ГАУ «Издательский дом»

ЭЛЬДИН Микаил. Соь цхьалла безамах хийца ма алахьа….


Алахьа, бехк буй сан ойланах воьхча,
Iийжаме-мерза дIовш ахь дагах тоьхча?
Дика дин галболу-кх бехачу новкъахь,
Аьрхачу беречо бохийча шовкъах.

Алахьа, бехк буй сан, ткъа, велавелча,
Бовзанза сатийсам ахь сайна белча?
БIаьстенца, баIанан кIохцалш а даьгна,
Ховхачу зезагийн хазаллех хьаьгна.

Бехк буй ткъа сан бIаьргийн алунах даьгча,
Акхачу дагана – безамах хьаьгча?
Дохк-марха коьрта тIе язъелча хийла,
БIаьстенга сатуьйсу Баш-ломо гIийла.

Алахьа, бехк буй сан гIайгIане хилча,
Хазчу хьан бIаьргаш чохь са тилла хилча?
Дилхина маршонах даьккхина леча,
Хиъча шен Iожалла йоцийла речIа.


Вай вовшех къаьстар ду, вовшашна доьлуш,
Юха а гур хиларх дегнаш а тешна,
Ткъа дахар дIадоьду, Iожалла тулуш,
Къастаран къахьалло хийла дог хьешна.

Хьайн дайчу боларца дуьне а техкош,
ГIур ю хьо, лаамна архаш а туьйсуш,
Сайн цIийлахь алуно сайн дог а кхехкош,
ГIур ву со, сайн цхьалло безамца къуьйсуш.

Хьайн хазчу бIаьргеха хуур дац хьуна,
Йовзазчу гIайгIанах уьш дуьзна дуйла, –
Шен куьцах хаац-кха акхачу луна,
Iаламан хазаллин элаш а дуйла.

Вайн лазам, экханан угIар ца тилла,
Хьаьрчар бу эмалка дин-бокъан кхесах,
Хьан бIаьргаш, сан ирсан мохь-цIогIа хилла,
Дуьсур ду замано даIдинчу иэсехь.

Вайн дегнаш дохарх а дуьнено, хьийзаш,
Есаллехь дохур ду шен гуонаш тийна,
Ткъа хьуна хуур ду гIаргIулеш тийжаш,
Къастаран гIайгIа лан уьш Iеминийла.

Хьо гIур ю сирлачу шовданан вастехь, –
Шовда дIа мел эхарх, тIулг буьсу шийла.
Со иштта вуьсур ву гIайгIанан вастехь, –
Цхьалла ю, мел кура елахь а, гIийла.


Сан дагчохь хIун къайле лоьху ахь, алахьа?
Ткъа тIулге хIун безам боьху ахь, алахьа?
Эрна ду сан деган тIулг башо гIертахь, –
Мокхаззий, зезаггий хир дац-кха бертахь.

Хьайн деган аьхналлех ахь хIунда хьегаво?
Сан ойла озаца ахь хIунда Iехайо?
Шийла тIулг битахьа ша болччохь Iилла,
БIаьстенца яхалур яцар-кха чилла.

3 комментария

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.