1944-чу шарахь, къам махках даьккхина долуш генарчу Казахстанехь – хIара бер дара – синкъерамехь, дош дашера а даьлла, 1951-чу шарахь да вийнера кхуьнан, даг тIе урс тоьхна, къона нана жерахь а йуьсуш.
Иза кхин маре а ца йахара, кхуьнца йоккха хилла, букара йоьдуш, къоьжа къан а йелла.
Кхуьнан да вийнарг набахтера мукъа валале – 1957-чу шарахь, Хуршовс бакъо а йелла – Делан лаамца – къам йуха цIа дирзинера Нохчийчу, кхуьнан чIирхо Казахстанехь, набахтехь а вуьсуш.
ХIара пхийтта-йалхитта шо кхочуш, кхиавоьлча дуьйна схьа: «Хьан да, хьан дас, хьан да дийна хиллехь!» – аьллий бен, цхьа а хабар ца доладора нанас кхуьнца.
ХIара воьлхура хIоразза а, нанас да мосазза хьахаво, шен да муха хилла а йа цуьнан амалш а, йуьхьсибат а ца девзаш, нанас шега дуьйцург бен.
«Лекхачу дегIахь, кIайн вар*, Iаьржа бIаьрацIоцкъам долуш, вара хьан да, суй санна, сиха стаг» – дуьйцура нанас, шен тIунлучу бIаьргийн негIарш а детташ, йуха – оцу сохьта – гIийла-меллаша йелха а хьодуш.
ХIара чуьра араволура тIаккха, н
– Нана йала хьан – олура нанас, – хьо малваларна кхоьруш, хьо воккхахилча, вицваларна кхоьруш, хьо мокхаз санна, чIагIван ма вуьйцу ас хьоьга хьан да… хьан да вита йиш йац хьуна вайшинна, хIара дуьне ирахь а лаьтташ! – олий – дашера даьлла дош а доцуш, дуьххьала сонталла, котам санна, вийна волу хьан да…
КIант воьлхура, бIаьргаш чу буйнаш а хьийзош, кIантана шен да дага а ца вогIура, хилла, вара бахар бен.
Йуха, шен ткъа шо кхачале йа кхочуш, накъосташца буьйса а йиъна, чувеанчу кхунна, кIайн нускал гира шайн чохь – лулара йоI Iайшат – гIенахчул башха, кхунна дагахь а йа улло а, аьтте а ца хилла долу захало…………………………………….
……………………………………
ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№2.2025)





