ГАУ «Издательский дом»

ГАЙТУКАЕВА Бана. Стихаш

Со йинчу дийнахь…

Со йинчу дийнахь…
Марчонна йуьхьигаш
Тега дIадолало Iалам.
Со йинчу дийнахь
Делха дIадолало
тезетахь дахар.
Со а йоьлху цуьнца,
Со йинчу дийнахь
Мел бала барз боцуш
беллачу нехан къа
Сан синна тIедуьжу,
Со йинчу дийнахь…
КъинтIерадовлалаш,
доттагIий.
Со тойнехь шайца цаIарна,
Со йинчу дийно,
Дуьнен чу а далаза
Хьийзинчу сан синан мохь
Сан лере кхоьхьу,
Со йинчу дийнахь…
Йина де сан дан а дац,
Сан са а дIадоьду.
Дуьнен чу а далале лазийначу
Сан синан йина де хуьлу?
Со йинчу дийнахь…
Той дицдой, миска са
ДIадоьду ГIум-Азе делха…
Со йинчу дийнахь…
Йина де-м сан дан а дац,
Амма ду –
дуьнен чу далаза
Са дийна де…

    ***

Къинхетам…
Къинхетам оьшур-кха вайна:
Вовшашка дистхила,
Вовшашца йахь хила,
Къинхетам оьшур-кха
Вовшашка хьовса,
Довха дош ала,
ХӀун хилла вайна, адамаш,
Мичара йаьлла и къизалла,
Вовшашца гамделла
Дуьхь-дуьхьал хӀитта,
Вовшийн йуьхь йаха,
Вовшашлахь цӀе лахйеш,
ШолгӀачуьн эхь дайна,
Цу иэхьан докъана тӀера
Марчо а этӀийна,
Шен сина там бина,
Ишттачу рицкъанах доьзалаш
Кхиабеш ваххал?..

    ***

КогашӀуьйра, мох дегӀах чекхбуьйлуш,
Лахьош ардаш тӀеpa буьртигаш,
Къиэйеллачу бежанан жижигаш даа а
Резахилла, шайх ца хила лай.
Бераш тедан, йе чохь тӀулгаш кхехкош,
«Кеста худар дер ду, – бохуш, – схьа»,
Нохчийн зудчо шен йахь дӀа ца йелла,
И къежйелла, бала даг чохь ловш.
Сийна Сибрех, Хонкаран и латта,
Хьан лаам, ницкъ хьаьнга хьашалур?
ТӀемаш кегдеш, лаьтта доьжча Леча,
Уггар хьалха стигла хьоьжуш гур.
Сан Нохчийчоь, ахь ца ловш хӀун дисна,
Чов хиланза меже йуй-техьа хьан?
Бух боцу хӀорд хьан каш хила лиънарш,
ГӀийла бисна – бахна халкъан дуй.
Ахь вон лайна, дикане сатуьйсуш,
Сан Нохчийчоь, ахь халонаш хьегна,
Вон лайна, дикане туьйсуш са.
ТӀеман кӀуьрлахь малх хилар ца дицдеш,
Кураллех ца даьлла шу цкъа а.
Чов замано йерзайо, ду олуш,
Муо ца буьсуш и йоьрзий-те дӀа?
Сан Нохчийчоь, хьан лазамийн моьнаш,
Делара сан даг тIехь ша дисна.

ГIаргIулийн илли

«И дешнаш лозу сан цӀийца».
Бисултанов А.

ГӀаргӀулийн илли, гӀаргӀулийн илли.
ЦӀаьххьана гIелло-кх со,
Хьан мукъам схьахезча,
И лере кхаьчча.
Сан сица лозу и илли,
Сан дагца боьлху и мукъам.
Къонахчо Ӏожалла
Йа Даймохк къасточу дийнахь,
Нохчийчоь, шена а кхаж баьлча,
Хьан эхь-бехк лардан,
Мел болу шен лазам
Пондаран мерзашка кховдош,
ТӀаьххьара хьан кевнах
Цу дийнахь ша араволуш,
Сан дедас аьллачу иллех хьо
Тарло-кха суна,
ГIаргулийн илли, гӀаргӀулийн илли,
Сан сица боьлху хьан мукъам…

    ***

Ницкъ хилча…
Маржа-йаI, ницкъ хилча, дуьнен чохь мел йолу гIайгIа
Сайн даг чу йерзийна, адамаш цу балех даха.
Сайн дакъа луш царна,
Ирс доькъуш цхьатерра,
Ма ховшор бара уьш
Лаьтта тIехь исбаьхьа баха.
Маржа-йаI, ницкъ хилча,
Йоьлху йоI, дахаро човхийна, дайна ирс йуха луш,
безам луш дог дуьзна цунна.
Ма хаор йар-кха ас виэзачу кIантаца и йаха,
Кхолламан седане дахарехь хьежийта йекхна.
Маржа-йаI, ницкъ хилча, доьзало ирс хьешна нана,
Малхал а довха дош эр дара, дог хьостуш, цуьнга.
Оьзда йоI, йахь йолу кIант цунна лур вара тIаккха,
Дуьнен чохь мел волчу стагал а ирсе йеш иза!..

БIаьргашна бIаьрзе хила…

БIаьргашна бIаьрзе хилий, йаха боху соьга!
Лергашна къора хилий, лела боху соьга!
Маттана догIа туоха Iама боху соьга!
Ас шуна бакъдерг доьху дела, со галйаьлла боху соьга!
Йелхаран метта соьга, тахана йела боху!
Йеларан метта соьга, тахана йелха боху!
Лайн амалш йолу нах элий лара боху,
Дела воцу мунепикъаш соь къобалбе боху!
БIешерийн мур бу боху, иштта чолхе хIуттуш.
Керла пачхьалкх кхуллу боху, маьрша синош дойуш.
КIант шен дена дуьхьалхIоттар – гIиллакхе ду боху.
Вашас ваша цIийла карчор – гIазот хуьлу боху.
БIаьргашна бIаьрзе хилла лела ца ло, лела!
Лергашна къора хилла, йаха ца ло, йаха!
Когах хьерча къинойн маша, цо галдоху болар,
Сан Нохчийчоь, мичхьа ду-те хьан лазамийн доза?
Со хьан Iуьйре лаха йоллу, дуьтуш пелхьойн ловзар,
Со хьан суьйре лаха йоллу, бицбеш хилла хьовзам.
Со дIайоьду лаха, делахь, хьан лазамийн доза,
ЦIийлахь Iуьллу сан кортали соьга хьоьжу, доьхна…

1993 шо

Орга №1. 2022

Оставить комментарий

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.