ГАУ «Издательский дом»

БЕКСУЛТАНОВ Муса. Дийцарш


Iалелай, цигахь даьллинарг тIаккха, цIе яьлла моьттуш. Цхьа гIовгIа иккхин хьуна, цхьа маьхьарий девлин хьуна цаьрга, ва Делий, Пайхамар, бохуш, коран бIаьргаш а кегдеш.
Со, ведда, тхан божал чу а иккхина, аттанна хьалхахь, хьаьвди чу охьавижира.
Массо а кхойкхуш вара, цхьаьнга кхойкхуш, юха вукхуьнга.
ТIаккха къа деха долийра, хIара диначуьн ворхIе а да хьакхийца, бохуш.
Нана а яра соьга кхойкхуш.
Массо а со лохуш вара.
Суна Iуьллу-уш, цхьа ханъяьлча, набкхетта хилла хиллера. Шел а велла, самаиккхича, со ведда, дешича волчу хьалавахара.
Царна а хууш хиллера синкъерамехь хилларг – дада веъна хиллера цаьрга, со лоьхуш.
Дешичас тIаккха шен йоI яхийтира тхоьга, со тховса шайгахь хир ву, аьлла, дIаала.
Вай-й, Дела, ваша ма чIогIа вийлира-кх цу буьйсанна, иза дага муха деара хьуна, бохуш, юха-юха а воьлуш:


– Цхьа кIант ву-кх хьо, цхьа кIант хилла а ца Iа-кх – цхьа борз ю-кх! – элира вашас, къевллина со маравуллуш, суна кхо сом а делла.
Юха, со цIа валош а веара иза Iуьйранна, дадига суна дов ца дайта.
– Кхуьнах стаг хир ву хьуна, – элира цо дадига – пурба дац хьуна кIантах пIелг Iотта… Со лолда хьан, ала, изза ца дича, кхин хIун дан догIура кхуо? Бакъ дина-кх, хIара вац тIаккха жима стаг, шен кийрахь дог а долуш! Кхул а вацар-кх со, сайл пхи шо йоккха лулахо а езаелла, буса церан корах чухьажа оьхучу хенахь!
– Цхьа суй бу-кх бабин кIант, цхьа суй, – элира тIаккха бабас, ваша дIавахча, – бовр а ца хаьа я богур а ца хаьа! – аьлла.

Юха, кхано, денош девлча, дадас цкъа дов а дина, тIаккха хьаьстира со, ишттаниг кхин ма делахь, олуш.
Юха и вир… хIа-а, вир диц ма луора суна, цхьа минот ца яьллехь.
Iалелай, сийдоцуш дари-те и вир аьлча, ВаллахI дар-кх, дукха сийдоцуш-м иза!! Тоьара говрахь я вираца – тIехиъна а, гIаш а – тхан урамехь стаг гучувала, ша ма-даддалу додий, гIаьттина бага а хуьлуш, «Хьо-окъи, хьо-къи!», – мохь а оьхуш, тIекхетар-кх иза царна, жIаьло санна, ка а етташ.


Саьнгал чохь буц сийна хуьлу, бохуш, доьхкура иза Эдал-Солтас тхуна хьалхахь дIа, тхан буьрканах ловзу меттиг дIайоккхуш. Цундела оха къиза де а хIоттадора-кх цу вирана, тхан кертал чоьхьа дIа а левчкъий – нахана ца гайта, – цигара схьа тIулгаш детташ.
ТIулг моссазза кхета, карзахйолура ишак, корта охьатаIабой, раз-пурх мийраш а кхуьссуш.
Цкъацкъа дужура вир, мийраш дукха лакха кхоссарна, перс а оьккхий.
Цкъа иштта – я аса хеда, я хьокха схьаболу, хиэташ – тхо вирана тIулгаш кхуьссуш дохкуш, коьртахь холхазан куй а болуш, кечвелла, вета болчу чоийца – хаьн тIехь жима шаьлта а кхозура, – говрахь цхьа стаг вели-кх хьуна гучу, цхьана курачу, сеттачу говрахь.
Вире мохь бала безий хьуна тIаккха – иштта а оха хьийзина долчу, – эмкалан санна, бага а гIаьтташ. Вир меттахдалале охьахьаьддачу ас – цуьнан тидам артбеллачуьра, – хьокха болччохь дикка урс тесира асанна, вир тохаделча, аса хедар а йолуш.


Вир: «Хьо-къи-хьокъи-хьокъи!» – аьлла, говрана тIехьаьдира, жIаьла санна, кхисса-кхиссалуш, чами санна, гIаьттина бага а йолуш.
Аса хедира, пуржин санна, хIазарш а хуьлуш.
Говрахь верг, шек а воцуш, хьоьжура, говран чаболехь гIодаюкъ дIаса а сеттош. Вир, ма-даххалу, жIаьла санна, кхоссалуш, накха некхах тIекхийтира говрана, хьерадаьлча санна, ка а етташ.
Говр тIехьарчу когаш тIе юьйжира, стаг охьа а кхеташ.
Вир тIера ца долура.
Говр агIор керчира, стеган ност бухахь а юьсуш. Тхо массо а кхеравелира, довда дагахь, хьала а лилхина.


Стаг говрана уллера схьатекхаш гира тхуна, вир, говр хьерчаш а долуш. Эххар а, хьалагIаьттинчу стага – коьртахь куй а бацара, – цкъа вужуш, юха гIоттуш, гIеххьа гал-гал а вийлина, озийна, халла схьаяьккхина шаьлта, вирана гайх Iитта йолийра:
– Хьо диса хьайн да велла, Сталинан лагершкахь пхийтта шо доккхуш а ца лайна ас хIара гIело! – бохуш, юха-юха, юха-юха а Iуьттуш.
Стаг верриг а къарзавинера, цIеш схьа тIедеттаделла.
Вирах кIелхьараяьлла говр, дуьрстан цхьа га а хаьдда, мераIуьргех хур а деш, иза хIун дара-а, бохуш санна, цецъяьлла лаьттара, ерриг эгаеш, бIаьргаш а къарзийна.
Нах а бара маьI-маьIIера тIегуллуш. Тхо, декъалуш, кхаа-еа агIор дIасадевдира, гучудовларна кхера а делла.

Эдал-Солтас цхьана баттахь лелийра и шен аса, урс тоьхна, хадийна ю аса, тешнабехк бу шена бинарг, бохуш, массаьрга а аса дIа а оьхьуш.
Тхо а лиэдира, цхьацца воккхуш, юха вовшахтухуш, цкъа чехош, юха а хьоьстуш.
Руслана:
– Сан ден-несар, ваши, и хьан вир цкъа а гина ма дац суна, – элира, тхан кхелахо Изновр, кIаж вахана, вела а луш.
Эдал-Солтас шена керла вир ийцира цул тIаьхьа, цициг санна, эсала а долуш, бакъду, тхан саьнгал чу дIа-м ца доьхкура цо иза цкъа а, шен хьалха хилла вир санна.

– И ша эцна вир шух ма чIогIа лардо-кх цу Эдал-Солтас, – олура тхоьга Абраила кест-кестта.
Абраил аьчк-пхьар вара, говран ленаш а, пеша чу хьакха аьшкалш а, зIе а, кхин хIумнаш а еш.
Оха цкъа ленаш лачкъийнера цуьнан. Юха, царех хIун дан деза а ца хиъна, дIа а даьхьна, дIаделира, оха лачкъийнера, аьлла.
Абраилна тхо дукхадезара хIетахь дуьйна.
– Ца хаьа, Ваши, – олура оха, – хьалхалера вир сийдоцуш-м яра цуьнан, – олий.
– Дера яра-кх дукха сийдоцуш-м и ишак, – олура тIаккха Абраила, тхуна тIетовш, – цундела шен керла вир лардо-кх Эдал-Солтас, саьнгал чу дIа а ца доьхкуш…иза хIун ду-те цуьнан? – хоттуш тхоьга.
Тхо дист а ца хуьлура.
Абраил велалора:
– Ээ, Дала дита-кх шу, шу дита Дала, барт хилалаш вовшийн, хIинца санна, барт хилалаш, – тхан коьртех куьг хьокхуш, месаш яхъелла я ца яхъелла толлуш: еха месаш гича, хьенан-мила ву ца хоттуш, корта бошура цо оцу сохьтта, ша моз дууш воллуш санна, воккха а веш.
Маржа, ма дика нах а бар-кх уьш бан-м, чIогIа дика нах, ткъа хIинца, ма … хIинца дерг ма дийцалахь, дIадиталахь хIинца дерг….

Бераш буьрканах ловзуш го суна, кIанте кхайкха кевл араваьлча.
Кху чуьра и кIант а ву, кIур эккхийтина хьийзаш.
– Схьавоьл, хIей, хьо леларг! – куьг ластадо ас кIанте.
КIант схьахIутту, лаьтта а хьоьжуш.
– Хьий, мурзавец хьо, вон мурзавец! – олу ас (и дош дех дисина суна,) нанина хазийта санна олу, кIантана чIогIа тIе а чевхаш, – хьада дIавало чехка, бабас хьайга хIун боху хьажа! – олий, лаьтта охьа ког а тухуш.
КIант цкъа велавала гIурту, юха велавала а ца хIуттуш: тхойшиннан юкъера барт гучубаларна кхоьру иза, ден-кIентан ша-шах санна, дегнашца хуьлу къайлаха барт, ден-кIентан дегнийн уьйр, маржа, ден-доьзалан вовшашца хьерча цхьа шатайпа аьхна марзо…
20.11.2017

Орга №1. 2018

3 комментария

  • כל נערות הליווי בראשון לציון מתייחסות בכבוד ונענות לרצונות ולפנטזיות של כולם בלי להגזים כמובן,
    הן יכבדו כל לקוח כל עוד הוא
    מכבד אותן. הן תתייחסנה לגבר שלהן בכבוד ותזרומנה
    אתו להגשמת פנטזיות ועונג אמתי תוך כבוד הדדי.
    בחורות אשר גודלות בתרבות פתוחה, יודעות להעניק הרבה יותר
    לגבר שלהם, הם בעלות סבלנות רבה,
    תודעת שירות ואוהבות לפנק את הגבר שאיתן
    עד הסוף ללא גבולות וללא מעצורים.
    מכאן, אנו למדים כי עיסוי אינו רק בילוי של שעה עם מומחה/ית
    במגע אם אתם גברים הגרים באזור חולון, מומלץ להזמין
    עיסוי מגבר לגבר בחולון. איזה סוג של בילוי בא לכם?
    האמת שממש לא. כל גבר יכול להרשות לעצמו בילוי
    עם נערות ליווי בראשון לציון. מתוך מגוון דירות דיסקרטיות בטבריה תוכלו גם אתם לשים את היד על המידע
    המדויק ביותר- זה שיאפשר לכם להגשים כל
    מפגש לוהט עם בודדים או יחידים במקום שאף אחד לא יגיע אליו מפאת הפרטיות שלכם.
    בראשון לציון תמצאו מגוון רחב של נערות ליווי בראשון לציון אשר מחכות שתזמין אותן לפגישה ויעניקו לך שירותי ליווי לעיסוי ברמה
    ובאיכות מעל כל דמיון. כל מה שאתם
    צריכים זה דירות דיסקרטיות איכותיות שנרתמו לרצונות שלכם
    ויכולים לתת את המענה הנכון. דיסקרטיות – הדירות מאפשרות בילוי בפרטיות מרבית
    וללא שום מבוכה.

  • אתר לפי שם לעצמו למטרה להציע את השירות
    האיכותי ביותר בעבור מי שרוצה חופשה קצרצרה, איכותית, לא יקרה
    וברמה גבוהה. חדרים לפי שעה מאפשרים לבאים אליהם נסיעה איכותית, אלגנטית,
    מעוצבת, מצד אחד – ומצד שני את המחיר הטוב ביותר, הגמישות הגדולה ביותר בתאריכים ובשעות,
    ושליטה במרחק, ובזמן ההגעה.
    אם פעם הייתם חייבים לקבוע מראש נסיעה לבית מלון באזור רחובות – היום אפשר לעשות זאת בדקה התשעים בלי לשלם על זה מחיר, באמצעות חדרים לפי שעה ברחובות והסביבה, האיכותיים ביותר.
    דירות דיסקרטיות מתאימות
    למי שרוצה לתאם את המפגש עם נערות ליווי בחולון באווירה אקסקלוסיבית ולמי שלא מוכן להתפשר
    על הפרטיות שלו. מה תרצה לקבל מנערת ליווי בהרצליה, השירותים שלנו יכולים לספק הכל.
    מומלץ לנסות עיסוי זוגי אם אתם מחפשים
    להתחבר עם האדם השני ברמה עמוקה יותר או
    שאינכם יכולים לשאת את המחשבה ללכת אל עיסוי בשרון בלעדיו.
    בין אם כך או ככה, אתם יכולים למצוא את כל אלו
    במתחמי אירוח כפרי בצפון. אירוח
    דיסקרטי לפי שעה בחדר בחדרה, להנאתכם חנייה דיסקרטית, גקוזי, פינת ישיבה, תאורה רומנטית, טלוויזיה, מזגן, ערכת קפה, אביזרי רחצה,
    מיני בר, ספריית סרטים, מערכת סאונד, אירוח נעים וסולידי, חדר
    דיסקרטי בחדרה, לרשותכם חנייה דיסקרטית,
    חייגו עכשיו והזמינו חדרים להשכרה
    לפי שעות בחדרה.

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.