ГАУ «Издательский дом»

БЕКСУЛТАНОВ Муса. Терза

Стигалх бохь хьекхалуш хиларх а, къонахчо зудчух зуда йийр йу бохург бакъ-м ца хиллера, ма бакъ ца хиллера-кх иза…
Оцу Дала ша ца нисйича, нислуш ца хиллера-кх дика зуда, ахь итт йалорах йа бIе йитарх, дера ца хиллера!
«Со велча нахала йер йу-кх хьо, хьенех, йевзар йу-кх хьо нахана, – олура кхуьнан дас, – хIокху берех мостагIий хиларна кхоьруш дIакхийхьи-кх ас хьо, йа цунах а ца кхийтир-кх хьо, хьуо къона къанлуш», – олий.


Нанас цхьацца «бур-бур» дора дуьхьал, кад-пхьегIаш а кегош.
Хьуна чIогIа ца дезалора дас нене иштта олуш. Хьо жима вара. Хьо кхеташ ца хиллера. ХIаъ, хьо кхеташ ца хиллера, хьуна иза нана хиларх, хьан дена иза зуда йуйла, цунна кхача а кечбеш, мода-хIума а йуьттуш, хьаша-да тIе а оьцуш, бераш а деш цунна.


Дена дикох хууш хиллера-кх шен зудчун хьал, иза мел йу а, мел йац а, тахана хьуна хьайн зудчух дерг санна.
Дас баьхначух кхета цуьнан когаметта хIотта везаш хилла-кх, йа цуьнан хене верза, йа цуьнга кхаьчна долу дакъа кхача кху дуьненчохь!


Ша цхьацца хьаша-да а валош цIа веъча, цуьнан велар, цо беш хилла бегаш, хьешана хан йацйалийта гIерташ цо лелийначу хIилланех тIаьхьуо кхийтира хьо, кхийтира, хьан а изза лелон дезча, айхьа хIун леладо хьуна хьайна бен хаа а ца хууш.


Хала хиллера-кх, мостагIчо йинчу кIелонна тIевоьдуш санна, хьо йуьхьIаьржахIуттур йа йуьхькIай чекхвер ца хууш, хьуо вехачу хIусаме хьаша-да эцна ваха, йуха иза де-буьйса а даьккхина новкъа валлалц хьайн цIенний, цу хьешаний йуккъе а хIоьттина, гIарол хилла латта, тоьпан салт санна.


ТIаккха, хьаша дIавахча, зудчуьнца къамел дан уггар хала хиллера. Дича а, ца дича а пайда боцийла хуъушехь.
Ахь гуттар а, вехха Iан а Iай, паднара тIе дIаса а керчий, цхьа масех сахьт а долуьйтий, доладора цуьнца хабар, чIогIа а ца дуьйцуш, меллаша, цхьацца масалш а далош: «Хьенех, ма эхь дара хьуна иза. Дала ма ваккха хьан мостагI, дуй, ишта хIунда йу хьо… Дикчу ден йоI ма йара хьо, дикчу ден йоI! Стеннах а хуьлу моьтту хьуна хьешана кхача…» – бохуш.
«Сан да виталахь, вола а ца веш. Сан дений, нанний ала хьан хIун дара!» – уггар а хьуна дагахь доцург, хьан къамелна аьттехьа а доцург тухур дара дуьхьал, хьан йерриг а ойла йохош, къамел а хадош дерриг а.


ТIаккха и йевзачу хьан кхин ала хIумма а ца хуьлура, IаддаIар бен, геннара цуьнга дIа а хьоьжуш, цуьнан ойла а йеш.
Цо ахь мел дуьйцург шен дений, нанний тIедуьгура, хьо царна цхьаъ ала гIерташ ву олий, йухамаччахьара доккхура дерриг а, харцахьа йоккху бедар санна.


Хьо кхин тIе а дийца волавелча, шен цу харцонца дIа арайолура чуьра, пхьоьхана даржадора, йуьртана хозуьйтура:
«Со хIунда йу вон зуда! Со вон зуда йац хьуна! Хьо айхьа дан дезарг деш Iаш ву? ДIога охьайоьжна керт Iуьллу хьуна. ХьалахIоттайе! Божал чуьра Iокъий хIунда ца нисдо ахь, сан ший а пхьарс лозу, цу йуккъе гам хьекхна… Айхьа дан дезарг ма ца го хьуна цкъа а!»


Iокъий цу буса дохийна хуьлура мукъайаьллачу старгIано, керт тойича а, йа ца йича а, кхин маьIне а дацара оцу сохьтехь, хIинца а ахаза кха а хилча.
Иштта дIа дуьйцур-кх шен бага деънарг, уьш ца хилча, кхин а карадора шортта, неро дIакхеххьал. Цхьа а дуьхьал даккха хIума доцуш ша йисча, «гIагI» олий, йоьлхура, ша Iийр йац, ша цIа гIур йу кхузара, ша хоуьйтур ду хьуна, ша мила йу, ша нах боцуш йу-м ца моьтту хьуна бохуш.


Иза уггар хьуна цадезарг хуьлура. Цунна шера хаьара, хьуна иза ца дезийла, цо бен хьан ка ца йохайойла а. Хьо зудчуьнца кIезгаллаш йуьйцург хуьлура тIаккха, зудчуьнца цаца къуьйсург, котамо лехьон хIуьмалгаш санна, цунна тIаьхьа а ваьлла, цуьнан гIалаташ лехьош верг. Иштта лер-алар даьллачу цхьана-шина дийнахь жимма дIагIоьртара иза, чохь цIано а йеш, хьан бедар-хIума а йуьттуш, дакъош йаха санна, керта тIетесначу палсех гIаж а йетташ. Бакъду, цкъа а хьоьга хIума йаа хьайна ца олура, эцца охьа а хIоттайой, арайолура чуьра, йа тар тесна хиларх, хьо хьала а ца хьавора цкъа а.
Йуург ца ло ахь, зуда, хьо мичахь йу аьлла, шега мохь тоьхча: «Эцца стоьла тIехь лаьтта хьуна, йаа. Ас дIаохьа йезаш-м вац хьо!» – хазадора арара чу.


Йуха иза а дIадолура кхо-диъ де даьлча, шен хьалхалеррачу таьк тIе охьайоьдура, вогIу-воьду стаг кхаьччий бен цIенкъа боршам хьакха а ца хIуттуш.
«Хьекъал дац хьан, хьенех, хьекъал», – ала лаьара цуьнга цкъацкъа, гуттар а са карзахдаьлча. Ца олура, хIуъа аьлча а, иза кхетар йоцийла хууш. Наха-м Iехош а лелабора зударий, церан дерг а, доцург а ду а моттуьйтуш. Хьоьга иза а ца далора. Хьуна ца лаьара иза дан. Хьуна зуда ша кхетийла лаьара, цунна шена гойла дерриг а.


Ма йоккха паргIато хуьлура хьуна, иза ден цIа йахна а йолуш, хьуо волчу хьаша веъча! «И Iовдал цIахь йелахьара иштта хир дацара, хьенех, вайшиннан гIуллакхаш, дуй», – бохуш, йукъ-кара, ларамза санна, зуда а хастош (ахь цкъа а хIокху кхузткъе шийтта шарахь цхьа а вон хIума ара ца даьккхинера цуьнан), ши пхьарс гоьллелц хьала а хьокхий, йуург кечйан волалора хьо, боккха йай буззуш жижиг кхе а уллий. Лула-кулара зуда ахь цкъа а ца кхойкхура хьешан гIуллакх дан – хьо кхоьрура хьайн зудчун чоь царна йовзарна, йуха цара иза даржорна йуьрта йуккъе.
Хьуна иза ца дезара йа, ма дарра аьлча, лан а лур дацара хьайн зуда наха волла йийцича.


«ТIехь беркъа волу къонах нехан нус йу» аьлла, бохуш хезнера хьуна Котар-йуьртахь ваьхначу БаIдуллин Iабдуллас. Зуда ледара йолу къонах а хиллер-кх нахана йуккъехь шена ма хетта дош дийца йиш йоцуш, даима мотт кхобу нус.
Бакъду, къонахчун сий-м ца довра зуда вон хиларх, хIетте а цхьа агIо айпе болуш санна, хьахавора-кх хьо наха:
«Хьенехан къа дара иштта зуда хила, хьенех санна волчу къонахчун зуда дика хила йезар-кх», – олий.
Иза а хьанна оьшура, «хьенехан къа дара» боху, къахета-аш долу хастор а.


Зудчо стагах къонах во, къонах верг воха а во боху дешнаш ма лергах ца хьакхалора хьуна цхьана хенахь!
«Зудчо муха во къонах, – велалора хьо, – йа къонах верг воха а муха во, зуда – зуда ма йу, ахь тоьхнарг доза долуш, ахь баьстинарг бен некъ боцуш хьан хIусамера дIа! Дино веш ма вац бере, беречо шена ма хетта Iамош ма бу и дин, йа хахка, йа хьовзон, йа вотанца хелхабаха!»


ХIан-хIа, дине хьаьжжина бен хуьлуш ца хиллера-кх бере а, нийсса ах куц дино деш хиллера беречун. Массо а дин ца хиллера-кх Iемаш а, йа Iамалуш а.
Дой а тайп-тайпана нислуш хиллера-кх, цхьа берг – ког тасалуш, важа – урхана онда, ткъа кхозлагIа берг – йайн йинчу уьшарх сица кхуьуш, некъан бохалла бергийн вотанца йацйеш.


Цхьаццаволу бере-м боккъал а верриг а дино веш а хиллера кху дуьненчохь, кхуьнан цIархо волу Залиматан Мочакъа санна.
Халидан Мочакъа аьлча, цхьанна а ца вевзара иза кху ламанца. Шен ненан цIарах – Залиматан Мочакъа аьлла, цIе йаьккхича, массарна а вевзара.
КIентий а дика кхиира Мочакъин (нана – Залимат – чIогIа хилар бахьна долуш), хIинца Мочакъин Iелий, Мочакъин Iусман аьлла, дийна волуш стагана вевзаш ца хиллачу шайн ден мисканан цIе махкана а йовзуьйтуш дIабаха…………………………………………………..


ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№3.2024)

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.