АстагIа а лелхаш, хи долчехьа чувуссуш вара и шиъ. Хьалха воьдург, жовхIарш санна даьржина Iохкучу тIулгаш йуккъехь таса а велла, охьакхеттаза велира. КIадвалар а, гIелвалар гуш дара. Хала воьдура и шиъ. Йаххьаш тIехь къаьсташ хIумма а дацара. Дуьненах дог диллича санна дара хьежар, шадоллучу дуьненан хIума кхачийначу хьежаран бIаьргашца. Гихь мохь бара. Беза мохь, шинненан а, белшех чудиссина доьхкарш а гуш. ХIорангахь ги тесна цхьацца топп а йара. Букъ саттийна, гуора таьIна-а дIаоьхура и шиъ, кхин бIаьргаш хьала а ца хьажош.
– Цхьа-ши патарма белхьара вайшингахь, – элира тIаьхьавогIучо, – вайшимма къайлене дIабиллинчарах. Ша аьлла и дешнаш, цхьа бен а доцуш санна, хазийра цуо. Чохь са доцуш санна. Йа хаттар доцуш, иштта дIа, алархьамма, йа воьдург шега вистхилийта. Хьалхавоьдучо цо аьлларг тергал а ца дира. Кхехкаш санна, кIайн чопа а йуьйлуш, тIулгаш йуккъехула кхиссалучу хи чу ког баьккхира, кхин йуха а ца хьожуш, дIаволавелира. ХIара а велира цунна тIаьххье хи чу. Когара мачаш дIа а ца йехира хьалхавоьдучо, йа тIаьхьа хи чу ваьллачо а. Хи шийла дара. Ша тIера догIу хи. Когаш гIорийнера, пIелгийн буьхьигаш хаа а ца луш. Цхьайолчу меттигашкахь гоьллелц хьала а долура хи. ДIаваха чIогIа хала дара. Шерачу тIулгаш тIехула дIаваха. Охьа ца кхета гIерташ, куьйгаш дIасхьатуьйсара, галморзах а лелхаш. ТIаьхьавоьдург шерачу тIулгаш тIехь охьакхеттаза висира, йуха, когаш тIехь дIа а нислуш, багара цхьа лазоран аз а хазош. Корта хьаьвзинчух тера дара, цуьнан галморзахвийларца. СадаIар ца тоьаш санна, куьйгашца мох-хIаваъ а лоьцуш, са чуозо гIертара иза. Йуха цхьана меттехь сецира, хьалха дIавоьдучу накъостана тIаьхьа а хьоьжуш. Иза кхул а мелла а гIолечу боларехь воьдуш хетара, йухахьажар а доцуш. Цхьана мIаьргонехь лаьттира хIара, цунна тIахьахьоьжуш. ТIаккха мохь туьйхира. – Билл, ладогIахьа соьга, схьахьажахьа! Сан ког керчина!
Билл, астагIа а лелхаш, хи тIехула воьдуш хетара. Хи, шура санна, кIайн басахь дара, лоппаргех ловзуш, сирла хьаьъна доьду хи. Иза схьа ца хьаьжира. Цкъа а ца хьаьжира схьа. Ткъа хIара, иштта, дIа латта висира, кIорггечу сингаттамал сов бIаьргаш чохь гуш кхин хIума а доцуш. Йуха, Билл хи чуьра хьала а ваьлла, шен астагIчу боларца дIавоьдуш гира. Хин йуккъехь лаьттарг цунна тIера бIаьрг ца боккхуш, вехха лаьттира. Балдаш иэгадора, морса-хьаьрса мекхаша меран дукъ озадарца муьрг а йетташ. Дакъаделла балдаш меттан буьхьигца тIадо гIоьртира, бага йакъайаларна.
ХIара кхуьнан тIаьххьара кхайкхам бара. ГIо доьху кхайкхам. Амма, Билла ларамза а корта схьа ца хьовзийра. Схьа а ца хьаьжира. Вехха тIаьхьа хьийжира шолгIаниг, астагIа а лелхаш воьдург а гуш. Цкъацкъа, гуоравоьдий, лаьттах а кхетара иза. Схьа а ца хьожуш, воьдуш верг. Ирхоне воьдура Билл. Оцу ирхонна буьххье хьала. Ирхо хIордан тулгIенаш санна йара, цхьатерра хедийна а йолуш. Иза къайлаваллалц тIаьхьахьийжира шолгIаниг, цу гуна дехьа и къайлаваллалц. Эццигахь, шен цхьанаметте догIаделла тIаьхьахьежар саца а дина, шена гондахьа дисначу дуьнене бIаьрг хьажийра. Билл къайлаваьлча, шена дисначу дуьнене. …………………………………………..
ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№2.2024)















