ГАУ «Издательский дом»

АХМАДОВ Муса. БIаьсте яра яьлла


ЙоIана хаалора: оцу синтемо шен амалца ша дахарна мелла а юьстахтоьттуш, оьздангаллех болу кхетам шен а, шен нийсархойн Iаламат тайп-тайпана хилар. Кхунна ша нийса хетара, хIетте а тола уьш тулура. Царах дуккахберш, маре а бахана, шайн доьзалш а болуш, Iара. Ткъа кхуьнан ткъе итт шо а кхаьчнера. ХIара тоххарехь тешнера, мацах шайн нана йолчу санна, ша йолчу хин коьрте ву аьлла къонах хIуттур цахиларх. Иза цуьнан мерза сатийсам бара, цкъа а кхочушхила ца боьгIна. ХIинца, охьатаьIна лелча, хIумма ца хуьлура. ХIинца массо хIума а гайта дезара: бIаьргаш а, пхьаьрсаш а, ела а къежна, кIайн цергаш а, йоца коч а юьйхина…
Кхуо емал а ца бора иштанаш. Мелхо а хIара хьоьгура царах. Амма иштта, мел лаарх а, хила-м лур яцара. ХIара кхечу заманера яра. Цундела сарралц – болх, суьйранна бежнаш Iалашдой, етт а узий, кхалла хIума а йой, шен чу а йоьдий, дIатоьра. Нанас олура: «Маха баккха хаьа, ала хIума долуш яц, балхана тIера а ю, са а ма гатде ахь…». ХIара цунна дуьхьал хIумма а ца олуш, гIийла елакъежара.
Иштта деций-ненаций Iаш вара цуьнан шовзткъа шере лестина ваша а. Да резавацара цунна. Цуьнан хенахь кхуо дикачу агIор цIе яккхийтина, тIееъна юьхьIаьржо дIанисъеш, хьалхаваьлла а лелла, иза а, иза а, иза а дина. (Дерриге а дагардина вер вац).
«Дада, дада, хIинца кхин зама ма ю». – «Хилча хIун ду?» – «Иза ду-кх».


КIант, юха а чувоьдий, шен книгаш тIе а вогIалой, Iара. Юха балха воьдура, юха цIа вогIура. Да а вицлора. Иза а, нана а тIетайнера, шаьшшимма и дойла а ца хууш, шайн бераш даккхий а ца хуьлуш, гуттаренна а кегий дисарна. Иштта атта а, таме а дара цу шинна. Амма иштта латта йиш ма яцара. ХIора дIадаьллачу дийно герга уьйзура церан хIораннан а догдохар, иштта хIора дийно а генадохура церан хила тарло ирс. ХIора дийно а. ХIетте а уьш массо, хIумма а цадаран Синтемо йийсаре бина, цо набаран тар тасийтина, хиндолчун ойла ца ян а гIерташ, бехара.
Цу дерригенах а кхийтира баьццарчу машенара воьссина кху керта ваьлла жима стаг.
Цуьнан мохь тоха дог хилира: «ХIей дада, нана, ма Iе иштта, дахар дIадолуш лаьтта шуна. Шуьшиннан ши бер а тоххарехь шайнна пеш латон хан тIехъяьлла ма ду. ХIокху кертахь шуьшиннан берийн бераша эккхийтина г1овгIа хила еза хан а тIех ма яьлла. Мел цIена хи а, х1оьттина лаьттича, телха шуна. Иштта дахар а. Хьаланисъе хIара разъяьлла керт, гонах еттина кибирчиг а юттуш, тоде шира цIа а, лалла кху кертара синтем. Иза гезган маша бу шуна, массо а паргIатонах воккхуш, шух хьаьрчина. Арахь муттанех юьзна дахарх кхехка бIаьсте.

Ма гIелъялийта шайн дахаран бIаьсте. Кхана-лама, цIеххьана, «тхуна ца хаьара» аш бахахь а, цIе хилла, кIур боцуш дIадер ду шуна хIара таханлераниг. ТIаккха кхин а бIозза хала хир ду шуна шуьшиннан берашна, цхьа а гIортор а, цхьа а тхов а боцчу дуьненан арахь диса, шаьш шуьца даьккхина дахар даьгначохь махо дIасакхуьссу овкъарш а гуш, доладелла лела…
Амма оцу жимачу стага хIумма а ца элира. Я цуьнан хIумма а ала бакъо а яцара. Цунна хааделларг дешнашца алалур доцуш, чолхе а, лазаме а, церан шайн а дара. Иза шена тIедиллина пайдабоццу хабар хIокху хIусамдега дIа а тоьхна, цара мел чIогIа дехарх чу вахана, церан ялтех а ца кхеташ (и бахьанехь воккха стаг кхунна чIогIа резавоцчух тера а дара), шен баьццарчу машена а хиъна, керлачу дахарца ястаяла юьзна кхехкачу бIаьстенехула а ваьлла, шен гIала дIавахара, даг чохь, цкъа а ца бицбан, шена тахана гинчо кхоьллина синхаамаш а хьош.

2 773 комментария

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.