ГАУ «Издательский дом»

ДАДАКАЕВА Элита. Дийцар

Маржан

Iуьйре шийла йеанера. Маржан бежнаш дажа дIа а хецна, чуйан дагахь йара, амма цхьана ойлано сацийра иза, дIайигира, дIаластийра генна, жималле… хаза хан йара иза… Бер долуш, дас хьистина, йуха берашца бацалахь ловзар, йуха и кIайн говр… ма сиха дIайадайора цо, махаца къийсалуш санна. Йуха хийистехь латтар, везарг, чIуг, маре, бераш… Дуккха дагалецамаш. Дохор, Казахстан…
Тахана хIунда дагадеа суна сан дерриг дахар, оцу кIайчу говро дIадаьхьча санна долу…
ЭхI, ма дара иза! Ма чекхдели… Чекхдели? ХIунда? Суна дага хIунда деа «чекхдели» бохург? Хьан а бераш цIахь дац, балхахь а, шайн доьзалшца а. Соьца х1ара лаьмнаш ду. Сан берийн да, сан Мохьмад а дIаваха ши шо хьалха, суна собар а ца деш…
Иштта ша йисча, дага ца догIуш хIума ца дуьсура Маржанна. ХIинццалц а дагабогIура цунна белларш, ша цаьрга йистхуьлуш санна а хетара. Цара Iен ца йуьтура иза. Буьйсанна гIан гира цунна, шен дейижарий а, Мохьмад а хьошалгIа а баьхкина, шега дIайола бохуш. Сан йиш йац хIинца – элира хIокхо, сан берийн бераш а ду даккхий хила дезаш. Царна со оьшу, суна уьш а … ТIаккха, самайаьлча, дицделлера и гIан. ХIинца иза а дагадеара.
Шийла йу арахь, чуйаха йеза. Пешахь дечиг дуй хьажа йеза. ЦIаьххьана бераш хьошалгIа дагIахь аьлла, чоьнаш йовха латтайора Маржана. КIанта даийтина ши машен дечиг а дара. Цхьана а хIуманна эшам ца хуьлуьйтура бераша.
Чуйеана жимма хан а йалале, цхьа шийла мохь хезира уьйтIахь. ТIаккха неIарехь дар-дарнехь тата.
– Маржан, ва Маржан! НеI йеллайелира. Лулара Байсари йара иза. Йега а йеш, йуьхь тIехь бос а боцуш, чуиккхира иза. Чуйуьйжира.
Маржан лаьттара, Iадийна. Корта баьсса бара. ТIаккха ойланаша дукха буьзна.
ХIун тIедеа-те бохуш…
– ас… хьо…вай йуха а дохош ду…
Аллах!-Дела, вай хIун дан деза хIинца?! Йуха а …йуха а … – бохуш, йегайора Байсари.
ТIаккха, оцу маьхьарца араиккхира, къайлайелира, йешира…
Кхетам чу йеача, Маржанна ша цIенкъахь хиъна карийра.

– Дохош ду, тов? ХIара а ду-те гIан? Дац! НеI йиллина, арахь белхар…
Сихха документаш схьалахьийра. Шен пенси а, ша йелча дIайолла гулдеш долу. Суьрташ а …
Шад карахь а болуш йала а йелла, шен неIсагIехь карийра Iадийначу лулахошна.
Байсари йоьлхура, ша йийна иза бохуш. Кхерам массеран а дегнаш чу боьссинера. ГIали чу эскар таттаделлера. ТIом болабелла хиллера цу дийнахь. Массо а хIума дицдеш болу тIом…

Орга №1. 2023

129 комментариев

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.