ГАУ «Издательский дом»

БЕКСУЛТАНОВ Муса. ТIам морцуш, дисина аз…

(Батаева Хедин «Озан лар» гуларан дешхьалхе)

Суна дуьххьара жима бер долуш гира иза, кхойтта-дейтта шеран къуона зудабер.
Амма амал йолуш дара, шеца шехалла йолуш.
Цуьнан стихийн могӀанаш а къаьстара иштта, йукъ-йуккъера жовхӀарш а къиэгаш, авторан амалх терра.
Шераш девлира, Хедин наггахь цхьацца стих а хаалуш зорбанехь, массара а хестош йолу:

ОхьатаьӀна диттан га,
Лоьхуш санна доьжна гӀа,
Уллохь сирла-сийна хи,
Сарахь шано лаьцна и.
Цу чу кхийда диттан га,
Хьаста гӀерташ санна ша.
ТӀаккха йоӀ цу хи тӀе йогӀу,
КӀайчу лай тӀе когаш боху,
ХьалатаӀош диттан га,
Ког а тоьхна, кагби ша…
Дуьйхи туьйра, дуьйхи гӀан,
Севци сахьташ, сеци хан.

Кху стихехь гуш дара и бер кхиъна поэт йуйла, шех муьлхха а Ӏама мегар долуш.
Кху жимачу стихотворенин хазалла тӀаьххьарчу шина могӀано, аккорд санна, тӀечӀагӀйеш а хиета:

Дуьйхи туьйра, дуьйхи гӀан,
Севци сахьташ, сеци хан.

Йуьртарчу Iep-дахаран хазалла йуьйцу кхечу стихехь, ма-дарра хиллачу нохчийн къоман дахар, амма тӀаьххье а хӀаллакдина, дохийна, аьтта, тӀекӀелтоьхна:

НӀаьнеш кхойкхуш, йогӀуш хилла Ӏуьйре,
Нах пхьоьхана гуллуш хилла суьйре,
Ахьар-галнаш йай чу туьйсуш Бабас,
Дагон дечиг дӀаӀалашдеш Дадас.

Хилла-техьа дерриг хенан забар?
Нанас суна йина кегий чӀабарш,
Ас ишколе дина хилла некъаш,
Новкъахь керла ботеш хоттал текхош…

Кхечу стихехь кхин ду – шений, шен дагний бен ца хуу къайле къайлахь йитар.

Ас стигланаш йуьсти хьуна,
Ас ламанаш телли хьуна,
Сайн деган чов йицйан гӀерташ,
Ас дукха ницкъ байъи хьуна.

Со ламанаш талла йоьлча,
Со стигланаш йуста йоьлча,
Цул а хала йу ша, бохуш,
Цу чевно со цисти хьуна.

Ас стигланаш йуьсти хьуна,
Ас ламанаш телли хьуна,
Новкъабаьлла костан кхокха
Мархашлахь тилбели хьуна.

Хьан лерсина аьрта хиэтачу могӀанашкахь а тӀехь, Хедин бераллера йа жимма иза шерашца кхиайоьллачу муьрехь хаалуш а, гуш а ду шен маттаца, шен васташца, жоп доцучу шен хаттаршца, керла поэт-художник йеънийла Нохчийчу.
Амма и аз, тӀам баржжийна, айъалуш, дуьненна ша поэтан аз дуйла дӀакхайкхо кхиале, Нохчийчу т1ом богӀу, цхьаъ ца богӀу, шиъ богӀу, бӀе эзарнашкахь адамаш а дойъуш.
Дахар соцу цхьана ханна, шераш а довлу, ткъе иттанга, аьлла, кхочуш.
Къам а хийцало, художникаш а цхьаьна, йаздархой а. Ца хийцалуш берш а хуьлу. Царах хуьлу Хеда а, шен граждански – хӀинца ца хилча ца йолучу – поэзица:

Йохийна, шарйина дай баьхна йурт,
Хьо-м кошах тарйели, ца оьшуш чурт.
БӀешераш хьалха а – Нохчийчохь тӀом,
БӀешераш тӀаьхьа а – Нохчийчохь тӀом.

Бераллин майданех хуьйдина цӀий,
Минаша сакхйина, хьаннаш д1атий.
Де-дийне кешнийн керт йукъйелла йогӀу,
Хиетало, цо: «Аш а кечам бен», – боху.

8 751 комментарий