ГАУ «Издательский дом»

ЧIирдиган дошам

АлцIезIам (ду) – зезаган тайпа (тюльпан)
Анайист (йу) – бIаьрго лоцу стигал, латтий хотталу сиз.
Архь (йу) – хаза хьожа.
аган тайпа (лилия).
Ижу (йу) – таллархочо дийна экха; акхарочун кхача
Инзаре – тамаше, цеце.
Кондар (йу) – диттан лакхара генаш-гIаш долу дакъа.

Корсам (йу) – дитта тIе йа тIулга тIе йаьлла соьналла, буц.
Кха (ду) – йалта дуьйш долу латта.
Кхаба (йу) – кочалла чуйутту пхьегIа.
Кхийра – сазлаьттан поппар боттуш, йина пхьегIа.
Кхес (йу) – говран месаш.
Къилба (ду) – лаьттан цхьа агIо (юг).
Тайниг (йу) – берийн адаман хьесапехь йолу ловзорг.
Тача (ду) – готта некъ.
Ткъес (ду) – догIа догIуш йа догIа дале стиглахь йолу гIовгIа; стелахаьштиг.
Тоьла (йу) – лаьттах йаьккхина Iойла.
Туьйлиг (йу) – зингатийн барз.

Тхи (ду) – Iуьйранна баца тIе дохку хинтIадамаш.
ТIод (ду) – экханан хьалхара ког.
Хелиг (ду) – бецан цхьа га.
Стим (бу) – къаьхьа кочалла.
ЦIенкъа (йу) – уй тохаза долу чоьнан латта.
ЦIогIа (ду) – чIогIа мохь.
ЭтмаьIиг (йу) – шен хIусам шеца лелош йолу сагалмат (улитка)
Iарш (йу) – стиглан лакхе

Стела1ад №2. 2022

4 комментария

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.