ГАУ «Издательский дом»

Гехаева Зулай. Акказийн хьожа

Аккази кIел гулло бераш. Мелла а воккхачо ша тIекхаьчна га охьаозадо. Бераша, ло санна кIайн зазанаш тIехь долу цхьацца-шишша кенаш доху. Зазанаш схьа а дохуш, багахь Iуьйшу, мутта даллалц. КетIа йаьллачу нанас мохь туху: «Зингат ду-дац хьовсалаш!» – олий. ХIетахь хIор а керта уллехь гора и хаза, цIена, дуткъа ирхдахна дитт. ХIинца и наггахь бен ца го, йа цу кIел даьхкина, заза дууш бераш а дац.
Суьйранна доьзал чуберзо, йуург кечйеш, пеша гонаха хьийзаш йу зуда. Сарралц хьаьжкIашна асар дина, цIабаьхкина хIорш. Ков-кертахь гIо деш ву ши кIант: котамийн бун дIакъовлуш, говрашна хьалха цIов буьллуш. Цициган кIорнеша шайна йоьттина шура муха молу хьоьжуш, царна тIе куьг хьоькхуш, хиъна Iаш жиманиг а ву.
Садовш, догIа деанера, урам-некъахь гIеххьа хатт а боккхуш. «ХьаьжкIашна ма оьшуш дара хьо!» – дагатосу зудчунна.
Оццу хенахь уьйтIахула рагIу кIел вогIу ши жима стаг: марваший, цуьнан накъосттий. Ведда варна, вехьаш, и шиъ гой, шекйолу зуда.
– ХIун хилла? – доцца хотту цо.
– Мамина лазар деана!
Бода боьлла. Ша гуш цхьа а воций хууш, йедда йоьду зуда. Цунна хаьа, цIахь хIумма а ледара дуьсур доций. Воккхахволчо шел кегийчаьрга хIума йоуьйтур йу, уьш дIабуьйшуьйтур бу, нана цIайаллалц, наб ца кхеташ, Iийр ву, шен денанна сагатдеш.
Дикка генайаьлча, йухахьожу иза. Ши кIант дуккха тIаьхьависна. «Сол дуккха жима ма вара шуьшиъ, тIаьхьакхиийша!» – дагахь, болар лахдой, собар до зудчо. «ХIа-а, хIара дара иза? Сан когахь кIархаш бу, кхаьршиннан, когашIуьйра волуш, хотталахь когаш шерша».
Йистхила де доцуш, хьацаро, тIе хи доьттича санна, йерриг йашийна, карайо марнана. Дог Iаьвжа. Хьаьж тIе, пхьаьрса тIе куьг хьоькху. «Зарема-а!» – халла хеза бIаьргаш белла гIора доцуш Iуьллучун аз. ХIун дан деза? Мичара йер йу Зарема? И йоцу кхо бутт а ма бу! И кхуьнан цхьаъ бен ца хилла йолу хьоме йоI! Дависа, хьо дуьненан! «Нахана а хуьлу – вайна а хили-кх», – элира йоI йийний хиъча, дас. Дера хуьлура. ТIом болабеллачу оцу кхаа баттахь дуккханна а хилира. Цу дийнахь, цу ирчачу дийнахь а вийра кхоъ, танканаша йуьрта йаккхий тоьпаш а тоьхна.
Ткъа хIинца, ша лазаро хьовзийча, нана цуьнга кхойкху, цо цуьнан аьхначу куьйге сатуьйсу, цо шена гIоли йийр йарий хаьа – иза шена хуьлийла доций а! Делахь а цо йуха а, йуха а шабаршца кхойкху шен йоIе, дуьненахь уггар а шена хьоме хиллачу, шен сих даьллачу, къизачу тIамо шех даьккхинчу сине!
Даго сагатдо-м маситта шо а дара. Дарбанна оьшург чохь карийра. Маха тоха хуург вацара. Цхьаьнга-шинга дехар дича, токан серло йоцуш, пхенах маха тоха ша-ша йаьхьар йац, аьлла, схьаваийтира кхайкха вахнарг. Сахиллалц муха йуьтур йу, оццул чIогIачу лазарша а хьийзош? ХIинца хIун дан деза? Лоьраш-м кхин а бу йуьртахь. Цара а изза эр ду-кх.
УьйтIахь ладоьгIуш Iачу кегийрхойх цхьамма: «Асете аьллий аша? Иза Iийр йац, ца йогIуш», – аьлла, дегайовхо кхоьллира.
Асет-м генахь Iаш йац. Делан къинхетам боккха бара-кх, йогIур йацара-те иза мукъане а?
– Ахь хIун дуьйцу?! Со арайолу хьуна…
Мехкадаьттан ши чиркх тIехилийра. «БисмиллахIи-ррохьманирроххьийм», – аьлла, маха туьйхира. «Хьо хIинцца дIахоьцур йу хьуна, хаза гIоли а хилла», – Асетан кIедачу, эсалчу озо а дийр дара дарба.
Дукха ца Iаш, гIоли хилира. «Вайна хан йаьлла, цIакхетайейша Асет. Хьалха Дела, шолгIа хьо бахьана долуш, со хIинца паргIат йу. Хьуо хьийзорна, къинтIерайалалахь. Дела реза хуьлда хьуна!» – шега аьлча, Iодика а йина, Дала маршалла дойла хьуна, аьлла, арайелира Асет.
Иза цIа йигна, йухайогIу зуда сапаргIат йара: Асет орцахйаларна, марнана гIолехь йу, лазар лагIдели. Далла бу хастам дика адамаш дуккха кхоьллинчу! Дала аьтто бе хьан, Асет! Адамашна гIо дан лаам, дог-ойла дIа ма йолийла хьан!
Буьйса йукъал тIехйаьллера. Йурт, Iалам а дIадижна, зевне тийналла йара хIаваэхь. Хин йисте кхаьчча, цхьана тамашеначу синхаамо сацийра зуда. И хIун ду кхетта йалале, дуьхьалхIоьттира га охьаийзош воллу ваша, ло санна кIайчу зазанийн кенаш; «Зингат ду-дац хьовсалаш!» – ненан аз, аьхна-кIеда акказийн хьожа. И, и хьожа йара гонаха йаьржинарг, бераллера, бераллин, дуьненан къизаллаш йовзазчу ирсечу хенан.
ТIаккха, ларамза и синхаам хьаьрчира Асетах. Масане сан нийсархо хир ву, бераллера акказеш карлайуьйлуш, цу хене сатуьйсуш, кху дуьненчохь дIалелаш! Масане адамна, шен ницкъ ца кхоош, дегазло а йоцуш, дика гIуллакх ди Асета шен лоьраллин говзаллица а, дозадоцчу догдикаллица а! Иза а йехар йу йуртахойн эсехь, хазачу дешнашца хьехош, Дела реза хуьлийла цунна, олуш, шайний, шайний цо бина дика болх буьйцуш. Йалх эвлайаъ виначу, ваьхначу кху йуьртахь йеха Асет а, и санна болу дика нах а бахьанехь лерамца цIе йаккха а йоккху, йоккхур а йу хIокху БердкIела йуьртан.
Га охьаийзош воллу ваша; ло санна кIайн заза дууш, самукъадаьлла бераш; «Зингат ду-дац хьовсалаш!» – ненан аз, аьхна-кIеда-мерза акказин хьожа…

Орга №4. 2023

149 комментариев

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.