ГАУ «Издательский дом»

АХМАДОВ Муса. БIаьсте яра яьлла

БIаьсте яра яьлла

БIаьсте яра шен баьццарчу цIарца марсаюьйлуш. БIаьстенан басахь йолчу машенара воьссина жима стаг, Iин хадош дехьа а ваьлла, ширачу бешо хьулдина лаьттачу тишачу цIийнан кетIа ваьлча, цу кетIахь лаьттачу дукха хьалха, ша жима бер долуш гинчу (я гIенахь дуьхьал тесначу) дахаран хIавао ша волчохь сацавалийтира.
Керт йоцу учи йолу цIа а, кетIахь кхалу бухахь йина хьаьжкIаш кхорзу куьрк а, букъ а берзийна, гам тусуш, лохачу гIантахь хиъна Iен эгIаза воккха стаг а… – дерриге а дукха хьалха дIадаьллачу, амма, дагадеъча, мерза лазаме ойланаш кхоллайолуьйтучу ширачу дахарера дара. Кхуьнан дендайн а, ненананойн а дахарера.


Сискалан а, кхорзучу йоьхьийн а, хьакхийначу ниттийн а хьожа еттало оцу дахарера схьа. Воккханиг хьалхахь а волуш, охьа ца хууш лаьттачу жимхин, шовдана йистехь метта-меттара дош олуш, къамел дечу кхечу жимхин а, цунна дуьхьал жоп дала сих ца луш, оьздангаллица дуьненан а меха йолчу йоьIан а, суьйренца маьI-маьIIера схьахезачу мехкарийн эшарийн зов лаьттачу екхначу стигланан а суьрташ а дохьу оцу шираллера схьайогIучу хьожано.
ХIинца и дерриге а дIадаьлла. ХIинца сискалан метта кIайчу деман бепиг ду, тIехуучу говран метта – машен, синкъераман метта – хьайн карахдерриг…
Гуттаренна а дIадаьлла аьлла хетачу оцу дахаран жима гIайре ю хIара керт. Дерриге а хуьйцучу керлачу дахаран хIордо хIинца а хи буха яхьаза. ДIо, къилбаседехь, шашна юккъехь карийна мамонтан чарх санна.
ХIокху кертахь хIинца а куьркахь хьаьжкIаш кхорзура, цунах бина даьттагIа а буура, уллехула тIехволу некъахо «чувагIахьара хьо» олий, хьаша вой, тIе а оьцура, учахь йолчу нохчийн пешахь цIе а йогура, цу чохь кечдинчу пхьуьйре берриг доьзал – доккха ши стаг а, цхьа кIант а, йоI а – охьа а хуура, туьйсинчу гаьмнашца хьаьжкIашна асарш а дора, тIаккха дIо дехьарчу уьрда тIехь мангалаш а хьокхура.


Вовшашка к1оршаме дош олуш, цхьа а вист а ца хуьлура, воккханиг – воккха, жиманиг – жима а вара, сагIина хIума ца луш, цхьа а пIерасканан буьйса тIех а ца йоьлуьйтура, белларш а ца бицбора, массо а малх кхетале хьала а гIоттура.
Кхин цхьа хIума а дара: хIокху тIе стешийн кондарш евллачу басахь лаьттачу цIийнан кертахь – иза синтем бара. Синтеме а, тийна а, аьхна-шийла а хуьлура аьхкенан довхачу деношкахь цIийнан чоьнашкахь. Иштта хуьлура Iай, пеша тIехь кIеж йоккхуш яй хилча, дIа а тевжина, вижна Iилла дог доуьйтуш.
ХIора Iуьйранна Органа тиллинчу тIайх а яьлла, йоккхачу, буьйцучу маттаца а, тIедухучу духарца а, юучу хIуманца а гIалахойх цуьрриг а къахеташ боцу нах бехачу юьрта балха йоьдучу хIокху доккхачу шина стеган йоьIан амал а оцу синтемах яра. Цхьаннан а – воккхачун стенна дуьйцу, я ура-атталла жимачун а некъ ца хадош, гIиллакхе хилар а, балхах оза ца луш, дерриге ша дан гIертар а, шен нийсархой санна, хьаьдда доьдучу дахарна тIаьхьа цаидар а дара оцу синтемах, оцу ширделлачу цуьнан ден-ненан дахарх.

2 773 комментария

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.