ГАУ «Издательский дом»

ШАМИЛОВ Сахьаб. Марха

Мархин бутт бара тIекхаьчна. Берз-Махкара хIаваъ самукъанех дуьзна дара. Iуьйренца Борз-Дада волчу бераш а дара гулделла. Лилис чу а еана, Борзе элира:
– Борз, Баба йу цIа кхочуш, гIо дан деза цунна.


Берашна даима хазахета, Баба цIа йогIуш. Къаьсттина туьканара.
Борзас гIо а деш, Баба чукхечира. Сацам бацара церан, Бабас тIоьрмиг чуьра мерзалгаш гучуйахаре сатуьйсуш.
Берриг а тIоьрмиг охьабассийча а, бераш тIе ца кхевди. ХIунда? Ур-атталла уггаре жимахйолу Буьртиг а йац хIумма схьаоьцуш.


– Ва, ма кхоам бу церан. Йуург къеста ца йахьара кхара, – боху Бабас.
– Йуур йу хьуна цара, Баба. Делан къинхетамца, болабели беркате мархин бутт! – хазахеташ, боху Лилис.
– Везан Дела, ницкъ ло Ахь тхуна марха кхаба а, даста а! – дехарца боху Бабас
– Амин! – элира доггах Лилис.


Делкъана, суьлхьа а хьовзош, кертахь хиина Iаш вара Дада. Цунна йуххехь ловзуш бераш дара. Бераш хIума йаа чу кхайкхира Лилис.
– ХIоккхе схьайахьа, кхузахь йуур йу оха, – аьлла, дуьхьал мохь туьйхира цара.
Нанас, тIе а йеана, бехк баьккхира:
– Дадин марха ду. Цунна хьалха хIума йуур йара аш? – аьлла.


– Йиъча хIун ду? – бохуш, ца кхетара хIорш.
– Марха кхобучунна хьалха йууш ма ца хуьлу. Хаза ма дац. Шайн дагахь диталаш и, – аьлла, хьийхира нанас. Лили берашца чуйахара.
– Нана, марха хIунда кхобу, хIума йаа ца мегаш? – хаьттира Борзас.
– Дала кхаба аьлла тIедиллина дела. Делан пхеа парзах цхьа парз ду иза. Вайна диканиг лууш ма ву Дела.


– Нана, суна лаьа марха кхаба! – самукъадаьлла, йукъаиккхира ЦIазам. Борзас а элира изза. Кхеран массеран а барт хилира, кхана цхьаьна марха лаца.
Доладелира кхеран марха долу де. Селхана шайна ца йеза аьлла йолу кампеташ гира кхарна.
– Суна-м хIинца и мерзалгаш дика хетар йара, – элира Борзас.
– Вайшимма ца йеза ца аьллера уьш Бабига? – меллаша элира ЦIазама.


Чувелира Дада:
– Вай марха кхобучу хенахь, йаахIума йоцуш Iаш нах буйла хаьа, церан хьал девза, тIаккха вай къинхетаме а хуьлу, массо вочу хIуманах лар а ло. Цхьажимма собар де, марха досту хан тIекхочур йу. Мел хазахетар дай шуна, шаьш и марха кхаьбна, хIума йууш!
Болу-уш, чекхбелира мархин бутт. Вайна йевзинчу хIусамехь массо а кечам беш вара вовшийн декъалван.


Дадас берашна сахьнаш делира.
Бабин а, Лилин а бIаьрг буьзира, бераша, къаста а ца йеш, хIума йууш а гина.
Дадас берашна коьрта хьехар дира:
– Кхана шу марха къобалдан арадевлча, дагахь латтаделаш: шу сагIадоьхуш лелаш дац шуна. Наха кхаьбна марха Дала къобалдойла ала доьлхуш ду. Шайна лахь, йелларг схьа а эца, Дала сагIа йойла а ала. Дика дуй?
– Дика ду, Дада!


Марха достучу дийнахь йуьртара адам вовшийн марха къобалдеш дара. Бераш, хаза бедарш тIейуьйхина, шайн доттагIийн ков-керташкахула лелара. Дуьххьара СедагIаьрга бахара. ТIаккха, иза а эцна, малх санна волу жима Гоьнчиг волчу, тIаккха цуьнца цхьаьна ворхI йишин йиша Тоита йолчу.
Кхочу-уш, йуьртара массо ков-керта кхечира хIорш. ХьошалгIа воьдуш, хьеший тIелоцуш, диканиг хилар доьхуш, беркате де дара и. Кхечу йарташкара, кхечу мехкашкара а баьхкинчара марха Деле къобалдар, лайна хало меле йазйар доьхуш, хаза де дара марха досту де.

Стела1ад №1. 2022

123 комментария

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.