ГАУ «Издательский дом»

Вай деха дуьне.

Мох хIунда хьокху?

Леганан патар охьадужу: «Жимма Iуьллур со, садоIуш», – ойла йо цо. Мичара! ЦIаьххьана хьаькхначу махо, айдой, дIадададо, схьадададо, ловзадоккху иза.
– ХIара хIун ду! – эргIаддолу патар. – Цхьана меттехь хIунда ца Iа хIара мох, сел саьхьара ца лиэла мегар дац? Цу тIе, бала а мичара бели?
– Суна хаьа, – олу чIегIардиго. – Со довхачу мехкашкахь хуьлуш ду.
– Довха мехкаш хIун динчунна дуьйцу кхузахь?


– ХIун динчунний? Цхьанхьа шийла хуьлу – вукхузахь йовха хуьлу, кхузахь хIаваъ дуькъа хуьлу, лаьтта тIе деза дуьжуш, дIогахь – дайн хуьлу, лаьттана кIезга Iаьткъаш. ТIаккха цкъа цхьана агIор дIадоду, тIаккха юхахьоду хIаваъ. Иштта кхоллало мехаш. Латта доккха ду, тайп-тайпанчу меттигашкахь тайп-тайпана хуьлу цуьнан дохдалар – цхьанхьа шийла хилча, вукхузахь йовха хуьлу, цундела цкъа дIахьокху мох, тIаккха схьахьокху. Кхийтин хьо, патаралг?


– Кхийти, кхийти… Делахь-хIета со а лелар ду-кх махца тIомадаьлла, цкъа дуьненан цхьана йисте доьдуш, тIаккха вукху йисте догIуш.
Циггахь юха а тIелета мох, цо, ойъий, дIахьовзадой, схьахьовзадой, ловзош, дададой, дIо-о цхьанхьа генна-генна дIахьо хела патар.


Лаьттан цхьаццайолчу меттигашкахь дохдалар а, шелдалар а тайп-тайпана хуьлу. Цхьанхьа шийла хуьлу, кхечахьа йохло, цу бахьанина хIаваан таIам а хуьлу тайп-тайпана. Довха хIаваъ дайн хуьлу – цуьнан таIам кIезга хуьлу, шийла хIаваъ дуькъа хуьлу – цуьнан таIам боккха хуьлу. ХIаваъ таIам кIезга болчу метте доьду, иштта кхоллало мох.
(Ульева Еленин «Кегийчу берашна лерина туьйранашкахь энциклопеди.
Тоьлладерг» аьлла долчу жайни тIера)

Гочйинарг – Тимиркаева Сацита

Стела1ад №2. 2020

31 комментарий

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.