Берийн ловзо
ХӀуманаш
Берийн бешахь йисна сан,
Караэцна
Абат ас,
Элпаш сайна Ӏамадан.
Хаза йаздан Ӏемар ву,
Горадахна хир дац элп.
Хир дац доьлхуш,
Йа декаш,
Хир ду доцуш цхьа а айп.
Хьехархоша
Хеставеш,
Дика аса доьшур ду,
– Ахь дахьара
Тхуна гIо, –
Дешархоша бохур ду.
Дуьххьара со,
Дуьххьара
Тахна деша волало.
Горгали а
Дуьххьара
Суна бека болало.
Стела1ад №3. 2024