ГАУ «Издательский дом»

ЭЛЬСАНОВ Ислам. ЦIегIачу декхнийн боьлак

ГIовг1а
/ Повесть-мозаика /

(ТIаьхье. Юьхь еша 20I8 шеран №4)

XIopa Iуьйранна хьиэн булучу синхьийзамо воккхура иза сама. Наб кхетча а дIа ца болура, гleнax цхьаъ гина, ах набарх самаваьлча а иза шена чохь карабора цунна. Самаваьлча дегIо… сатуьйсура. Цхьана кого – вукху, бан а боцчу – дIабаьккхинчу коге сатуьйсура, бисинчу пхьаьрсо – баьккхинчу пхьаьрсе, бисинчу бIаьрго – баьккхинчу бIаьрге.

ХIинца самах йоцу и меженаш, гIенаха, – тIехь а хаалуш – кIамйора я меттахъхьейора цо, беса болчу бIаьрган кедана а са гора. ГIенах бай хуьлура, бIаьргаш – ший а – лазабаллалц баьццара а болуш. Цунна гlенaxa а хаьара и гIан дуй, делахь а цунах хада а ца лаьара. ГIенаха бай а наггахь бен ца гора, массо хенахь гург – тIом бара, тIом: тур, топ, тапча гуттар цхьаъ хуьлура, хийцалурш говраш яра, церан беснаш…
Массо хенахь а ца летара мостагIех, гергарчаьрца, дуккха а шерашкахь цхьаьна тIом биначаьрца а къуьйсуш хуьлура…


ГIенаш тида ца хаьара цунна. Муха хуур дара, хIинццалц цо церан тидам бина а ца хилча? ХIокхо хIинца царна тIе тидам бахийтар а цхьаъ доцуш дац: набахтехь дан хIума а дац, коьртаниг – xlapa къанвелла. Къанвеллий а хуур дацара, Гергабилахь ког а баьккхина, кхуза салтийн лазартне ца кхаьчнехьара. Ког бисина хила а мегара, нагахь санна гIазкхийн хьаькиме ца кхочуш, хIоккхерчу ламанхойн хьаькиме1 кхаьчнехьара, уьш гIазкхел дуккха а говза ма бу. Цкъа Петербухера веанчугIазкхийн хьаькима Пирогос2 шега толур вац аьлла, цхьа лакхара эпсар, сардал Воронцон цIарах дехар дина, Дагестанерчу Хьайдар-хьаькима, меженаш ца йохуш, товинера.

Гергабилахь наиб БойсагIар бошмашкахула тIедогIу гIазкхийн эскар духатухуш вара. ХIокхуьнца верг Нохчийчуьра ткъе иттех стаг бен вацахь а, духатуху эскар доккха дара. ДонгIуз-АргIута3 леррина Iалашо хIоттийнера цхьана батальонца бенойн Бойсaгlap каравалон. Амма хIокхара, уьш тIе мосса4 лети, шайн декъий дIатекхадойтура цаьрга.

БойсагIар буьйсанна туьпара5 вогIуш, кхоссархьама кхоьссинчу йоккхачу тоьпан хIоьъно вожийнера говрца. Цул тIаьхьа ша кхарна кара муха веана хууш вацара иза, кхетамехь, иэсахь ца хиларна.


Гергабилерчу цхьана айкхо хаийтинера гIазкхашка, иза БойсагIар ву аьлла. Цкъа дуьххьара xlapa БойсагIар хиларх тешаш бацара уьш, тIаккха санитаро, аьрта херх хьокхуш, ког дIахадош цо чIикъ ца даьккхича и БойсагIар хиларх тийшира. Цунах имама Шемала «таш-адам6 БойсагIар» олуш хиллий хууш хиллера.
«Xинца хIoкxy Шур-гIалахь набахтехь гIенашка хьежар бен, кхин хIумма а ца дисна-кх хьуна», – олура цо ша-шега.
Цкъа дуьххьара эскаран лазартне виллинера xlapa, xa a хIоттийна. Тутмакх волчу чуэха бакъо яц бахахь а, сих-сиха эпсарш, наг-наггахь шира салтий а оьхура цуьнга хьажа. Ах меженаш бен йисна яцахь а, деза а, доккха а хетара цуьнан дегI. Цунна шена а хетара массо кхуза чувогIучел ша ханна а, кхин билггала къаьстина доцчу кхечу хIуманца а воккха. Уьш а хьуьйсура xloкхуьнга кегийраш санна.


Баьккхинчу бIаьрган кеда йистехь кIорга муо бисна, кIайн юьхь дукха моьнаш долуш елахь а, юьхь-чкъор шера хетара цуьнан. Iаьржачу маж-мекхах, коьртан месех а жимма бен ца хьакхаеллера сиралла. Аьтту ког, аьрру куьг, аьрру бIаьрг бацара цуьнан.
Шаьш шира кавказхой лоручу хенарчу салташа, эпсарша гIумкийн я нохчийн маттахь – уьш оццул хаар дозалла а лоруш – могашалла-хьал хоттура кхуьнга.
«ЖIаьлин даьIахк, хьо дика-м таели», – олура цо шега xlopa йочана йоцуш догIучу денна шен тIекхета ницкъ хаалуш. Ницкъ мел богIу а, синхьийзамо а воккхура иза: ша хIинца гуьйриг санна валахь а, дегIера айало са арахь дара.
БойсагIаран шовзткъе кхойтталгIа шо дара, Iалелей, ма дукха а ду! ХIинццалц ойла ян кхиъна а вацара иза. Къанвелла хилла-кх xlapa а. Къаналла иштта цхьана дийнахь тIехIуттуш, гучуйолуш хилла-кх.
Набахтин жима лазартне, арахь ха лаьтташ, лохочу гIишло чохь яра, массо коре арахула диттина стаммий аьчкан чIораш долуш. Лазартнена хьалха гIеххьа майда хиллера, вордан тIехь хIара кхуза валош, майдан тIера адам хьаьддера кхуьнга хьажа, гIалгIазкхийн канос7 мохь бетташ, говраш тIетуьйссушехь.

Аьхке йовха еана, хьалхе дуьйнна чан яьлла лаьттара набахтин лазартнен хьалхарчу майдана тIехь. Бурко совъяларца, ког дIахадийначуьра чов йогуш санна лазаяьллера. Тохура чов дIаерза йоьллачу хенахь вада ойла хиллера кхуьнан, цунна кечам бан, шен санна ког баьккхинчу салтичун кога тIе йоьхку дечиган юьхк лелон Iама воьллера иза, чов лазаяхь а, чухула кIез-кIезиг дIасаволалуш. Юьхк йолу салти мекара хьожура цуьнга:Дядя, дукха хIилла долуш ву-кх хьо. Цкъа цхьана буса, и сан «ког» а лачкъийна, вита мегара ахь со, тIаккха мар воцу солдатка йолчу ваха йиш хир ма яц сан. Xle-xle, xa далахь а, вада дагахь хир ву хьо!..


Хан эпсарна а хиира оцу гIуллакхах, тIаккха набахтин лазартнера набахте вахкхира БойсагIар.
Кога тIеюьллу дечиг кхузахь а ца елира, кхано хIокхо гIовгIа яьккхича, пхьарсаш кIел хIутту ши Iaca eapa. Хьаьким а кIиранах цкъа бен ца вoгlypa кхуьнга хьажаха.
«ДоттагIшна а оьшур вац ах стаг волу со хIинца». ЧIорашна юккъехула гун майданан кийсиг а кIордийнера цунна, оцу хьаьхначу майдана тIехь цхьа мискъала-заррат дацара цунна ца девзаш. Дийнан йовхоно а, буьйсанан бурконо а хьераваха волийра иза.

Цкъа а ца хилларг хиллера цунна: наб яйнера, хIокхунна, кхин ян йиш ца хилча, хьалха нуьйрахь а кхетта наб. Шеца набахтехь цхьаьна волчу Индарерчу гIумкичуьнга xlopa денна дол дустуьйтура цо. Хьам-кхаж8 баьлла хиллера. Ха деш болчу гIазкхашна юкъахь даьржинера, xlapa xlopa денна гIабакх санна бесташ болу корта бустуьйтуш ву аьлла.
БойсагIар, Iасанашца вогIий, арахьежа хIуттура, наггахь коьрте цхьа гIовгIа хьодура цунна: «Шо-о-в, шо-о-в, шо-о-в». Ша йоккха гIовгIа яцахь а, цхьа кIоргенера я лакхара схьакхочучу оцу гIовгIано цуьнан корта бузура, тIаккха гIайгIа йогIура цуьнга. «Ва-а Дела, со хьераволуш лаьтта-те? Йийсаралла лан собар лохьа суна, Везан Дела», – майдана тIехь дерг дIадовра цунна хьалхара. Коьрте йогIу и гloвгIa, кIез-кIеззиг йогIу дела, цIеххьана дIа а ца «эккхалора», тIе ма-ярра, меллаша, бала байлуш, дIа а йолура иза.

Цкъа анайисте хьаьжча цецвелира иза, эццехь9 лаьмнаш ца гича. Еса яра анайист – цунна чу а йоьссира сингаттамца и есалла – тIехь бIаьрг саца хIума доцуш… «Лаьмнашка букъ тоьхна хир ю xlapa гIишло я дукха гена». Майдана тIехула чекхбовлу нах гора цунна. Салтий гича – церан xlapa латта хьеша бакъо яцахь а – уьш муьлш бу, цара стенах ойла йо хаа лаьара цунна. Йистинчу чевнан лазаро, чIорашна юккъехула гучу есачу анайисто а гIелвича, дерриг дицлора цунна, дицлора аьлча а, цхьанне хIуманан ойла ца хуьлура.

Аьхке юккъе йолуш лаьттара, догIа ца догIуш, майданал тIехбовлучу нехан хьоркане кхаччалц чан а яра. ХIоккхуза кхочучул, Гергабилахь веллехьара ша, аьлла хетара цунна.
Цхьана базар-дийнахь майдана тIехь гена йоцчу кхаа тангIалкха10 кIел гIабакхан хIуш дохка веана беркъа духар долу воккхачу стеган тидам хилира цуьнан. БIаьргаш тIе беанчу буткъа бIегIаган куйно ца вовзуьйтуш хиллера иза. Ца вевзинехь а, xlapa-м дIадаханчу базар-дийнахь а веанера кхуза, бохка оза ши уьстагIа а балош. ТIаккха коьрте цхьа там беара цунна… Иза Гергабилара хьархо Акх-Сурхо вара.
Акх-Сурхо цул тIаьхьа кест-кеста лела вуьйлира набахтина улло кег-мерса йохка-эцар лелон. Хехь болчу цхьацца салташца гергарло а теснера цо.

Аьхке юккъе яьллачу хенахь элира БойсагIаре, иза кхана Соьлжа-гloпe вуьгуш ву аьлла. Шеко йоцуш, иза ирхъолла вуьгуш вара… ХIара санна болу шайн мостагIий гIазкхаша гуттара ирхъухкура. Оцу буса сатоссуш бен наб ца кхийтира цунна.

Урамехь цхьа а дIасавалале, Шур-гIалара Iуьйранна девлира ара. Ах бIе салти хьалха, ах бIе тIаьхьа, юккъехь шийтта ворда, БойсагIар хьалхарчу вордан тIехь вара, леррина вордана дехьа-сехьа хIоттийна говрашкахь ши гIалгIазкхи а волуш. ТIаьхьа йогIучу ворданаш тIехь – эскарехь ткъе пхи шо даьккхина – мукъабевлла салтий, чевнаш йирзинчул тIаьхьа цхьаццанхьа садаIа гIуш болу эпсарш а бара шайн гIудалкхаш тIехь, вуьйш говрашкахь а.
Уггара тIаьхьа йохка йига я цхьана полкана лаьллина ялош бIех кIайн гIаз яра, тIехь цхьатерра мокха махарчаш а йолуш; уьш а хетара шайн гIезийн маттахь лохха луьйш-олуш йогIуш.

Цхьа юьхь хебаршка яхана салти къаьсттина тIекаравелира цунна. Иза а эскарера мукъабевллачех вара. Хьалха кIайн хилла духар а дара цуьнан кIирца11 дукха диттина, бесаза а даьлла. «Со вевзий хьуна?» – хаьттира цо.
Бесни тIера чIенги тIекхаччалц, вистхилча озалуш, муо бара цуьнан. БойсагIарна ца вевзира и салти. Кхунна изa вовза, цуьнан юьхь тlepa и муо кхо бина бацара…


Иза I845 шарахь ДаьргIара эккхийна валочу Воронцовн тIеман экспедицехь чов йина, обозехь валош волуш, тIелеттачу Бойcaгlapa, кхин ворданаш схьа а яьхна, дархой тIехь берш дIаяхийтинера, – цунна баркалла элира салтичо.

БойсагIарна дукха та а ца тайра хIинца хIокху салтичунна хьалха ша иштта гIорасиз хилар.Кхуьнга корта ластийна, и салти тIаьхьа йогIу шен ворда тIекхачаре хьоьжуш сецча, ойла хилира БойсагIаран: «Сан-м яц, хIокху салтичун санна, ткъе пхи шо даьлча садоIуьйла, хIокхуьнан санна кхечахьа дIагIойла я соцуьйла а, вала веза-кх хIорш хIоккхара дIа ца лахкалахь».


Вордано дIасаветташ, наб хьашаелира цунна. Вохвелла самаваьлча, малх дикка хьалабаьллера. Аьтту пхьаьрса кIел ехкинчу шина Iacaннa тIе аьтту куьг гIортош, ша волччохь эла тIе охьахиира иза, хьалха хиъна ши салти кхуьнга схьа а хьожуш. Чов гIеххьа лозура, корта а бара безо. Де хIинцале а довха дара. Некъахь можо-кIайн чан гIуьттура хьалха маггIара боьлхучу салтийн когаш кIелара.Кхузара буц-хелиг декъа, дуткъа дара. Лаьмнийн лоха легIана раьгIнаш яра некъан шинне aгlopa, малхо ягийна изза нилха екъа буц а яра яьлла.

71 комментарий

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.