ГАУ «Издательский дом»

Арсанукаев Муса. Хьо цIа варе хьоьжу нана

(Пьеса-миниатюра)

__________

Селехьат:
– Вай сан Дела! Вай сан Дела! Схьакаро воллу-те сан кIант? Собар делахь, жимма садаIийталахь соьга! ХIара лан атта хIума дац! (Сиха чуйоьду. Коьртара Iаьржа йовлакх дIа а доккхий, кхин йовлакх а туьллий, арайолу)
Шаьш хилла меттиг Гиреци йара, боху ахь? И мичахь йу, сан диканиг? Ойн, ша цIа вогIу ца бохура цо?
Салман:
– Иза-м ца элира цо, Селехьат. ХIара кехат даийтира цо, хьоьга дIало аьлла.
Селехьат:
– Ойн, цо хIун леладо? ХIун деш Iаш ву, цIа ца вогIуш? Цуьнга сатийсина, бIаьрсих а, могашаллех а йаьлла, Iаш ма йу со. Ма дукха хан йу суна иза ганза… Со йалале, цIа кхочур вац те? Салман, дешахь и кехат, цуьнгара хааме сатийсина, кIелйисна-кх со.
Салман:
– Цо йаз ма-дарра, дIадоьшу ас, …йуха гочдийр ду хьуна.
«Хеллоу, май диа мазер Селехат! Итс ми, йор сан Дауд. Туу мени йерз эгоу ай лефт май виллидж энд йу, диа мазер! Э лот оф тайм пассед эвер синс.
Селехьат:
– Салман, цкъа собар дехьа! И хIун жIаьлийн мотт бу цу тIехь берг? Нохчийн маттахь хIунда ца йаздина цо шен нене кехат?
Салман:
– Селехьат, халахеташ делахь а, цунна бицбелла нохчийн мотт. Иза цигахь волу дукха а хан ма йу…
Селехьат:
– Муха бицбелла нохчийн мотт? Шен ненан мотт муха бицлур бу стагана? Ахь хIун дуьйцу?
Салман:
– Охашиммо цигахь бийцинарг ингалсан мотт бара. Ша дика Iаш ву, шен шортта таро а, баккхий бахамаш а бу, бохура. Шена са ма гатде, хьоьга дIаала бохура цо.
Селехьат:
– Са ма гатде бохура?… ХIаъ, кхин гатдийр дац…Гатдина йели…

__________

Йерриг материал йеша “Орга” журналехь (№4, 2024)

1 comment

  • The metawatch diamond smartwatch – white gold, with its elegant white gold frame design and exquisite white strap, perfectly blends the essence of technology and fashion. This diamond smartwatch is not just a piece of wearable art, but also a sophisticated companion for the modern pace of life. Beneath its lightweight body lies powerful smart features, allowing you to effortlessly manage every detail of your life and work, whether it’s health monitoring, notifications, or personalized apps. The pure white strap, with its flawless texture, is suitable for any occasion, be it formal business meetings or casual moments, showcasing the wearer’s unique taste and extraordinary style. The metawatch diamond smartwatch white gold is a dual choice for smart living and fashionable taste.

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.