ГАУ «Издательский дом»

САТАРБИЕВА Жайна. Дийцарш

Сатарбиева Жайна йина 1999-чу шеран оханан беттан 16-чу дийнахь Эвтарахь.
Бералла Соьлжа-Г1алахь дIайахнехь а, ерриге аьхке дехойн, ненахойн керташкахь йоккхура бераша. Иштта марзделира кхарна йуьртарчу бахархойн гIиллакхаш.


20I6-чу шарахь чекхйаьккхира Соьлжа-ГIалин лоьмар II йолу ишкол.
Цу шарахь Делан пурбанца Жайнин деша йаха аьтто хилира шинхьа. Гондахьара адамаш : «Ахьа хIун до цу университетех, цхьаъ совнаха йу» – боху къамелаш деш лаьтташехь, цо шен дипломаш схьаийцира.
202I-чу шарахь чекхйаьккхина Северо-Кавказски федеральни университетан экономически факультет, ткъа 2022-чу шарахь – Нохчийн Пачхьалкхан Хьехархойн Университетан филологин факультет а.


«Керла гуо – керла адамаш, церан хIораннан шайн дахар ду. Дахар довза лууш, коьртехь шортта хаттарш хьийза. Цу хаттаршна йозанца жоп дала хьожу со» – олу Жайнас.

Вайн дегнаш чуьра шело

Йома йиллина хIума тIейуьйхина адам суна ганза дукха хан йара. Тахана больницехь цхьа воккха стаг вайра. Со, йовха куртка йуьйхина, кога керла мачаш йуьйхина лаьтташ йу, долчух тоам ца беш.
«Ламода» чуьра керла схьадаийтина кхин цхьаъ Iаьнан чкъор ду.
И стаг вета болчу кучаца, цунна тIехула йуьйхина киталца ву.
Арахь шийла йу, тхойша тIаьхьа-хьалха арадолу больници чуьра.


Кху шелонехь гIаш некъ ца бан, ас такси кхойкху. Такси цу Делан минотехь схьакхочу. И стаг урамехула волало, шен тешаме «доттагIчух», Iасанах, шена гIортор а йина. Суна чIогIа лаьа цу воккхачу стаге ала: «Ваши, машенахь меттиг бу, хьо ваха везачу метте дIакхетор вара оха… Ас цуьнга и ца олу. Хаьа суна, и саннарг цо тIедуьтур доцийла. И тIедита цIийца йолчу йохьо и вуьтур воцийла а. Сан дог Iийжа.
Со лерина хьоьжу, такси а йицйина, цуьнан гIийлачу боларе.
Схьакхаьчначу таксисто мохь тухий, йукъахдоккху сан хьежар. Со машен чу хиъча, ас олу таксисте: «И дIо воьду стаг вига веззачу айхьа дIавуьгур ву алахьа цуьнга, ахь боьхху мах ас дIалур бу хьуна».


Таксисто дехар до воккхачу стаге. Цо аьттехьа а ца дуьту дехар. Масийттазза куьг ластадой, «ДIагIо, дIагIо! Дала сий дойла шун!» – олу цо.
Балха дIакхаччалц, дагахь лаьтта суна цу стеган амат: къаналло саттийна букъ, кIайн маж, баьццара духар, можа йома йиллина баьццара хечин ког, холхазан куй, карара NOKIA телефон.
Ткъа суо цул а гIийла хийтира суна, тIехь керла духар, коьртахь деза йовлакх, карахь тоьлларг телефон йелахь а.
Сан са гIийла ду, ойла сонта йу… Ши капек мах бац кху ловзоргийн.
… де шийла дац, вайн дегнаш чохь йолчу шелоне хьаьжча.

Безаман каш

Кхин цкъа а йогIурйоцу Iуьйре, йахана, йай, дерриге ирс, маьлхан серло шеца дIа а хьуш…
– Цу маьлхан серло даиманна, со миччахь хиларх а, соьца йуй хаалахь, – элира кIанта.
– Новкъа маса даьлча волу хьо? – дуьхьала хаттар дира йоIа.
– Дерриге кийча ду тхан. Кех довлуш ду тхо.
– Собар де. Коьртаниг дицдина ахь. Ас доIа доуьйту хьуна, машена хууш дан дезаш долу. И ца доьшуш, кех ма валалахь, – гIайгIане элира ас цуьнга.


– Дала сий дойла хьан! Малх бу суна тIе ца тоьуш берг. Хьо кечйелла йаьлча, схьакхета тарлора иза, шен зIаьнаршца дуьне серла а доккхуш. Сан доттагI, Дала аьтто бойла хьан экзаменехь! Ахь Iамийний хаьа, пхиъ бен хьуна ца дезий хаьа.
ЙоI даиманна йелаелла, йекхна, самукъане хиларна, йевзинчу дийнахь дуьйна «Малх» ала вуьйлира кIант кхунах.
ЙоIана чIогIа тайра иза, массарна ша йекхна гайта гIерташ, хIораннан а дог эца гIерташ йолу.
ХIокху шиннан амалш тера йогIура. Дуьнене болу хьежам а цхьаъ бара.
И жима стаг вацара цхьаннех а тера. Цуьнан вистхилар, хаза сийна ши бIаьрг, лелар а цхьана а хIуманца дусталур долуш дацара.


Вевзина кхоалгIачу дийнахь везавеллера иза кхунна. Къайладаьхьна а хIун до?!
Дагарахаийта ца хIуттура, массийтта бутт баьлча а. ЙоIана иэхь хетара безам бийца.
КIант гергарчу махка ваха везаш вара. Кхана новкъаволу аьллачул тIаьхьа, кхара дукха къамелаш дира телефонехула. Шина йуьртахь делахь а, ойланца цхьаьна дехара и шиъ. Оцу масех сахьтехь бIаьргашна дуьхьалтуьйсура хиндерг: кIайн гIабали, баккхий нах, хьехарш деш зударий, гонаха хьийза нийсархой.


Муха йолу а ца хууш, буьйса дIайелира. Сахьтан цхьамза 6-на тIехь сецира…
Къолам хьаьккхинчохь дахар долало, хада а хеда, цхьаьнгга а пурба а ца доьхуш.
Цу дийнахь йоIаца Iожалло къевсира кIант. Экзамен йала чуйаханчу кхуьнан даге ов деттара. Кхузткъа хаттарх шовзткъе пхийтта Iамийнера кхуо. Пхиъ даьккхина арайала кийча йолу хIара цец йара, шена ца хуучу пхеаннах, ши хаттар шен билета тIехь гича. Эрна хан ца йойуш, кабинет чуьра арайелира хIара, хьехархочуьнга ша кийча йац аьлла. ЙоIанна чIогIа халонга делира хилларг, цхьа тамашена йелхар а оьккхуш. Цу минотехь ма-дарра кIанте йазйира кхуо дерригенах а.


Дуьхьал хаам беара: «Цигахь везаш вара, моьтту суна со».
ЙоIа жоп ца делира. Цуьнан коьртехь хьийзара: «Бала ца кхаьчна цуьнан хьоьца, бала хиллехь, телефон схьатухур йара». Цу ойланца йоIа жоп ца делира кIантана. Иза ша зIене валлалц, цуьнга ша йазйийр йац аьлла, чIагIо йира.
Йоьлхучуьра саца ца лора. Цкъа а лезна доцу дог лазадаьллера. Даге ов деттара, бIаьргех хиш оьхура. ХIара мелла а сиха цIехьа йирзира. ЦIахь дIайижна, бахьана доцуш шегахь лаьттачу баланех йада аьтто хир бара.


Де хийцаделира суьйренца, хIара набархйолуш. БIаьргаш белларца, телефона тIе хьаьжира иза. КIантера цхьа а хаам бацара. Шен йахь генна дIатеттина, кIанте йазйира кхуо. Цул тIаьхьа масийтта сахьт делира. Цхьа а хаам бацара. Тийналла йохийра схьатоьхначу телефоно: «И велла ма боху. Бакъ дуй иза?». ХIара ца тийшира. Цхьа Iовдал забар йара и. Машенан сурт даийтича а, ца тийшира. Машенан номер гуш йацара. ДоттагIчунна хIумма а хила йиш йацара. Ватсап схьайиллича, цо дIатоьхна машен бен йуьйцуш йацара.
Кхуо кIентан накъосте туьйхира телефон. И дIайоьдучу секундашкахь, дегIе шело оьхуш, аз дегош, элира кхуо: «Дела дуьхьа, ма алалахь и бакъ ду. Пурба дац хьуна. Цуьнан машен ма йац иза». Вист ца хуьлуш Iийначу Валида, дерриге гIора схьагулдина, элира: «Бакъ ду».
Ойланехь йоьттина гIаланаш харцийра оцу шина дашо.
Мохь белира йоIан, хIара дерриге дуьне Iаддол чIогIа. Кхерайелла нана, цунна тIаьхьа ведда да, гонаха хьийза йиша… Кхунна цхьа а гуш вацара, цхьа хан йаллалц. Эзар дакъа хилира кхунах а, кхуьнан дагах а…


ЙоIан ойланаш паналлехь хьийза:
ГIенашкахь даго хьоьца къамелаш до «Йисина йу», – аьлла, цIе йитина йелира ахь суна, кхин хIумма дацахь а. И цIе кхиош йаха атта хир дара кху дуьненан новкъахь. Хьан хазачу бIаьра хьоьжуш, эсалчу озе ладоьгIуш, йаха ойла йара, лаамехь йоьттина гIаланаш йара. И гIаланаш хаьрци, шайна тIаьхьа йесалла а йуьтуш.
Суна дага ма оьху дерриге а: хьо вовзар, хьан бIаьра хьежар, кхечу йоIаца хьо гича, кийра тIекIалбалар. ХIинца велара хьо, кхечуьнга хьежа, кхиниг йеза.
Сан бIаьрхиш совцуш дац. Царна хIун дан деза ас?
Ахь делха дитинчу жимачу дагна хIун до вай?
Ахь баьккхинчу ког боккхуш, муха лела со?
ХIоразза а хьоьга йазйо ас, сайна жоп лурдоцийла хуъушехь.
Ши шо дIадели.


ХIара кехат хьоьга йаздинчул тIаьхьа, бIаьрхиш дакъор ду аса. Дог, аьчкан догIа а тоьхна, къовлур ду. Оьшучул а совнаха ас ойланаш йо, олура ахь хийлазза. Хьо бакъ вара.
И бала ас Iоьвшина, хьан машенах деман дарц хилла кIира хан йалале, суна тIе захало деара. Шина а агIор болу баккхийнаш чIогIа реза бара.
«Йуьртара хилча, балхахь-хьаьттахь хилча, тIекIалдина цIенош хилча, кIант йахь йолуш хилча, кхин хIун оьшу хьуна?» – аьлла, хаттар дира соьга…
Хьо дIавахарх, дуьненан хьийзар соцур долуш ца хиллера. Дера дац и, ахь дитарх йа ас дитарх, шен хьийзар сацор долуш.
Тхо тезета догIуш, хьан накъост, новкъахь йоI хазаелла, цунна тIаьхьа хьажа воьлла, ворта кагйанза велира.


«Хено чов йерзайо», – бохург бакъ доцийла хиъна суна хIинца. Цо цуьнца ваха Iамош хиллера. Наггахь шун йуьртана тIехйолуш, ахь безамца кечдина хилла цIа го суна. И кечдина ваьлча, чуверза лаам бара хьан.
Ткъа хIинца уьш йеса йу. Йа доьзал а бац тIаьхьа белха.
Каш доцург, хIумма йац.
Ала дисна кхи ду: «Цигахь везаш вара, моьтту суна со», – ахь йаздина тIаьххьара дешнаш хиллера…
Цу ирчачу буса ас ламаз тIехь вийхира хьо, нанас шен бер ма-деххара. Со кхийтира баккхийчийн «Безачийн дегнаш вовшах дихкина ду», – бохучу дешнех. Экзамен йолчу дийнахь сан дог лазар хьан дог сацаран билгало хилла.
Сан доттагI, цу Iуьйранна хьоьга дайтина доIа АллахIа хьо новкъа ваккхаран пурба хилла».
Йаздо ас кехат, кхин цкъа а йуха ца деша.


КъинтIеравала, доттагI, хьох йолу ойла дIататта, дуьненахь ирс леха ойла кхоллайаларна.

Орга №1. 2022

5 017 комментариев