ГАУ «Издательский дом»

ТАГАЕВ Сайд-Хьасан. Ламанан тхи

Ризван, хIора а аьхка, школера дIахецча, ненада а, ненанана а долчу воьдура хьошалгIа лома. Кхузахь, лулахь дуккха а гергара нах бара, ургIалех йина керташ а йолуш, Органан йистошца тогIи чохь бехаш. ХIокху урамехула чекх а болий, лома боьдуш некъ а бара, юьртан бажа лелаш…


– ГIаьттиний, Дадин кIант? – хезира кхунна дечиган маьнгина уллехь.
Ризван вела а велла, бIаьргаш чу буйнаш а хьийзош, охьахиира, набаро кхоччуш дIахецанза.
– Iуьйре дика йойла, Дада! – аьлла, ненадена мара а кхетта, ведда аравелира Ризван, юьхь-куьг дила.
Малх, лома тIехьара гучубала, гIаьттина богIура. Iинан йистошца долчу дуькъачу дитташлахь олхазарийн самукъане аьзнаш Iенара цхьана дитта тIера вукхунна тIе.


КIайн кир тоьхна, тхевнна гериг йиллина, цIенош гора дехьа а, сехьа а, лакхахь а, лахахь а. Бежанаш баже лахка боьлхучу зударшна леташ, цхьа кIеза а хьаьдира кертаца.
Урамера Ризванан накъост Селим а вара, сариг а карахь, бежанаш дIалахка воьдуш.ХIара а ваьллера иштта ара, Бабин ши етт, кхаарг а лаьллина новкъа.
– Селим, вайша воьдий ДадагIаьрца лома?
– Дадас хьо воуьйтий?


– Хьоьгахь хьайн телефон хир юй?
– Цигахь зIе хир яц хьуна, хаалахь… вышканаш ма яц цигахь.
– ТIаккха интернет хир ма яц ловза!..
– Цхьаъ дийр ду вай…
– ХIинццехь цхьа-ши программа чуйоккху вайшимма! – аьлла, Селим самукъадаьлла, хьаьвзира. Кисанара телефонаш хьалаехира кху шимма.


– Соьгахь айфон ю, цуьнан память йоккха ю… – аьлла, Ризван сихха телефон кего хIоьттира.
– Иэс ала, ваша. Иза а «память» бохург ду хьуна, – элира Селима. Юха воьлура хIара шиъ. – Соьгахь андроид ю… цунна чохь меттиг тоьар яц, – бохуш, къийсалуш, гонах дерг ца гуш, самукъадаьллера шина кIентан.
– ДIаяха шайгара телефонаш…Iин чу гIур ву шуьшиъ, гонаха дIасахьожуш хила… – аьлла, мохь белира дуьхьал йогIучу зудчун.


– ДIаяхана елара шен новкъа, бала боцург а ца дуьйцуш, – лохха элира Ризвана.
– Ма аьллахь… воккхачуьнга иштта олуш ма ца хуьлу, – аьлла, доттагI саца а вина, зудчун де дика дира Селима.
ХIара шиъ схьакхаьчча, кхеран баккхийнаш, говраш а кечйина, кхаьрга хьуьйсуш бара, къамелаш деш.


Ризван джинсан костом юьйхина, когахь кроссовкаш, коьртахь бейсболка а йолуш вара. ТIоьрмигаш кхара сийссарехь кечдинера, мел оьшург чу а йиллина. Цу чохь гIалара туьканара деана йоьхь, чипсаш, пепсеш а дара.
Дада а, Баба а Ризване лоьра, и дIовш ма даа, лийр ду шу бохуш. Кхарна шайна езарг бен новкъахь ца оьшура, и мухха елахь а.


Селим, Ризван а шайца волчу шина Дадас говрана хьалхахь марахь тIехевшира. Кхеран чIогIа самукъадаьллера.
Кхеран телефонаш, массо а хIума схьалоцуш, суьрташ дохуш яра, садаIар а дайна.
– Селим, хьажал, дIо дитт мел хаза ду! – олий, телефон тIеерзайора Ризвана уллерчу говрахь волчу доттагIчунна.


– Суна дIогара бекъа хазахета! – аьлла, велавелира Селим.
Иштта цхьана сахьтехь гергга некъ бира кхара, хаза мел дерг телефонна чудаккха гIерташ. Юьртарчу берашна, юха гIала дIадахьа а, кечдан дезаш дара бIаьрго схьа мел лоцург, суьрташ а даьхна.


Лам бара, дукха хан ялале, хIара шиъ ирх а вирзина, хьалавоьдург. Юькъа буц яьллачу некъан йистошца лаьттара стигала кхевдина ондий, лекха пепнаш, царна тIехьа кIарглуш йолу хьун а гуш. Кест-кеста хIорш тIаьхьакхуьура гIаш а, говрашкахь а цанаш тIе боьлхучу мангалхошна. Дадас цаьрца самукъане къамелаш дора, шегара говр дIаэцахьара, бохуш.
Цхьана ирзунна тIе хьалаваьлча, Iин йистехь, къеначу попа кIелахь, четар тоьхна, йина бун гира Ризванна. ХIара дара кхеран цIа!

86 комментариев

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.