ГАУ «Издательский дом»

Бексултанов Муса. Цхьана романан автор

Эссе

Иза иштта виса а висира халкъалахь, цхьана романан автор а хилла, цул тIаьхьа масех роман йазйича а. «Йеха буьйсанаш» аьлча, Айдамиров олура, Абузар хьахийча – «Йеха буьйсанаш» а. Стеган цIе цхьана диканах дIайаьржа, цкъа гайтинчу доьналлех а.
КIант а эцна, дуьххьара денцIа йахча, дас йетт а ца луш, цу гIелонна (марзхошца йолчу йохьана) йоьлхуш йогIучу зудчунна, шен цхьана аттана тIера рагI йаккха веанчу Бахьдаран Муьстарга и шен цхьаъ бен боцу йетт дIабелла хиллера. Цу гIиллакхо винера Муьстаргах – Бахьдаран Муьстарг.
Цу гIиллакхан неслара ца волуш, велла дIа а ваьллера. Изза дара Абузарах хилларг а, «Йеха буьйсанаш» бахьана долуш.
«Йеха буьйсанаш» – доьналла дара, цхьа а гайта ца ваьхьна долу, собарца долу доьналла. «Йеха буьйсанаш» роман йацара, иза Нохь-пайхамаран заманахь хьаьдда долу хи дара нохчийн кхетамна, цо къам самадаьккхинера, ша къам дуйла хоуьйтуш. Иза – узар бара, лазам, лергийн потт эккхар, делла бIаьрса дендалар а. Иза – эпоха йара, историн бIешераш, нохчашна шаьш бевзичхьана – нохчех долу бакъдерг.
Абузарах къоман йахь хилира, къоман эхь, цу къомо лайна бала а. Суна дагадогIу, нах цунах билхина, бийлина, наха вовшашка кхаьънаш даьхна, и роман а йуьйцуш.
Цу романо хийла да нохчийн маттахь деша Iамийра, шаьш нохчий хил-хиларх шаьш ваьшлахь баккхий а беш. Суна дуьххьара шен кетIахь, Мескетахь гира Абузар, де дика дан йиш йолуш, суо мила ву хаийта а.
Университет йаьккхина ваьлча, Ножи-Юьрта районан Гуьржий-мохк олучу цхьана кIотара хьажийнера со, болх бан. Суна цига ваха ца лаьара. Ошаев Халид волчу вахара со больнице, суо цигара мукъаваккхийта, Абузаре кехат йазде аьлла.
Ошаевс йаздира.
Август беттан цхьана дийнахь – малх кхетта, довха де дара иза – машенаш хуьйцу-уш, Мескета йуьрта йуккъе дIакхечира со, шовда доллучохь охьа а волуш.
Хаьттича, наха дийцира, кху новкъа дIагIо, аьтту агIор дехха, доккха цIа хир ду хьуна, аьлла.
Цу цIенна хьалххахь, урамехь, вуткъа лекха стаг лаьттара, коьртахь шляпа а йолуш, латийна узуш цигаьрк а.
– Де дика дойла хьан. Абузар мичахь Iаш ву, Айдамиров? – хаьттира ас.
– Далла везийла… э-эхI, хьуна хьалхахь ву-кх иза, – элира оцу стага, халла хезаш.
– Хьо ву иза?! – цецвелира со, – шляпа хIунда йу хьан коьртахь, суьрта тIехь-м куй ма бара хьоьгахь? – олуш.
– Йовха ма йу вайна, кIант, цIе хIун йу хьан? – схьахьаьжира Абузар. Ас сайн цIе дIайийцира.
– Мичара вогIу хьо? – хаьттира цо.

1 comment

  • My family always say that I am killing my time here at net, however I know I am getting know-how everyday by reading
    thes fastidious articles.

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.