ГАУ «Издательский дом»

ГАЙСУЛТАНОВ Iумар. Iалам хаздан деза

I
Шайн кетӀахь синтарш дугӀуш воллура Ризванний, цунна гӀо деш Решиддий. Ӏай садаьӀна кӀеда латта белаца дIа а туьйсуш, кӀаьгнаш дехира цушиммо. Цул тӀаьхьа, кертара схьадеана синтарш орамашца царна чу а хӀиттош, чу латта хьекха волавелира.
Цушинна тӀевеара ЯрагӀи. Ца вешаш, балда а саттийна, элира цо:
– Баккхийчех тарлуш воллу шуьшиъ?
Ца кхеташ хьаьжира Решид:
– И бохург хӀун ду?
ХӀинца хецца велавелира ЯрагӀи:

– Баккхийчара а дугӀу бохуш, воллу-кх шуьшиъ хӀорш дугӀуш!
– Валла а воллу, ваьллича, вон а дац, – хадийра Ризвана шарвала воллучу ЯрагӀин хабар.
Ризванца цкъа а ца къуьйсура ЯрагӀис. Цо, ала догӀург олий, дӀатевора иза. ХӀинца а цхьана юкъанна дӀатийра ЯрагӀи. ДогӀа кечдина синтар – тӀаьххьарниг схьаийцира Решида. И дика а ца хетта, корта ластийра Ризвана.
– ХӀара дика дац. Аса хӀинца кхин дохьур ду.

Ведда шайн беша вахара иза. Дукха ца Iаш, кхин синтар а дохьуш, юхавеара.
Цуьнга хьаьжначу ЯрагӀин ши бӀаьрг къегира:
– ЭхI, ма дика сара хир бара цунах мӀерана! – элира цо.
Гома хьаьжира Ризван.
– Дитт кхин а дика хир ду кхунах, – элира цо.
Дахдеш, цергаш юккъехула туй а кхоьссина, вист а ца хуьлуш, дӀавахара ЯрагӀи.
Ши кӀант синтарш дийгӀина велира. Цул тӀаьхьа, орам дика дӀалацабалийта, ведаршца схьа а кхоьхьуш, хи доьттира цушиммо xlopa синтарна.
Новкъа вогӀу воккха стаг Таймасха кетӀарчу гӀанта охьахиира. Леррина цара бечу балхе а хьоьжуш Ӏара иза.
Ши кӀант ваьлча, юха а хаавелира ЯрагӀи. Консервни еса банка когаца лоьллуш, гӀовгӀа эккхийтина, вогӀура иза. Карахь, газетан тӀоьрмиг юккъехь цхьа хӀума а яра цо юуш. Кхарна тIекхоччуш, тӀоьрмиг бассабелира цуьнан. Лаьтта охьакхоьссира иза ЯрагӀис.
И ца тайначу Ризвана бехкбаьккхира:
– ЯрагӀи, шайн чохь цӀенкъа ца кхуссу долу кехат охьа хӀунда кхоьсси ахьа? – элира цо.
– Кхоьссича хӀун дара иза?
– Аса, девзиг а хьаькхна, цӀан ма йина xlapa меттиг.
Вист ца хуьлуш хьоьжура ЯрагӀи хӀинца Ризване.
II
Эццахь юкъавуьйлира воккха стаг Таймасха.
– Бакъ ву хьо, кӀант. Ахьа бохург нийса ду. Ӏаламо шен терго ца ечунна тешнабехк бо. Дерриг дуьне адамийн башха цӀа ду. Хьо вехачу цIа чохь санна, Ӏаламехь а дерриг а, хила ма-доггIура, дӀанисдина хила деза. Адам цуьнан терго еш хила а деза. Хьуьнхахь хӀо цӀена хӀунда хуьлу? Дитташа цӀандо иза! Вайн юьртахь уьш дукха мел дийгӀи а, хӀаваъ цӀена лаьттар ду. Адамийн могашаллина оьшуш ду иза, вай дуу бепиг санна. Кхетий шу? Синтарш дийгӀина а дика гӀуллакх дина аша. Дика бераш ду шу.
Ша охьакхоьссина кехат а, керчош хилла банка а, вист ца хуьлуш, схьаийцира ЯрагӀис.
Таймасхас бохура:
– Цхьабосса юкъ а юьтуш дийгӀинчу хӀокху синтарша кевна хьалхара xIapa ураман некъ хазбина. ГӀа даьлла, ӀиндагӀ луш хӀинца дацахь а, товш ду, байн хьоькхучу махо гIa а ловзор ду.

410 комментариев

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.