ГАУ «Издательский дом»

АБДУЛАЕВ Леча. Нанна гучохь бераш

ХIокху шарахь 70 шо кхаьчна нохчийн халкъан йаздархочун Абдулаев Лечин. Лечин бераллин шераш дIадахна нохчийн исбаьхьчу меттехь – Котар-уьртахь. Цуьнан бералла синкъераме а, къегина а хилла. Абдулаев Лечас коьрта долчунна поэзехь къахьоьгу. Цо арахецна йалх поэзин гулар. Иштта цо гочдина Антуан де Сент-Экзюперин дуьненахь а гIарадаьлла «Жима эла» цIе йолу хьекъале туьйра.


Дуккха а шерашкахь Абдулаев Лечас беркате болх бира нохчийн маттахь арадолучу республикин газетехь, коьрта редактор волуш. ХIетахь Лечин дIадолорца оцу газетан цIе «Даймохк» аьлла тиллира. Поэто кест-кестта берашна лерина байташ йазйо. «СтелаIад» журналехь редактор волуш, кегийчу дешархошца тасаделла гергарло ца хадош, схьавогIу и тахана а. Тахана царах цхьанна зорбатуху оха. «СтелаIад» журналан редакцино даггара декъалво Абдулаев Леча. Дала могуш-маьрша дуккха а шерашкахь вахавойла хьо, Леча, кхоллараллехь кхиамаш алсамбуьйлуш.

Нанна гучохь бераш

Дийнан бер ду Малх,
Буьйсанан бер Бутт.
Хьажал, кхетча Малх,
Йа схьахьаьжча Бутт, –
Нуьре хуьлу буьйса,
Нуьре хуьлу де.
Буьйса хир-кха буьрса,
Шен бер Бутт ца гича;
Шен бер Малх ца гича,
Де хир бодане.


…Даим хьежа,
Малх, хьо,
Делош нана-Де.
Йелош Буьйса-нана,
Бутт, схьакхетий Iие.
Нанна гучохь бераш,
Хуьлу серло, беларш,
ЦIерш а хуьлу кхерчахь,
Даарш хуьлу кхехкаш,
Кегий духарш тоьгуш,
Мехий хуьлу дохуш,
Дуьне хуьлу доьлуш,
Дела дог а догIуш.

Стела1ад №1. 2023

5 166 комментариев