ГАУ «Издательский дом»

Цхьогалан йиш

– Долахьа, цхьогал,
Долахьа, цхьогал,
Луларчу йуьрта.
Шовданан ирзехь
Бецан меаш
Лечкъо гIур
Дара вайша.

– ДогIур-м дара со,
ДогIур-м дара со,
КIайн куй болчу
Нохчийн кIанта
Хьесийн тIийриг
Туьссур йацахь,
Мажар-тоьпаца
Лоьллур дацахь,
Базаран туьканахь
Кхозур дацахь…

ДIайаздинарг
Атсаламов Идрис

Стела1ад №2. 2023

Оставить комментарий

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.