ГАУ «Издательский дом»

Марчук Георгий(Беларусь) Дика дог

Туьйра

Бохам баьллера. Дуьххьара бенна йисте йаьллера къийган жима кӀорни. ЦӀаьххьана мох хьаькхира, кӀорни когаш тӀехь гал а йоккхуш. Чуйужуш, корта гаьннах а кхетта, ког а, тӀам а лазийра цуьнан. Кхерайелла, нене орца даккха дага а ца деара цунна. Генайоццуш, иссазза тӀекӀелдинчу цӀийнан уьйтӀахь, йаа хӀума лохуш йара нана-къиг. Аьрру когана жимма астагӀ а лелхаш, кхоьррушехь, йахана, баца йуккъе лечкъира къийган кӀорни. Берийн беш йолчухьара схьадогӀу Ӏаьржа-кӀайн цициг хааделира цунна.

Дера бӀаьргаш долчу оцу вочу хӀуманах йада йезий хиъна, кондар йукъа йуьйлира и, шен нана тӀекхаччалц. Вовшашна гӀорзолгаш кхуьссуш воллучу шина кӀантана хаайелира къийган кӀорни. Карабеанчу шина сераца уьш а детташ, кондар йукъара кӀорни эккхо хӀоьттира ши кӀант. Серийн ирачу йуьхьигаша, цкъа-шозза некхах кхетта, Ӏовжа а йира къийган кӀорни. Цкъа-м бӀаьрга кхеттаза а бисира сара, делахь а кӀорни майрра Ӏийра, кӀелхьарайала дӀа ца йодуш. Къийган кӀорни хьийзор кӀорда а дина, ведда, дӀавахара и вон ши кӀант. Эццахь дара, нана-къийгана шен кӀорни гича. ЗӀакарца цунна хи а деана, меттах ца йолуш, буьйса оцу кондар йукъахь йоккхийла ахь, аьлла, иза чӀагӀйира цо, ткъа ша диттан гаьнна тӀе хиира. Сахиллалц сема а Ӏийра, кӀорни ларйеш.


Ӏуьйранна цхьа верстина, куьйса стаг гучувелира шен дерачу жӀаьлица. Логах йихкина оччух йоцчу оцу жӀаьло массо а кхеравора, массарна а лета а леташ, уьйтӀахула дӀасауьдуш. Шен жӀаьлех массо а кхоьруш хилар товра оцу верстинчу, куьйсачу стагана. Кхерайелла, дӀатебна къийган кӀорни гира жӀаьлин дена. «Схьалаца, катоха!» – аьлла, омра дира цо жӀаьлига. ЦӀаьххьана орцах кхечира нана-къиг. Шен гӀори-гӀоддах дуьхьалтийсалора и.

Дуьхьаларчу цӀийнан корехь цхьа йоккхастаг йара, кӀорних, цуьнан ненах чӀогӀа къа а хеташ, дан гӀо а доцуш: къанйелла, чохь йисна йара иза. Коран бӀаьргах гӀийлла къолам беттара цо, чуьрадаьлла хьийза жӀаьла иштта мукъане а йухадаккха гӀерташ. ТӀаккха шен нанна гӀо дан хьаьжира къийган кӀорни. Кондар йукъара ара а йаьлла, тӀемаш тоьхна-тоьхна, – цхьадика! – айъайелла, хьала а йаьлла, докхан уггар лахарчу гаьнна тӀе хиира и. Оцу сохьта цунна йуххе охьахиира кӀадйелла, гӀелйелла нана-къиг а.

ХӀинца цу шинна кхерам бацара. Дера жӀаьла цаьршинна хӀинца тӀе ца кхочура, бетах чопанаш а оьхуш, иза мел чӀогӀа лахара хьала летарх. Га мӀарашца чӀоггӀа схьа а лаьцна, Ӏара къийган кӀорни.
– Сатохалахь, кӀанталг! Хьоьга са а даӀийтина, кхана кхин а лакха хьаладер ду хьуна вайшиъ.


ШолгӀа буьйса нанна уллехь йаьккхира цо, цуьнан бовхачу тӀоман йовхо хаалуш. Ӏуьйранна дуьхьаларчу цӀа чуьра цхьа кӀант арахьаьдира. Гаьнна тӀехь хиъна Ӏаш йолу къийган кӀорни а хаайелла, цунна Ӏодаца тӀулгаш кхисса хӀоьттира и. Нана-къийго йоккха гӀовгӀа йаьккхира, орца доьхуш, кӀантах бехкаш дохуш. Амма кӀант, къиг тергал а ца йеш, бокх-боккханиг хоржуш, Ӏодаца тӀулгаш кхуьссуш вара. Цхьа тӀулг, чӀогӀа лазош, кӀорнин когах кхийтира.

ТӀаккха и тӀемайала тохайелира. Цхьадика, цунах гӀуллакх а хилира – махо шен белшаш тӀехь хьалаайъира и. Йуха изий, цуьнан наний, лаккха хьала а йаьлла, иссазза тӀекӀелдинчу цӀийнан тхов тӀе охьахиира. Йистте а гӀоьртина, лаха чу хьаьжира къийган кӀорни. Цигахь, лахахь долуш, и вашигӀар а, децагӀар а, жӀаьла а, кӀант а – уьш берриш а баккхий хетара. Амма кхузара, лакхара охьачухьаьжча-м, уьш массо а кегий хилла, ткъа бераш – зингатий санна, цхьа цӀинцӀолгаш.

Йеана, цаьршинна йуххе охьахиира бӀаьрг баьлла къена къиг – кӀорнин ненада. ЗӀакарца ша беана тӀулг охьа а биллина, кӀорнига йистхилира и:
– ХӀан, дӀалаца зӀакарца, хьо хьийзийнчарна коьртах кхеттарг хьажош, охьачуластабе. Мацах, со жима йолуш, цара цигахь сан бӀаьрг а баьккхина. ХӀинца хьо а церан карах лечуьра йаьлла.


ТӀулг зӀакарна йуккъе а боьллина, и чукхосса кечйелла кӀорни шен нене дӀахьаьжира. Нана йист ца хуьлура. ТӀулг охьа а биллина, кӀорни йистхилира тӀаккха:
– ХӀан-хӀа, ца кхоссало соьга. Царах къахета суна. Кхузара охьахьаьжча, кегий бу уьш, цхьа миска, декъаза бу уьш. Вайн санна, тӀемаш а дац церан.
– Уьш къизий, дерий бу! – шениг дуьйцура бӀаьрг баьллачу къеначу къийго.


– ХӀан-хӀа, ца кхоссало. Хийцабала а мегий уьш-м, – жоп делира къийган кӀорнино. – Буьтур бу вай.
Шен кӀанталг, мара а къевлина, хьаьстира нана-къийго:
– Ма ирс долуш хир ву хьо – дог дика ду хьан!


ТӀаккха и шиъ кхин а лакха хьаладахара, уггар кӀайчу мархашка кхаччалц, сийначу стигала хьала.
Гочдинарг – Ахматукаев Адам

Стела1ад №3. 2024

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.