ГАУ «Издательский дом»

Ахмадов Муса. Хиллачу оьздаллин дисна цхьа IиндагI…

Хиллачу оьздаллин
дисна цхьа IиндагI,
Хиллачу кураллин
дисна цхьа IиндагI,
Дерриг а дахана кIоргачу Iинах,
Цхьа синош схьахIуьтту,
цкъа кхузахь Iийнарш.

Хиллачу адамийн
IиндагIаш ду вай,
Йеса йу вайн бIаьвнаш,
стаг воцуш чуван,
ВагIахь а шарахь
цкъа генара хьаша,
IиндагI ду иза – дIавоьду маса.

ХIуъу деш, вай хьовзарх:
охуш, дуьйш йалта,
Сакъера ховшахь а,
этIабеш пондар, –
ДIадийнарг ца кхуьу
цхьа сискал йал а,
Сакъерар хуьлу вайн
шайтIанийн ловзар.

Вайн мехкан са даьхьна цу
Iаьнан буса,
ЦIерпошто даьккхина
турпалчу дегIах,
Цундела вайн йалтийн
буьртиг ца бузу,
Цунах ду шовданаш тIетесна Iеха.

ЦIен коьрте довлийша
доггах дан зикарш,
Даккхийша цIийн сагIа,
дIатоттуш бала,
Цу Деле доIица дехийша дикка,
Вайн мехкан даьхьна са
духа ло алий.

Орга № 1, 2024

5 комментариев

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.