ГАУ «Издательский дом»

Газиева Аза. Iилманан хьаьрмахь

Нохчийн ширачу йартех цхьаъ йу Шела. ХIинца-м гIала йу иза. Делахь а, бIешерийн кIоргенера схьайогIуш йу иза нохчийн коьртачу йартех цхьаъ хилла, къоман йукъараллин дахарехь йоккха меттиг дIалоцуш. Дуккха а йахь йолу кIентий бевлла Шелара. Царах цхьаъ ву советийн Iедалан йамартлонна дуьхьал къийсам латтийна Истамулов ШитIа. КIезиг ца хилла Шелахь Iеламнах а. Кавказехь бевзаш хилла Гайсумов Соип-Молла, Хьаьжмурд, Ахьмад-Молла, Къахьарма-Хьаьжа, Авта-Хьаьжа, Шамсудди-Хьаьжа, иштта кхиберш. Бас, Жалкх а хишца хьаьрччина Iуьллучу Шелахь кест-кеста хуьлуш хилла Таймин Бийболат, Сесанара Ташу-Хьаьжа, Иласхан-Йуьртара Кунта-Хьаьжа, Эвтарара Митаев Iела, Теркайистера Элах-молла, Шаптукаев Докка, иштта кхиберш. Церан беркат тахана а, Делан къинхетамца, хьерчаш ду нохчийн халкъах а, махках а.


ГIарабевлла, дуьненан массо а маьIIехь бевза Iилманчаш а бевлла Шелара. Уьш бу Саламов Iабдул-Хьалим, Мациев Ахьмад, Хаджиев Саламбек, Ибрагимов Хьамзат, Чокаев Кати, Саламова Раиса, иштта дуккха а кхиберш. Царах цхьаннах, шен дерриге дахар ненан мотт талларна дIаделлачу, филологин Iилманийн докторх, профессорх, Россин корматаллин дешаран сийлахьчу белхахочух Чокаев Катих хир йу статья. Шех довха дош ала а, тIейогIучу ханна халкъан эсехь виса хьакъдолуш а нохчийн къоман тоьллачу кIентех цхьаъ вара иза.


Нохчийн доьзалехь 1929-чу шеран чиллан беттан 27-чу дийнахь вина Чокаев Зайндин кIант Кати. Нийса хир дацара, ирсечу бералло дог делош кIант хьалакхиъна аьлча. Кхиар Iаламат чолхечу заманахь хилла цуьнан. Шен олаллехь чIагIдала советийн Iедало гечонаш лоьху зама йу иза. Царах цхьаъ дара колхозаш йахкар. ХХ-чу бIешерийн 20-чу шерийн чаккхенехь Нохчийчохь а даьржинера и «ун». Россин массо маьIIехь санна, вайн махкахой а резабацара хала гулдина шайн даьхни колхозе дIадала. Амма советийн Iедалан баьччанаш шаьш аьллачунна тIера бовлуш бацара. Царал а луьра, къиза хьийзаш, цIаьххьана каракхаьчначу даржех Iехабелла меттигера хьаькамаш бара. Доцца аьлча, Iедалан векалийн лаамаш, мискачу адамийн таронаш а цхьаьнайогIуш йацара. И Iоттабаккхам бахьанехь, 1929-чу шеран гIуран беттан йуьххьехь Шелахь гIаттам хилира, шен коьртехь ЦIечу Эскаран командир хилла волу Истамулов ШитIа а волуш.

И гIаттам, ОГПУ-н белхахоша, ЦIечу эскаран бIаьхоша гIо-накъосталла а деш, къинхетамза хьаьшира. Цул тIаьхьа 450 стаг набахти чу кхоьссира, 60 стаг вийра. Дуьне духуш делахь а, колхозаш кхоллар советийн Iедало сацор доций, дIахаийтира. Нохчийн халкъан кхин самалхадолуьйтуш ца даьхкира ХХ-чу бIешеран 30-гIа шераш а. НКВД-н къизаллаш, йийца ца оьшуш, массарна йевзаш йу. Цхьа сирла мIаьрго йара Чокаев Катин цу шерашца йоьзна. Иза Шеларчу школе деша вахарца йоьзна йара. Школе вахале, шен пхи шо долуш, йуьртарчу хьуьжарехь а дешнера Катис. Делахь а, советийн Iедало йиллинчу керлачу школе I936-чу шеран гурахь ша вахар къаьсттинчу дозаллийца дуьйцура Iилманчо. Шен дуьххьарлера хьехархо хьахош а, чIогIа самукъадолура цуьнан. Оьрсийн къомах а йолуш, хаза, оьзда зуда йара иза, нохчийн бераша деша лууш, шегара хаарш шелара берашна дIалуш, книгаш йешар тхуна марздеш йара и», – олура Чокаев Катис кест-кеста шен къамелехь. Жима волуш дуьйна, шен хьекъалца нийсархошлахь билгалвуьйлучу Катин тидам беш хилла хьехархочо. И ховха уьйр-марзонаш йеха лаьттар йолуш ца хиллера. I94I-чу шеран асаран беттан 22-чу дийнахь немцойн фашисташа советийн союзана йамартлонца тIелатар а дина, дIаболабелира Сийлахь-боккха Даймехкан тIом. Ткъа I944-чу шеран чиллан беттан 23-чу дийнахь Сталинан хьадалчаша къинхетамза махках даьккхира дерриге а нохчийн халкъ. Цу декъазчу декъехь бара Шеларчу Чокаев Зайндин доьзал а.


ГIиргIизойн махкара Фрунзен областера Токмакехь дIатарбинера дукхахболу шелахой. Пхийтта шо кхаьчна вара Кати «халкъан мостагI» цIе а тиллина, махках воккхуш. Токмакехь дIаболийра цо шен хьаналчу къинхьегаман некъ. Йоза-дешар хууш вара аьлла, дог лаьттачу балхе сатуьйсила йанне а йацара. Уьш бихкина бара нохчашна цу хенахь. Йуьхьанца Iеха (торф) боккхучу бахамашкахь къахьийгира Катис. Iаламат хала белхаш бара уьш. Амма аттачу балхе сатуьйсила йацара цкъачунна. Бакъду, болх хала бара аьлла, дешар дIа-м ца тесира кIанта. Дийнахь Iеха боккхуш, ткъа суьйранна кегийрхойн школе воьдуш, къахьоьгура кIанта. Иштта, дийнахь болх беш, буьйсанна доьшуш, I952-чу шарахь чекхйаьккхира Чокаев Катис Токмакера №I йолу йуккъера школа. Шена тIедехкина декхарш, болх Iаламат дика барна, Катина делла хилла баркаллин кехаташ, сийлаллин грамоташ а. 1954-чу шарахь ГIиргIизойн комсомолан ЦК-с йелла Сийлаллин грамота а йу царалахь. Дика болх бина ца Iаш, Токмакера комсомолан йукъараллин дахарехь жигара дакъалоцуш хилла иза. Цундела таро хиллачух тера ду, нохчашна, гIалгIашна а дихкинчу заманахь ГIиргIизойн пачхьалкхан университетан филологин факультете деша ваха. Билгалдаккха деза, Кати балхах йукъах а ца волуш деша вахана хилар. ГIиргIизойн университетан студент волуш, Фрунзен областан Чуйски кIоштара Шамсински йуьртарчу школехь оьрсийн мотт, литература а хьийхира Катис масех шарахь………………………………………..

ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№2.2024)

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.