ГАУ «Издательский дом»

ЧОКАЕВ Кати. Хи а, хийист а

И ши дош шайх къаьсттина дийца хьакъ долуш, шайн къаьсттинчу даккхийчу маьIнийн дешнаш ду. Масала, хи (гIалгIайн хий, бацойн хи) шадаьккхина маьIна тида воьлча а (оьрсийн маттахь оха а, Н. Ямнольскис а и дина), цуьнан этимологин агIонах дукхе-дукха дийца дезаш сурт хIутту. Кхузахь, доцца аьлча, Iилмано бахарехь, Дала ша дуьне кхоьллина ваьлча, цу тIе хи хецна-кх. Ткъа дуьххьарлера садолу хIума цу чохь кхоьллина-кх. Цул тIаьхьа, миллионаш, йа миллиардаш шераш зама йаьлча, кхолладелла-кх тахана вайна гуш долу дийнатийн (садолу хIуманийн) дуьне, шайца адамаш а цхьаьна.

Цул сов, вайн дахар садолчу а, садоцчу а хIуманийн дахар, йа вуьшта аьлча, дийнатийн а, ораматийн а дахар а, Iалам а хих дозуш а ду. Оцу дерригенах а кхетта, хица болу ларам шайн динца нисбина бу-кх массо къаьмнаша, къаьсттана аьлча, керстнаша а, бусалбанаша а. Масала, керстанаш шаьш дуьххьара шайн дин тIеэцар, хи чохь луьйчуш, кхочушдина ду. Цул сов, хIор шеран йанварь беттан 7-чу «Крещение» олучу дийнахь изза дан дезаш бу, шаьш кхоччуш керстан динехь белахь. Адамийн цхьайолу цамгарш а, бусалбанаша а, керстанаша а, хи малош, дарба деш йу тахана а. ДегI а, тIейухург а, пхьегIа а, йуург а цIена лелор а ду хица доьзна, къаьсттина бусалба нехан. «ЦIано бусалбан динан бух бу», – чIагIдо бусалба дино. Ткъа иза хица доьзна ду. Кхузара ду, дуьне доладелчхьана а бохург санна, адам ша даха охьахууш, хийисте охьахууш хилар а, къаьсттина хинкоьрте (лакхене). Иза гуш ду, масала, дуьххьара йурт йуьллуш, адам хийист къастийна, совцуш хиларца а.


Цу дийцинчу хьашташца доьзна ду динехь (керста а, бусалба а) хи лардеш, кхоамбеш хилар.
Iесаллин заманахь хин шакъаьстина Дела а хилла – нохчийн Хи-Нана, Хи-Меха Нана. оьрс. русалка, тюрск. сув-апа – (су – вода, апа – мать) и. дI. кх. а. Хьовса, иштта Стигал-Нана – Мать Небес, ТIур-Нана – ТIулгийн Нана – Мать Камня, Лаьттан Нана – Мать Земли и. дI. кх. а.


Иштта хица болчу ларамах доьзна ду адамаша, масала, нохчаша, шайн дахарехь лелош долу цхьадолу гIиллакхаш. доьзал кхуллуш лелош долу цхьадолу гIуллакхаш хи тIера дIадолош, йуха уьш чекхдахар а хица доьзна хилар а.
Иштта, масала, вайнехан ламастехь кIант, йоI вовшахкхетар, дукха хьолахь, хийистехь дIадолош хилла. ТIаккха, той дIадирзича, нускал хитIа доккхуш хилар а ду хица ларам хиларца доьзна. Кхузахь, нускало йа хитIа цуьнца баьхкинчара, кIудал хих а йузий, хи чу леррина беттина хьокхам а тосий, цунна тIе топ тохар Хин-Ненера болу кхерам, хьагI йухатухуш деш долу гIуллакх хилла. Кхузахь кхин цхьа хIума а ду тидаме эца дезаш. Нускал хитIе эцна богIурш а, ша и нускал а тергалдеш, дикачу, цIеначу ойланца богIий, генара бIаьргтухуш баккхий нах а, зударий хуьлуш хилла…


Нагахь санна йоI, кIант, барт ийгIина, вовшахдаьлла меттиг хилча, хи долчу а вахана, кIанта куьйгаш дилар а хилла оцу хица болу лерам гойтуш долу Iедал (хьовса Исмаилов Абу «Дош» 607 агIонаш). Бакъду, вай дийцинарг вайнаха хьалха заманахь, кхоччуш дIакхоьхьуш хиллехь а, тахана и дерриг а, хьалха ма-леллор лелош ду аьлча, бакъдац. Цхьабакъду, зудчух къаьстинчуьнга, забар йеш, «хитIе а гIой, куьйгаш дила!» – олуш-м хаза тарло хIинца а. Иштта, хьахош бен доцуш, дIадевлла гIиллакхаш дукха ду вайна йукъахь. Уьш, замане хьаьжжина, йукъара дIадевлла йа жимма хийцамца дисна хаалуш а ду, цхьаболчара лоруш, вукхара ца лоруш а. Масала, хIинца къанъеллачу зудчух хемхиг олу, Iоттар еш. Иза химеханана бохучура дисна ду.


Кхузахь кхин а ду хица болчу ларамца доьзна. Масала. моттбастийтар. Несо мотткхабар, цо ша нус хилла еанчу цIийнан а, лула-куларчу, цу цIенца хьан-сан долуш а, йа гергарло долуш а болчу нахе (пхийттарабовлаза болу кегийнаш боцчаьрга) ларам беш, лелош долу, вайнехан ширачу заманахь дуьйна схьадогIуш, хаза гIиллакх ду.


Несо шеца мотткхобуш волчуо – йа марзхойн гергара хуьлийла, йа цаьрца хьан-сане, йа лулахо хуьлийла, – олу ша хьагвелла а ву, хи дезара шена. Несо хи дохьу. «Хьагвеллачо» хи дIа ца молу, несо (нускало) шега мала аллалц. Несо, эхь а хеташ, меллаша «мала» олу. Хьешо хи дIамолу, шай-кай а кховдош. Ахчанан барам билгалбина бац. ХIораммо а шена луъучул ло ахча. Бакъду, мардас а, марнанас а етт а, куз а луш меттиг а хуьлу. Кхузахь кхин цхьа гIиллакх а тIетухур вай. мовладан хи малар. Иза къаьсттина деза лоруш гIиллакх ду. Цхьаъ кхеравелча, цунна хи малор а ду иштта.


Хи Дала вайна делла доккха ниIмат ду, амма, Къуръанахь аьлла ма-хиллара, шортта дара аьлла, и эрна Iенор тIаламазалла йу. Хи Iалашдеш, цунах пайдаэцар ийманаца догIуш, цу Делан ниIматан ларамбар а ду. ЧIогIа къилахь лерина ду, хи бехдеш лелош долу хIуманаш. Масала, наха шех пайда а оьцуш, молучу дIадоьдучу хи чу а, шовданаш чу а нехаш кхиссар и. дI. кхин а.


Меттан Iилманехь хих бинчу талламаша гучудаьккхина меттан а, хинан а цхьаьнайогIуш йолу амалш (хьовса тхан «Вайнехан хи дашах лаьцна бина болх». В кн. Где жил Прометей. Грозный, 2003).
Масала, дIадоьдуш мел долу хи цIена хуьлу, мала а, кхин гIуллакх дан а мегаш. Амма сецна лаьтташ долу хи телха. Иштта бу мотт а. Дан-м вайн дахарехь долу дерриге а ду иштта.


Иштта, хи санна, лелаш, (буьйцуш) мел бу беха мотт а, амма ша буьйцуш ца хилча, дIаболу иза. Лаа дац, масала, леларан маьIнехь долу хандешнаш шайн орамца хи бохучу дашца догIуш хилар. Масала, классан гайтам б (маззакъбоьлла, оьрс. Рудиментарный), дIабаьккхича бах (боху, оьрс. говорить) дешан орам–х(а) – хи орамца бозу. Дуста. аьккх. оха, гIалгIайн йах; иштта нохч. Ваха, даха, баха, йаха (орам изза х (гIалгI. ваха (д, б, й), аьккх, бац. аха, иштта нохч. лах(а), гIалгI, аьккх. иштта.


Вай дуьйцург чIагIдеш, кхечу меттанийн масалш далор вай. Масала, оьрсийн маттахь река, боху дош а, речь, рвать, рычать, ринуться цхьа орам болуш лору (хьажа. Н. Шанский, Н. Шведов «Этимологический словарь русского языка» М., 1961). Иштта ду рыскать, рвать; хьовса ст. слв. рийати; немцойн rinnen – струитьсйа; rinse – ручеек; rinne – канавка, нохч. харш; rien – река (гидроним); renne – борозда; нохч. Охана (х); нем. Reise – поездка (нохч. Вахар (х); нем. rede – выступление, речь; нем. redden – говорить (нохч. Баха, гIалгI. йах, аьккх. оха, бац. аха; оьрс. речь и. дI. кх. а). Иштта, меттанийн шаьш уьш коьртачу декъана вовшахкъаьстина делахь а, амма цхьацца амалшца цхьаьнадогIуш хиларх типологи олу.

Вай далийначу тайп-тайпанчу меттанийн цхьатерчу масаллех типологин агIор цхьаьнадогIурш олу. Кхузахь вай далош долу цхьадолу дешнаш меттанаш гергара хиларца доьзна ду. Масала, удинийн меттан (лаьзгийн тайпа) хэ, гунзибийн меттан диалектерачу энху дешан тIаьхьара дакъа – ху (догIу хи), жIайн их, бенгийн. хи-хIорд; схьахетарехь, жIайн гIор – догIу хи – иштта ду (х – гI) дуста вайнах. гIор – пойду, ваха мега; цхьаболчу Iилманчийн кхетамехь, китайн хэ – река, догIа – хи; йапонин ка – река, догIу хи; греч. хео – Iенадо; йазгулин. хех – вода, хи – догIу хи; селькуп. кы – река, камчад. хиг – река, авест. ха – хи, вода (орам цхьаъ болуш ду). Кхузахь далийна цхьадерш-м нийса ца хила мега. Делахь а, дуккха а дерш ойла йойтуш ду, Iилманехь иштта хила ма-деззара (хьовса вай цIейаьккхинчу авторан балхе а.)

Пайдаэцна литература

  1. Чокаев К.З. Этимология слова хи. В кн. Где жил Прометей. Грозный, 2003. его же Этимологический словарь чеченского языка. Грозный, 2015.
  2. Ямпольский Л.Б. Этимология чеченского слова хи – вода, река. В кн. А Вагапова Этимологический словарь чеченского языка. Тбилиси, 2014.
  3. Абу Исмаилов. Дош. Грозный, 2002.

Орга №2. 2024

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.