Туьйра
Сайн денанна, Басиратна, безамна
«Ду-увв» деш, чоь юьзна екачу сепараторан гIовгIанца самавелира Салман. БIаьргаш схьа а деллале хиира цунна, хIора Iуьйранна санна, Мама шура чекхйоккхуш юй. Пенехьа вирзина, Iуьллура кIант. Пенах тоьхначу басми тIехь, таьIна-цIен басахь сизаца диллинчу хоршахь можа горгаллаш яра. Уьш гича, кхунна даима а витаминийн буьртигаш дагадогIура, цкъа нанас шена делла долу. Басми тIе хиъна моза бара, хьалхара ши ког вовшах а хьекхош. Иза схьалаца кIанта куьг хьаладохуьйттушшхь, моза, тIомабаьлла, дIабахара.
– Самавелин Бабин кIант? – кIеда йистхилира Мама, шен болх юкъах а ца боккхуш. – Вало, хьайн юьхь-куьг а дилий, хIума яа. Ас шури чу хьокхам аьтта, кад биллина хьуна стоьл тIе.
Метта хьала а хиъна, ши бIарг хьакхийна, чухула дIасахьаьжира Салман. Жиэ ваханера да, нана ков-кертахь цхьацца гIуллакхаш деш яра, йишин мотт а беса бара.
– Седа мичахь ю? – хаьттира Салмана.
– Дера ю, хьо вижина Iуьллушехь гIаьттина, арахь гIуллакхаш деш, – аьлла, елаелира Мама. – Же, катоххий хьалагIатта!
Учахь юьхь-куьг дилина, чувеана, стоьла хьалха охьахиира Салман:
– Суна чай деза!
– Чай ма мала, шура ю хьуна. Иштта а, и чай дукха мийлина, чайнан басе а вирзина ву хьо. Куьзгана хьажал! Цхьа са ду-кх, деккъа са!
Сихха шена хьалхара кад а бассийна, Мамина тIе вахара Салман:
– Мама, соьга а хьовзаяйтахьа!
Мама кхуьнан нана яцара, денана яра. Амма кхуо а, кхуьнан йишас а, шайн нанас санна, Мама олура цунах.
– Хьовзаел, тIаккха, – аьлла, сепараторан тIам дIахийцира денанас.
ТIам схьалаьцна, иза хьийзо хIоьттира кIант. Дененан санна, цхьаьнаэшшара хьовзор ца нислора цуьнан. Цкъа, кхуо тIам дукха сиха хьовзабой, юткъалора сепараторан гIовгIа, юха, кхуьнан гIора малделча, къаръяла а йолалой, тийсалора. Цхьана биргIанехула, лохачу гIанта тIехь лаьттачу наштаран яй чу тIайн тача Iенара, вукхунхьара охьайогIу обрат цIенкъара сирдиллинчу ведар чу Iенара.
– Салман! – аьлла, чуиккхира Седа. – Вайн цициго моьлкъа лаьцна, хьуна!
– Мичахь ду иза? – аьлла йишина тIаьхьа арахьаьдира Салман, шен болх а битина.
Корана хьалха лаьттачу паднар кIелахь Iара цициг, багахь боккха моьлкъа а болуш. ХIара шиъ юххе гIоьртича, резадоцуш, «хар-рр» дира цициго, моьлкъа дIа а ца хоьцуш.
– Лергаш, Лергаш! – куьг дIа а дохуьйтуш, тIеволавелира Салман. – ДIахеца иза, дIовш дер ма ду хьуна цунах!
Юха а «Iаьвв» дина, дедда, цIийнан тIехьа къайладелира цициг, шен ижу дIа а ца хоьцуш.
Деха лергаш долу кIорни шена гича, кхеран дас:
– ХIара Лергаш мичара даьлла? – аьлла, хаьттичахьана дуьйна, Лергаш аьлла цIе йисира цуьнан.
ЦIенна бIе метр гергга генахь лаьттачу божалан неI еллаелира. Буйнахь ши ведар а долуш, нана араелира божал чуьра, бежнийн ной хих а юьзна. Нанна дуьхьала дедира ши бер:
– Нани, соьга оьцуьйтур дуй ахь хи?
– Нани, соьга! – цхьацца ведарх катуьйхира цара.
– Оьцуьйтур ду, ма ейша гIовгIанаш!
ЦIенна хьалхарачу гIуна тIе бахара уьш.
ГIуна тIера дечиган негIар дIадаьккхина, зарзакъна буьххье бихкинчу муьшах тесна ведар чукхоьссира нанас. Дукха хан ялале, «цIалкъ», аьлла, хи чу кхечира иза. Шина а куьйга муш лаьцна, ведар хьаладаккха хIоьттира нана. «ТIонк», «тIонк» деш, гIуна ледачу хин тIадамаш къора хезара. Iуьйре елахь а, йовха яра арахь. ГIу чуьра схьалаетталучу шелоно дегIана аьхналла йохьура.
Дехьа а, сехьа а хIоьттина, нанна «гIо деш», муьшах тийсалора Салманний, Седий.
– ДIадовлийша, ма лелийша вуон! – аз ца айдеш, элира нанас. – ХIума йиъний ашшимма?
– Йиъна!
Цхьацца ведар лаьцна, нана божалан неIаре кхаччалц дIа а кхетийна, юхадирзира ши бер.
– Вуон ма лелалаш! Мамина хIун оьшу хьожуш хилалаш! – тIаьхьакхайкхира нана. – Со, хье ца луш, чуйогIу шуна.
– Дика ду, – элира Салмана.
– Ишколах ловзий вайша? – аьлла, вешигахьа йирзира Седа.
– Ловза! – аьлла, къегира Салманан ши бIаьрг.
Кошарехь, жа тIехь бара кхеран доьзал. ТIекхача адам доцуш, гонаха маситта чаккхарма есачу арахь лаьттара кхеран цIа.
Ловзоргаш дукха яцара берийн: цхьаъ кира лело, важа жима – Салманан ши машен, можа месаш, боккха баьццара ши бIаьрг болу, кIайн коч юьйхина тайниг, масех жима бошхап – Седин бахам. Делахь а кхарна ловзо хIума миччахьа а карайора: цхьацца эчигаш, дечигаш, тишделла наштаран Iайгаш дара кхеран цIенна тIехьа дIадехкина. Царах ловзуш берийн дукхаха самукъа а долура. Хьалхара класс чекх а яьккхина, бIаьсте чекхйолуш, юьртара цIа еана яра Седа. Цуо юкъадаьккхина дара ишколах ловзар а. Баьццара бIаьргаш болу тайниг хьехархо хуьлура, ткъа кхара гулйина эчиган болташ, Iайгаш – дешархой.
«Дешархой» дIатарбинчул тIаьхьа, Седас цIаьххьана:
– Экскурсе гIой вай? – элира.
– Иза хIун ю – экскурси? – ца кхийтира Салман.
– Изий?.. – кIеззиг ойлане яхара Седа. – Тхо цхьанхьа ирзу тIе я хин йисте а дуьгий, тхуна Iаламах цхьацца хIума дуьйцура-кх Малика Махмудовнас.
– Ткъа кхузахь ма дац цхьа а ирзу а, хи а…
– ХIумма а дац. Вайша дIога, алан рагI йолчу гIур ду. Цигахь лаккха хьалаяьлла буц а ю, – аьлла, ловзоргаш вовшахтоха хIоьттира Седа.
– Машенахь дига вай бераш цу экскурсе?
– Иза ма дика дагадеара хьуна! – хазахийтира Седина. – Цкъа тхо а ма дигира автобус тIехь Орган йисте. Тайниг ас марахь дIадохьур ду – машенна тIе тарлур дац иза.
Ловзоргаш машенна хьала тIе а ехкина, тIийриг озийна, машен йол- йолчу агIор дIайигира Салмана. Шен тайниг эцна, цунна тIаьхьа Седа а хIоьттира.
Элан хаза хьожа етталора, «чкъар-чкъирранехь» декаш, олхазарш а дара хIаваэхула лелаш. IиндагI а дара кхузахь.
Цхьана шерачу метте «дешархой» охьа а ховшийна (гуобаьккхина, лаьтта охьаехкира ловзоргаш), тайниг ирахIоттийна, шен куьйгашца цуьнан куьйгаш, корта лелабеш, цунна хьалхара къамел дан елира Седа:
– Бераш, вай тахана Салман волчохь ду. Шен деций, ненаций жа тIехь Iаш ву иза. ХIинца цо вайна ша вехаш волчу меттигах лаьцна дуьйцур ду. Дийцал, Салман, тхо леррина ладугIуш ду хьоьга.
– ХIун дийца ас? – цецвелира Салман. ХIара ловзар кху кепара дIахIоттарна кийча вацара иза.
– Тхо хьан хьеший ду, ткъа хьо кхузахь Iаш ву. Хьайх лаций дийцахьа тхуна.
– Со… со Салман ву, – шега ладугIуш боккъал а дуккха а нах болуш санна, воьхна-а волавелира кIант. – Сан пхи шо ду… Кестта ялх кхочур ду! – сихха тIетуьйхира цо. – Со дадиций, наниций, Мамиций Iаш ву. Седа цIе йолуш йиша а ю сан, – Седа елаелира. – Иза ишколе оьхуш ю… Гурахь со а гIур ву ишколе…
– ХIинца хьо Iаш волчу меттигах дийца, – юкъахваьккхира иза «хьехархочо».
– Со кошарехь Iаш ву, жа тIехь. Кхузахь хаза ду… Наггахь сингаттаме а хуьлу… ХIинца-м, Седа цIа еанчул тIаьхьа, сингаттаме ца хуьлу, – тIетуьйхира цо сихха, йишина вас хиларна кхеравелла.
Седа юха а елаелира:
– ХIун ду шун кхузахь хаза? – цхьа мекхайиъна эчиган болт схьаэцна, аз а хийцина, хаьттира цо.
– Дуккха а уьстагIий ду тхан. Iахарий, кхиссалуш, ловзуш хаза хуьлу. Иштта кой лиеташ а. Генна дIаса а доьлхий, вовшашна чуччахьовдий, маIаш етта цара… БIаьста дуккха а зезагаш довлу аренашкахь – цIен, можа. ДIо-о, гуна дехьа, генна дIавахча, артезиан ду. Лаьттан бухара биргIанаш чухула хи хьаладогIу цигахь. Тоххара дадица со а вахара цига. Лийча а лийчира… И дIогара некъахула генна дIавахча, юьрта кхочу. Цигахь туька ю. Цига ворданахь я говрахь воьдий, дуккха а кемпеташ, печенеш, лимонад дохьу дадас…
Иштта, хIара шиъ ловзуш, де делкъанга лестира. Шен цхьана гIуллакхе йоьдучу йоккхачу чхьаьвриго а, лаамза, дакъалецира кхеран ловзарехь – говран мерзаца тIаьхьатесна, чемхалдигаш текхо дийзира цуьнан, салаз санна.
– Дада вогIу! – аьлла, мохь белира йоIе, цIаьххьана, дIахьаьжча, гу тIехь бере а хаавелла.
Шайн ловзар а дитина, ший а цунна дуьхьал хьаьдира.
– Со дадина хьалха говра хуур ю!
– Со хуур ву!
– Дадина дуьхьалдеана шуьшиъ?! – аьлла, велавелира да, хIара шиъ тIекхаьчча. Юха, охьакхевдина, Седа шена хьалха хаийра цо.
– Хьо ишколехь йолчу хенахь, со а хаавора хьуна дадас шеца говра! – ца догIучу дагца велакъежна, шен халахетар йишех лачкъийра Салмана.
Нанас чомехь чорпа йинера. ХIума йиъначул тIаьхьа, шен баклажки чу гIу чуьра шийла хи а доьттина, жа тIе дIавахара дада.
Корехь лаьттачу гIутакх чуьра гIулгаш схьаэцна, Седига:
– Ловзий вайша? – элира Салмана.
– ХIинцца, нанина гIо а дина, – аьлла, жоп делира йишас. ПхьегIаш а йилина, нуй хьокхуш яра иза.
Маьнги кIелахь Салманан яьшка яра, дадин «Огонек», «Крокодил» журналаш чохь долуш. Седа яллалц, аьлла, уьш схьаэцна, царна тIера суьрташка хьоьжуш Iашшехь, наб озийра кIантана. Кхано, иза самаваьлча, Мама яра, шен кучан даккхийчу кисанашка шенчарг а, ша ян йолийна, тIехь чIураш дохкуш йолу, тIергIан пазат а эцна, арайолуш. Иза москалш яжо йоьдуш юй хиира Салманна. Цунна тIаьххье аравелира хIара а. Йиша цIахь Iийра. Делкъал тIаьхьа, тов дIаяьлча, шайн ткъех москал яжо йоьдура иза, нанас: «Чохь Iехьа, цхьанхьа а гIур яц хьуна. Ши бер хьожур ма ду цаьрга», – боххушехь: «Иштта, сайн сагатталла йоьдура со-м», – олий. Москалш севц-севцначохь, пазаташ ян охьа а хуура. Наггахь, ша леллашехь я иштта охьахиъначохь, цхьацца мукъам а бора я йиш локхура. Цхьайолчу хенахь самукъане хуьлура цуьнан эшарш. Салманна а йохура цо эшарш:
ДIо лаьттарг мила ву-те?
Мехкарша гуо бина лаьттарг мила ву-те?
Аьтту куьйга шен хурашка ловзош,
Сан Салман вац иза?! Ла-ла-ла, –
бохуш. Цо иштта йиш лекхча, хазахетий, велалора Салман. Ша воккха а хилла, хаза хурашка а тиллина, эвла юккъехь лаьтташ гора цунна.
Тахана а, денанас иштта самукъане йиш лакхаре сатесна, иза охьахуъушехь, цунна юххе охьалахвелира Салман. Шенчарг хьалаяьккхина, чIурашца «тIах-тIих» деш, пазат юца йолаелира Мама:
– Сан кIант ишколе вахча, уггаре а хаза пазаташ хир ю-кх цуьнан! Хаза юй? – аьлла, хаьттира цо.
– Ю, – жоп делира Салмана.
Уьш ян а яра хаза, юкъ-юккъехула доьлхуш цIен асанаш а долуш.
– Мама, чIураш ма сиха леладо ахь. Хьан Iамийна хьо?
– Сайн нанас Iамийна-кх.
– Нана а яра хьан? – цецвелира кIант. Кхунна иза даим а иштта йоккха хилла моьттура, да-нана а доцуш.
– Яра дера сан-м нана. Нана а ма яра, да а ма вара, вежарий а ма бара.
– ХIинца мичахь бу уьш?
– Уьш боцу дукха хан ю. Со шайх марзо эца а кхиале, Iедало байина дIабехира-кх…
– ХIун динера цара цу Iедална? – ца кхетара кIант.
– Цхьа а хIума, хьо ваха, ца динера, – пазат кара охьа а йиллина, шен хьажар генна анайисте дуьйгIира Мамас. – Бехк-гуьнахь доцуш хIаллаквира сан да а, вежарий а, сан берриге нах а цу Дала бекхам барша… Нана, вай махкаха дохуш, цIерпошта чохь елира. Йиша Сибрехахь елира…
Iедал бохург хIун ю ца хаьара Салманна. Цкъа кинохь шена гиначу, немцойн санна, лекха лаба йолу хурашка а тиллина, доккха дегI долуш, тIехь бIаьрг ца соцуш, инзаре ирча юьхь-сибат долуш адам дуьхьалахIоьттира цунна…
– Лецна дIабигна, дукха нах тIепаза байира цу шерашкахь Iедало вайн юьртара а, махкара а. Лаьцнарг гIала охьавуьгура, цигахь доь доцуш вовра. Цу хенахь, иштта йиш яьккхина, иза локхура Хилдехьара мехкарша:
Соьлжа-ГIала, Соьлжа-ГIала,
Нохчийн кIентий хIаллакбина гIала,
Йиллина хиллера хьо къонахийн доь дайа –
Сийна цIе яла хьох, Соьлжа-ГIала…
Йовлакхан тIам хьаькхна, шен бIаьргех девлла хиш дIадехира Мамас.
Салман ца кхетара Мамас дуьйцучух. ХIара а хиллера шозза-кхузза Соьлжа-ГIалахь. Кхунна цигахь чIогIа хаза а хийтира: лекха цIенош, трамвайш, кечделла, дIасалела адамаш…
– ХIахI, вало, чудоьду вайша! Ламазан хан а ю хуьлуш, – аьлла, хьалагIаьттира Мама.
МаьркIажан бода булуш да а цIа веара, жа далош. УьстагIий кошарин хьалха буьйса яккха а дитина, гIуна юххехь шен юьхь-куьг а дилина, схьавеана, нанна юххе охьахиира иза, цуьнан суьйре дика а еш.
– Де дIа муха дели? – хаьттира Мамас.
– Дика дели. БIаьста догIанаш ихна, буц дика яьлла кху шарахь.
Стол тIе юург хIоттош яра нана, цунна гIо деш Седа а яра. Чохь йовха хиларна, арахь юура кхара хIума. Мехкадаьттан стогар кир тоьхначу пенах кхозура, кхачанна тIе полларчий а, кхийолу сагалматаш а ца гулъялийта. Цхьанхьа екаш бухIа яра, хетарехь, шена ижу лаха араяьлла. Цаьпцалгийн цIар-цIир а дара хезаш. УьстагIаша даккхий синош дохуш, наггахь йовхарш етташ а хезара.
ХIума йиъначул тIаьхьа, пхьегIаш дIа а яьхна, чуяхара нана а, Седа а.
ХIара хан хазахетара Салманна. Цхьайолчу буса, дас приемник латайой, эшаршка ладоьгIура кхара. Я цхьацца къамелашка ладоьгIура, дас юкъ-юкъара цара дуьйцург нохчийн матте гоч а деш: «Вайн паччахьо иштта аьлла, ткъа Iамаркан паччахьо иштта аьлла», – бохуш, наггахь Мамас: «Хьий-й, йоккха топ хила кхунах!» – олуш.
Тховса стогаран серлонна герггахь лоха гIант а хIоттийна, бухкарш тодан хиира дада. Дехьуо лаьттачу паднара тIехь суьлхьанаш хьийзош Iара Мама. Цунна юххехь агIорвелира Салман.
Бода хьулбеллера. Стигал цIена яра. Седарчий юххехь гора. Кхуьнга маршалла хоьттуш санна, лепара уьш.
Цкъа иштта, деца паднара тIехь вижина волуш, наб ца кхеташ, ойланашка а вахана, Iуьллура Салман: «Мел гена ду-те и седарчий? Цу седарчашна дехьа хIун ю-те? Кхин а седарчий хир ду-кх – цхьадерш халла бен къаьсташ а ма дац уьш… Ткъа царел дехьа?» Юьхь а, йист а йоцучу есаллехь ша а, хIара цIа а, ерриге кошара а гIамаран цинццал а хIума яц-кх, аьлла, ойла хьаьдира цуьнан коьрте цIаьххьана. Цу ойлано кхерийна, дегIах шийла хьацар тоьхна, дех хьаьрчира кIант. «Ахь хIун до?!» – аьлла, самавелира да. «ХIумма а… Цхьа йоккха гезга яра-кх кхузахь…» – ша а дикка кхеташ воцу хIума дега муха хьахор ца хууш, харцдерг элира Салмана.
Тховса а, стигала хьоьжуш Iуьллучу Салманна цхьа седа, цIаьххьана, ехха лар юьтуш, дIабедда, бовш гира.
– Мама! – аьлла, сихха охьахиира иза.
– ХIун боху ахь?
– Седа… Седа охьабуьйжи!
– ХIа-а, – кхетта, аьлла, елаелира иза. – Маре бахана седа.
– Муха – маре бахана? Седа маре боьдуш хуьлу? Хьаьнга бахана иза?
– Иштта олу-кх иза: – «Седа маре бахана», – олий. Ткъа ахь: «Топ, тур, тапча», – ала деза.
– ХIунда?
– Алал ахь.
– Топ, тур, тапча.
– Иштта. Седа маре боьдуш гича, йоIа: «Тукар, тIарий, тай-махий», – ала деза. ТIаккха цунах дика, куьйгана говза хIусамнана хир ю. Ткъа кIанта: «Топ, тур, тапча», – ала деза. И аьлча, цунах майра, каде къонах хир ву. Иштта олура-кх хьалха, со жима йолуш, – ша хьовзийна яьлла суьлхьанаш кисана дехкина, хьалагIаьттира Мама. – ХIахI, дIавижа хIинца. Хан яьлла вайна, – олуш.
– Со хьоьца вуьжу тховса! – хьалаиккхира Салман.
Мама, хазахетта, елаелира:
– Схьавало тIаккха Бабина! – кIант, схьаэцна, маравоьллира цо. – Сан Лом ду иза!
Ша резахилча, иштта цхьацца цIерш тохкура Мамас кхунна, керл-керланиг туьллуш – Борз, Доккха Дика я тховса санна, Лом. Иштта, ша кIентан кIант хьостуш: «Илжинер хила везаш ву сан кIант, воккха хилча», – олура цо. Инженер бохург дара цуьнан иза. Ткъа инженер, цуьнан кхетамехь, чIогIа воккха хьаькам вара. Ткъа ша резайоцуш меттиг нисъелча, дов деш: «Хьо салти! – олура. – Мокха салти, хьо ма-варра!» – аьлла, тIе а тухуш.
Шаьшшиъ чу а дахана, маьнги тIехь дIатарделлачул тIаьхьа:
– Мама, туьйра дийцахьа! – элира Салмана.
– ХIун туьйра дийца ас хьуна? Массо а сайна хууш долу туьйра дийцина ма яьлла со хьуна. ДIавижа, – аьлла, йистхилира денана.
– ХIумма а дац хьуна, дийцахьа, – дийхира кIанта. – Хьалха дийцинарг а мегар ду хьуна.
– Дика ду тIаккха, ладогIал, – Салманан коьртах куьг хьоькхуш, жимма ойла а йина, туьйра долийра Мамас: – Шинаррий, Цициггий, БоргIаллий хилла хьуьна йистехь цхьаьна ехаш. Цхьа хан яьлча, Чай, Борззий, Цхьогаллий деана кхарна лула. Вовшашкахь хIун доллу ца хууш, чIогIа ларлуш а хилла уьш, дажа а, ижу лаха а арадовла ца даьхьаш. Цкъа, цхьана дийнахь, Чено аьлла шен накъосташка: «Вай иштта Iийна девр дац. Ахь, Цхьогал, вайн лулахошка а дахана, уьш вайга пхьор даа хьошалгIа кхайкха беза». – «Дика ду», – аьлла, резахилла, лулахойн неIаре дахана Цхьогал. «Во-о Шинар, Цициг, БоргIал! – аьлла, чу мохь тоьхна, – шуьга Чено хьошалгIа кхойкху, цхьаьна шуьне ховшур ду вай». Шайна кечбеш цхьа тешнабехк бу-кх, аьлла, кхераделла, дуьхьала дистхилла Шинара: «Цхьогал, хьо ду иза? Ма дика ду хьо деана! Экха дахханчохь дийна, цхьа дерстана цхьогал ду тхан кхе оьллина. Схьачудала, цуьнан чам муха бу а хьаьжна, цхьаьний дIагIур ду вай», – аьлла. «Цхьога-ал?» – аьлла, кхераделла, дIаиккхина цIа дахана Цхьогал. ШолгIачу сарахь а иштта, лулахой хьошалгIа кхайкха аьлла, Борз яхийтина Чено. Яхана дIакхаьчна Борз кхайкхина: «Во-о Шинар, Цициг, БоргIал! Шуьга Чено хьошалгIа кхойкху, цхьаьна пхьор дер вай!» – аьлла. «Борз, хьо ю иза? – дуьхьала дистхилла Шинара. – Ма дика ду хьо еана! Талла дахханчохь, цхьа ерстана яттIа йоллуш борз караеанера тхуна, иза кхе оьллина Iаш дара тхо, схьайола, схьачуяла, цу берзан чоме а хьаьжна, цхьаьний дIагIур ду вай шуьга», – аьлла. «Бо-орз?» – аьлла, кхераелла, ког лаьттах ца кхеташ дIаиккхина, яьлла, цIа яхана Борз. КхоалгIачу сарахь Ча ша яхана лулахошка. Кораха иза гина, кхераделла Шинара. «Ча иштта атта Iехалур яц вайга, – аьлла цо. – Вай хIун дийр ду аьлча, хьо, БоргIал, тхов тIе яла. Ча чоьхьа йоллушехь, хьайн ма-хуьллу тхов тIера ча дIасакегош, гIовгIа оьккхуьйтур ю ахь. Ахь, Цициг, пешара юкъ цIенкъа схьахьоькхуш, овкъаран кIур эккхийта кху чохь. Ткъа со цIенкъа юккъехь хелхадер ду, сайн бергийн гIовгIанца Чена герз дуьйлу моттуьйтуш». Массо а реза а хилла, кечбелла хIорш. Ча, шен ши накъост санна, арара чу ца кхойкхуш, йогIуш лаьтташехь неI йиллина, чоьхьа а яьлла: «Во-о Шинар, Цициг, БоргIал!..» Цуьнан багара иза доллушехь, «IуьI-Iа-ре-Iу-уь», аьлла, кхайкхина, шен мIарашца тхов тIера ча дIасакхуьссуш, йоккха гIовгIа эккхийтина БоргIало. Пешара юкъ охьахьаькхна, иза дIасакхуьссуш, чохь овкъаран кIур хIоттийна Цициго. НеIара тIехьара схьаиккхина, хелхадала доладелла долу Шинара, ког шершина, «гор-ро-ов», аьлла, доккхачу татанца цIенкъа юккъе охьакхетта. Цу суьртах, гIовгIанах чIогIа кхераелла, ша дийна йисарх йоккхаеш, араиккхина, къайлаяьлла Ча. Цул тIаьхьа, кхарна кхин и яхана меттиг а ца хууш, дIаяйна Чай, Борззий, Цхьогаллий. Ткъа Шинаррий, Цициггий, БоргIаллий, хьалха санна бертахь, яха йисна. Хаза дарий туьйра? – хаьттира Мамас.
Салманна-м тоххарехь наб кхеттера. Лохха ела а елла, цунна тIера юргIа дIанисдира денанас:
– Дала дукхавахавойла Бабин кIант! – аьлла.
Цул тIаьхьа тийналла хIоьттира чохь, хезаш сахьтан гIовгIий бен кхин хIума доцуш.
Орга 2.2021
















Thank you for some other informative website.
Where else may just I get that kind of info written in such an ideal method?
I’ve a project that I’m just now working on, and I’ve been at the look out for
such info.
I visit everyday some sites and information sites to read articles or reviews, but
this weblog offers feature based content.
This piece of writing will assist the internet viewers for setting up new website or even a
blog from start to end.
Terrific post however , I was wondering if you could write a litte more on this topic?
I’d be very thankful if you could elaborate a little bit further.
Kudos!
It’s wonderful that you are getting ideas from
this post as well as from our dialogue made here.
I’m truly enjoying the design and layout of your website. It’s a
very easy on the eyes which makes it much more pleasant for me to come here
and visit more often. Did you hire out a designer to create your
theme? Fantastic work! quest bars http://bitly.com/3C2tkMR quest
bars
When some one searches for his essential thing, so he/she
wants to be available that in detail, so that thing is maintained over here.
scoliosis surgery https://0401mm.tumblr.com/ scoliosis surgery
Hello there! Quick question that’s totally off topic.
Do you know how to make your site mobile friendly?
My web site looks weird when viewing from my apple iphone.
I’m trying to find a template or plugin that might be
able to correct this problem. If you have any recommendations,
please share. Thanks! asmr https://app.gumroad.com/asmr2021/p/best-asmr-online asmr
An impressive share! I’ve just forwarded this onto a friend who has been conducting
a little homework on this. And he in fact bought me breakfast due to the
fact that I found it for him… lol. So allow me to reword this….
Thank YOU for the meal!! But yeah, thanks for spending the time to talk about this matter here on your web page.
cheap flights http://1704milesapart.tumblr.com/ cheap flights
Why visitors still use to read news papers when in this technological globe all is accessible on net?
ps4 https://bitly.com/3z5HwTp ps4
After I originally left a comment I seem to have clicked on the -Notify me when new comments are added- checkbox and now every
time a comment is added I get four emails with the same
comment. Is there a means you are able to remove me from that service?
Many thanks! quest bars https://www.iherb.com/search?kw=quest%20bars quest
bars
First off I want to say wonderful blog! I had a quick question which I’d like to ask if you don’t mind.
I was interested to find out how you center yourself and clear your mind before writing.
I’ve had a tough time clearing my mind in getting my ideas out there.
I do take pleasure in writing however it just seems like the first 10 to
15 minutes are lost just trying to figure out how to begin.
Any recommendations or hints? Thank you! scoliosis surgery https://coub.com/stories/962966-scoliosis-surgery scoliosis surgery
Excellent post. I used to be checking constantly this
blog and I’m impressed! Extremely helpful info specially the final section :
) I care for such information a lot. I was seeking this particular information for a long time.
Thank you and best of luck.
Hello, just wanted to say, I enjoyed this article. It was practical.
Keep on posting!
Do you have a spam issue on this website; I also am a blogger, and I was wanting to know your situation; many of us have created some nice methods and we are
looking to exchange methods with other folks, be sure to shoot me an e-mail
if interested.
Thanks for sharing your thoughts on where. Regards
I blog often and I genuinely appreciate your information. The article has truly peaked my interest.
I am going to book mark your blog and keep checking for new information about once a week.
I subscribed to your RSS feed as well.
Currently it appears like BlogEngine is the preferred blogging platform
available right now. (from what I’ve read) Is
that what you are using on your blog?
Ahaa, its good conversation regarding this article here at this website, I have read all that, so now me also commenting here.
I have learn some just right stuff here. Definitely worth bookmarking for revisiting.
I surprise how a lot effort you put to create the sort of magnificent informative web site.
I do believe all the ideas you have introduced on your
post. They are really convincing and will certainly work.
Still, the posts are very quick for starters. May just you please prolong them a little from next time?
Thank you for the post.
What i do not realize is actually how you’re no longer
really much more smartly-liked than you may be right now. You’re so intelligent.
You understand therefore significantly in terms of this matter, produced me in my opinion consider it from numerous numerous angles.
Its like women and men don’t seem to be fascinated
unless it’s something to accomplish with Lady gaga!
Your own stuffs great. Always care for it up!
Hey there, You’ve done a fantastic job. I will definitely digg it
and personally recommend to my friends. I am sure they’ll be benefited from this website.
I like the valuable info you provide in your articles. I’ll bookmark your blog and check again here frequently.
I’m quite certain I’ll learn lots of new stuff right here!
Good luck for the next!
Wow, this piece of writing is nice, my sister is analyzing such things,
therefore I am going to inform her.
You’ve made some decent points there. I looked on the internet for more info about the issue and found most individuals will go along with your views on this
website.
Hello to all, how is the whole thing, I think every one is getting
more from this web site, and your views are pleasant for
new visitors.
I like it when people get together and share views.
Great blog, stick with it!
of course like your website but you need to test the spelling on quite a few of
your posts. Several of them are rife with spelling problems and I find
it very troublesome to tell the truth however I’ll surely come again again.
When I originally commented I clicked the “Notify me when new comments are added”
checkbox and now each time a comment is added I get three e-mails with the same comment.
Is there any way you can remove me from that service? Bless you!
Hmm is anyone else having problems with the pictures on this blog loading?
I’m trying to find out if its a problem on my end or if
it’s the blog. Any suggestions would be greatly appreciated.
Wow, wonderful blog layout! How long have you been blogging for?
you made blogging look easy. The overall look of your site is magnificent, as well as the content!
Wow, awesome weblog format! How long have you ever been running a blog for?
you make blogging look easy. The whole glance of your web site is
wonderful, let alone the content material!
I know this if off topic but I’m looking into starting my own weblog and was curious what all is needed to get setup?
I’m assuming having a blog like yours would cost a pretty penny?
I’m not very internet savvy so I’m not 100% positive.
Any suggestions or advice would be greatly appreciated.
Cheers
Hi, I believe your site might be having browser compatibility problems.
Whenever I take a look at your website in Safari, it looks fine but when opening in IE, it’s got some overlapping issues.
I simply wanted to provide you with a quick heads up!
Other than that, fantastic website!
I know this if off topic but I’m looking into starting my own blog and
was wondering what all is needed to get setup? I’m assuming having a blog like yours would cost a pretty penny?
I’m not very internet smart so I’m not 100% certain. Any tips or advice would be
greatly appreciated. Many thanks
I go to see every day a few web sites and blogs to read articles, but this webpage presents feature based writing.
I am sure this post has touched all the internet
visitors, its really really pleasant piece of writing on building
up new webpage.
Oh my goodness! Amazing article dude! Thank you, However I am having difficulties with your RSS.
I don’t understand why I can’t join it. Is there anyone else having similar RSS problems?
Anyone that knows the answer will you kindly respond? Thanks!!
Quality articles or reviews is the crucial to invite the viewers to
pay a visit the web page, that’s what this web page is providing.
Do you have any video of that? I’d care to find out more details.
My developer is trying to persuade me to move
to .net from PHP. I have always disliked the idea
because of the costs. But he’s tryiong none the less.
I’ve been using WordPress on numerous websites for about a year and
am worried about switching to another platform. I have heard very good things about blogengine.net.
Is there a way I can import all my wordpress posts into it?
Any kind of help would be greatly appreciated!