Хьекъал, хьекъал тIеоьшу!»
Акхарой резахилира хьозано далийначу масална. Амма маймал къарлуш дацара йа дуьйцучух кхета лууш дацара. Массарна а оьгIаздахна, дитта тIера охьа а оьккхуш, акхарошна муьшканаш йира цо. ТIаккха цара эккхийра иза хазачу хьуьнхара.
Йуьртахь а тIе ца оьцуш, наха маймал лоьхкура хьуьнха. Хьуьнхарчу акхароша а лоьхкура иза йуха йуьрта. Иштта дехха лелла маймал – акхарошна йуккъехь экха а доцуш, адамашна – адам а доцуш.
Стела1ад №3.2024