ГАУ «Издательский дом»

ХАЛИКОВА Ася. «Са паргIатдалар Ахь хилийта дуьненах къастар…»


Сатийсамна тIаьхьауьдуш,
Цхьа хан йогIу,
Баккъал мел дерг новкъа хуьлуш,
Эрна долчух возуш,
Цхьа хан хуьлу-кх,
Аьлча а, дегIо са эшадахь,
хуьлу-кх…

Къинойн борза тIе а хуий,
Сатийсамах цIе а хуьлий,
Ша шен даго бекхам оьцуш,
Дохковалар шеца долуш,
Цхьа хан хуьлу-кх,
Аьлча а, дохковалар дагца хилахь,
хуьлу-кх…

Сатийсамаш тIаьхьахIуьттий,
ДегI шен синна тIаьхьахIуттий,
Эхарте хьо новкъаволуш,
Яккха йисна хан ца лоруш,
Цхьа хан хуьлу-кх,
Аьлча а, дохковалар къобалхилахь
хуьлу-кх…

  1. 2016.

Цхьана нахах тIех а долий,
Цхьана нахе кхочу и…
И цхьа нах цуо дакъазбохий,
Ткъа кхин берш цуо декъалби.

Кху дуьнененан Iаьржа талу,
Кху дуьненан сирла ирс,
Цхьана нахах тIех а долий,
Кхечу нахе кхочу и.

Кху дахаран хьера ю хьийзаш,
Даим цхьанаэшшарехь,
Ткъа адамаш юккъехь зийза,
Вовшел тола гIертарехь.

Лазамаша дегнаш этIош,
Синхьаамо тоьгуш уьш,
Вовшех кхеттал синтем боцуш,
Хьеро вай ма хьереди.

Хьоьгахь мел дерг хуьлуш
хилла-кх,
Цхьана нахехь хилла дерг…
Къовлуш, достуш, дерзал хилла-кх
Хиндерг – хьоьха дуьсу дерг…

Цхьана нахах тIех а довлий,
Кху дуьненчу догIу вай,
Цхьана дийнахь юьстахдовлий,
Дерриг хуьлу дисна вайх…

  1. 10.2016.

67 комментариев

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.