Тахханалц, даим а доттагӀ хилла лаьттинера Зарина Ӏарби.
Дукха хан йара хӀара шиъ девзаш долу. Ойланаш а, дезарш а, дуьнене хьежар а цхьаьнадогӀучу адамийн уьйр ма кхоллало вовшашца. Кхеран а, иштта цхьа ларамза, цхьа ша-шаха масех шо хьалха интернетехь, йоӀа книгин агӀонан сурт чу кхоьссича, йазйинера цуо кхуьнга. Книгашца уьйр хилар тайнера царна вовшийн. Цу бахьаница довза а девзинера…
Цкъа-шозза гар а хиллера. Иза а, йоӀ цхьанхьа йоьдуш-йогӀуш, книга а, цхьацца тептар дӀасалуш вовшашка.
Зарин книгаш йара… ДӀоггара йоккха йацахь а, шен библиотека йара цуьнан. Жимачу ишкапа чохь моггӀара дӀахӀиттийна лаьтташ а йара книгаш. Йеша йолийнарш куьг кхоччехь, ша йуьжучу маьнгина уллора гӀутакх схьаозийча, цу чохь а…
Цаьрца доттагӀалла дара йоьӀан, ткъа хӀинца Ӏарбица а. Шоьтан дийнахь «Северный» цIе йолчу базарчикехь шира хӀуманаш йухкуш болчу нахехь шира книгаш а карайой, оьцура цуо. Кхунна совгӀат а дора, цхьана туькан чу охьа а йохкий, гӀала йеъанчахула, схьаоьцур ахь, олий.
Наггахь Ӏарбис йоӀе йаздора: «ГӀалин бешахь вовшахкхетий вайша, гIалин урамашкахула дола а луш, къахьо а молуш, суьртийн гайтаме а доьдуш?». Зарас, йела а лой, дерзадора:
– Къеначу соьца сагатлур ду хьан, къона а, хаза а мехкаршца ваха веза ГӀалин беша, – «йоккха стаг йу со», олий, тӀе а тухуш.
– Йоккха стаг йац хьо-м, ма дийца и хӀуманаш – олура кӀанта.
ЙоӀ йан а йара Ӏарбел масех шо йоккха. ЙоӀана ша чIогIа йоккха хетара цул, цундела кхин итт шо сов ша а тIе а тухура.
Кхоьрура йоӀ… кхоьрура-кх, ша шерашкахь йоккха хилча, наха а, цуьнан цӀерачара а цхьацца дийцарна. Ткъа доттагӀаллал совнах дерг ойланехь тӀе а ца дуьтура.
Балха дӀа а йоьдура, цӀа а йогӀура. Дуьхьалкхеттачун бала берг а, гергарчара гича, могуш-паргӀат меттана хоттург а цхьаъ хуьлура: «Хьо маре маца йоьду?». И кху тӀаьхьарчу шерашкахь луш долу коьрта хаттар дара кхуьнга, ткъа йоӀа, йела а лой жоп лора: «Цхьаммо ца йуьгу со», – олий.
КӀордийнера цунна и хаттарш. Хьаьнгга йахча а башхалла доцуш, маре хилчахьана аьлла, уггаре самукъадолург кӀайн гӀабали йухар а, керла бедарш эцар долучу йоӀах тера йацара Зара. Цунна иштта ца лаьара. Хан дӀа а йоьдура.
Нанна а хетара, йоӀ цхьана цӀентӀехь хила йеза аьлла. ХӀара цхьанхьа дӀанисйеллехь, шен са паргӀат хир дара, олура цуо кест-кеста.
Эххар а, цкъа дов долуш, йуха хан йаьлча, дӀадолуш, вевзашволчу кӀанта дог а дашийра кхуьнан, ойла тӀе а йерзийра шена. Иштта цу кӀанта кхуьнгара тешамна дош а даьккхира, шега аьхка йогIур йу аьлла.
ПӀерасканан, мукъа деношна хьалхарчу дийнахь, массо кехат кегош, болх тӀетаьӀна хан, кӀира дерзош, отчет йазйеш йоллуш хIара а йолуш, телефонан экран серлайоккхуш, хаам кхечира:
«Зара, цхьа совгӀат дара сан хьуна лерина. ГӀалара книгийн туьканахь тӀоьрмиг охьабиллина хьуна. Схьаэцалахь, хьайн мукъачу деношкахь йиш хилахь», – аьлла. Ӏарбис цу чохь охьадуьллург дуьххьарлера совгӀат дацара. И совгӀат даим а цӀена книга хуьлуш йара.
Цунна хазахетара, йоӀа йешна йаьлча, шеца шен ойланаш а, хазахетарш а, халахетарш а доькъуш. Телефона тӀера и хаам бешча, йоӀанна дагадеара ша хӀинций-хӀинций цуьнга олу бохуш, дӀатоьттуш дерг дӀаала деза аьлла. Кестта уьйр-марзо хада йезарх кхетара йоӀ. Кхечу къаьмнийн санна а доцуш, нохчийн йоӀан нехан цӀентӀе йаьлча а доттагӀалла лело йиш цахилар шена хаарна, и дӀаала догӀура. Делахь а, цхьана хӀумано йухаийзайора хӀара. КӀантана халахетар дан кхоьрура хIара. Цунна халахетар дуйла, хаьара, шеначул а бӀозза сов а хеташ.
ТӀоьрмиг схьаэцар ца хуьлуш, масех де а даьлла, схьаэцча, цу чохь масех книга йара, кехат йукъа а хьарчийна, кечйина. Кхин а цхьа совгӀат а дара: пӀелгах йуллу детин чIуг, нохчийн бустам тӀехь а болуш. ЙоӀанна чӀогӀа хазахеттера. БӀаьргех хиш охьахьаьвдира. ХӀинца кхин а хала дара Зарина кӀанте ша ала гӀертарг дӀахьахо.
– Схьаийцин ахь, Зара, сан жима совгӀат? – аьлла, йоза хӀоьттира телефон чохь.
– Ӏарби, ма хаза ду-кх хӀара совгӀат, ткъа хьуна хала ца хетахь, ас книгаш схьа а эцна, йухалур дара хӀара, – элира йоӀа.
– Ахь хӀун дуьйцу?! Сайна хьуна дала лууш ма делла ас и. ГӀоза леладойла ахь и! Даггара делла ма ду ас и, леррина харжа а хаьржина. Сайн хьомечу доттагӀчунна. Даггара йелла хӀума даггара тӀелацахьа.
– Ӏарби, цхьа хӀума эр дара ас.
– ХӀун дара и, Зара?
– Йоккха стаг хӀинца маре йоьдуш йу. «Йоккха стаг», шена Iовжаме дерг бегаше даккхархьама, аьлла дара кхуо, кIантана а, шена а муха дайдийр ду ца хууш. – Ас даим а ма олура иштта, хьуна цхьа а сатуьйсийла ца хилийта, элира йоӀа. Бакъду, кӀанта а шен дагара ца хаийтинера кхунна цкъа а, йахар-йар ца дийцинера, цундела, хIара дикка кхеташ йацара кIентан даг чохь хIун ду, аьлла.
Вела а велла, жоп делира Iарбис:
– Муьлхачу книгин турпалхочун къамел ду и? ХӀун йоьшуш йу хьо?
– Ӏарби, вайн книга йу. Турпалхо а со йу.
КӀант кхийтира, хӀинца кхуо дуьйцу жайна хӀара дуйла, йоьду хан хӀара йуйла а. Цхьа тамашийна къиза а, ирча а чаккхе йолу книга йешча хуьлучу синхаамех тера синхаамаш хилира кӀентан. ХIумма а ца йазйеш, масех минот а йелира цуо Зарига. ЙоӀ кхетар а йацара цу шен телефонан «на другом конце звонка» дуьне доьхнийла. КӀентан дерриге а дуьне доьхнийла кхетар ма йацара йоӀ.
Ӏарбин доттагӀалла – дуьне санна боккха безам, ткъа хӀинца-м хӀаваэхь лелина, ченала доьжна, икккхина лоппарг санна, доьхна, дӀадели. Ма атта дуьйхи хьо, сан доккха дуьне! ХӀинца, ша хӀун йаздийр ду а ца хууш, виснера Ӏарби. «ХӀинца-тӀаккха, Зарига дӀахьахабо бохуш, лечкъабеш, экам сайца лелийна безам, хӀинца дӀакховдо стаг а воцуш, бисар…
Ма дагахьбалам бити ас сайна. ХӀунда титти ас и ши кхо дош дӀа, «кхана, кхана» – бохуш, кхин а цхьана хӀумане хьоьжуш. Велла волийла хьо, Ӏарби, хӀара хьайга алале и дешнаш дӀа ца аьлла волу…» – бохуш, ша-шегара бехкаш дохура… йух-йуха а карладуьйлуш, гуттар а базлора бала. Бехк шен буйла хиъча: «Куьг кхочучохь долу хӀума, и куьг дӀа ца кховдош, дуьненал генадалийти ас. Ва хӀара хӀун ду? Ма къуьйлу сан дог некхехь! ХӀун де ас? Ас хӀун де хӀинца? ХӀун ала?..»…………………………………….
ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№3.2024)