ГАУ «Издательский дом»

БУРЧАЕВ Хьалим. МИНКАИЛОВ Эльбрусан – 65 шо.

Минкаилов Салауддинан Эльбрус вина 1955-чу шеран 13-чу майхь Казахстанан ССР-н Къилбаседа-Казахстанан областера Булаевски кIоштара «Чистовский» ялтийн совхозехь. 1957-чу шарахь церан доьзал шайн дайн махка, Теркайистера Галне, цIа бирзина. ТIехдика дешарца Галнера юккъера ишкол чекхъяьккхина, 1973-гIа шарахь Минкаилов Эльбрус деша вахана Л.Н.Толстойн цIарахчу Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университете. 1979-чу шарахь чекхйоккху филологин факультетан оьрсийн-вайнехан филологин отделени. Шен юьртарчу ишколехь хьехархо болх бан волало оццу шарахь. 1980-гIа шеран ноябрь баттахь университетехь студенташна хьеха волало. Нохчийн литературин а, фольклоран а кафедрин доцент а волуш, 1991-ра шарахь дуьйна «Орга» журналан редакцин декъашхо, прозин декъан куьйгалхо. 2003-гIа шерера 2017-гIа шо кхаччалц журналан коьрта редактор болх бина ву Эльбрус.


Минкаилов Эльбрус шовзткъе итт Iилманан статьян автор ву. Литературин истори, иштта литературин а, историн вовшашца йолчу зIенийн хеттарш толлу цо царна тIехь. Литературин критикин декъехь, фольклор талларехь, гочдарехь а къахьоьгу цо. Цуьнан белхаш зорбатоьхна юкъара гуларшкахь, литературин-исбаьхьаллин, Iилманийн гуларийн агIонаш тIехь. Царах цхьаерш «Нохчийн литературах а, фольклорах а» цIе йолчу шен киншки юкъаяхийтина цо.
2003-20I0-чуй шерашкахь шиъ повесттий, ткъех дийцаррий яздина Минкаилов Эльбруса.

«Орга», «Нана», «Вайнах» журналийн, республикин а, кIоштийн а газетийн агIонаш тIехь зорбатоьхна уьш. Яздархочун дийцарш арадевлла юкъарчу гуларшкахь а: «Нохчийн дийцар» (Соьлжа-ГIала, 2006), «Война длиною в жизнь» (М, 2007), «Нохчийн дийцарш» (Соьлжа-ГIала, 2010), иштта «Дружба народов» (Москва), «Минги Тау» (Нальчик; балкхаройн маттахь) журналийн агIонаш тIехь а. «Терк дистина догIу» (Соьлжа-ГIала, 2011 ) прозин книга зорбанехь араяьлла.
Арахеца кечйина ю ши киншка – «Дахаре гIертар» (нохчийн маттахь), «Хи хьаладаьлча» (оьрсийн маттахь).
Нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь язйо, шен говзарш ша гоч а йо.


Минкаилов Эльбруса оьрсийн матте гочдина Айдамиров Абузаран, Мамакаев Iаьрбин, Бексултанов Мусан, Ахмадов Мусан, Мутаев Мусан, иштта кхечеран а дийцаршший, повесташший, иштта цо оьрсийн маттера нохчийн матте яьхна Лев Толстойн, Эфенди Капиевн, Важа Пшавелин говзарш. 2020-чу шарахь Нохчийн яздархойн Союзо арахийцира Минкаилов Эльбруса гочйина Толстой Лев Николаевичан «Хьаьжамурд» повесть.
2002-чу шарахь дуьйна Россин яздархойн Союзан, 2004-гIа шарахь дуьйна Россин журналистийн Союзан а декъашхо ву. 2005-гIа шарахь Минкаилов Эльбрусна елла Культурин хьакъволчу белхахочун цIе, 2015-чу шарахь Нохчийн халкъан яздархо, аьлла сийлахь ц1е тиллира цунна.


Нохчийн Республикин Президентан, Парламентан, зорбанан министерствон, НПУ-н куьйгаллин цIарах грамоташ а, мидалш а елла цунна къинхьегамехь билгалваларна.
Хууш ма-хиллара, нохчийн литературин критика, кхечу жанрашца юьстича, тIаьхьайисна. Къаьсттина кIезиг бу оцу декъехь нохчийн маттахь язъеш берш. Ткъа муьлхха а маттахь язйина литература талларехь уггар хьалха шен маттахь язъяр догIу. Иштта аьлла хетачех ву Минкаилов Эльбрус. Масех киншка бен ара ца яьлла нохчийн маттахь критикин жанрехь. Эльбрусал хьалха Сулаев Мохьмадий, Арсанукаев Iабдуллассий, Туркаев Хьасаний бен ца бина и болх.


«Нохчийн литератураххий, фольклораххий» (Соьлжа-ГIала, 2007шо) цIе йолчу шен гуларна автора юкъаяхийтина тIаьххьарчу шерашкахь ша язйина статьяш. Вайн исбаьхьаллин литературин къанойн кхоллараллица цхьаьна Минкаиловс кIорггера талламбо вайзаманан яздархойн произведенийн.
Прозаикан Минкаилов Эльбрусан – говзарш шатайпа ю шайн сюжетаций, композициций, маттаций. Автор гуттар а ларло хиламийн а, вастийн а дукхаллах, цунна тоьу цхьакIеззиг долчунна тIе тидамбахийтар, цуьнан гIоьнца шен турпалхо дагалецамашка ваккха а. Цундела дукха нисло яздархочо шен ешархочунна заманан масех мур гайтар, уьш дуьхь-дуьхьал хIитторца я бустарца шен турпалхойн амалш, цаьрца боьзна хиламаш бовзийтар. Дукха хьолахь яздархочо шен цIарах дIахьо дийцар, кхечу персонажашца цхьаьна а го иза, цкъацкъа коьрта турпалхо ша а хуьлу иза. Оцу дерригено а шатайпаналла кхуллу цуьнан произведенийн, цкьацкъа авторо шен дог дастаре а доьрзу и.


«Цхьа кхоллам» дийцар Тесиев Алдаман дахаран некъ бовзуьйтуш ду. Билггал хилла волчу стеган кхоллам бу буьйцург. Цунах вай кхета, дийцаран чаккхе ешча. ДештIаьхьенехь авторо вайна Алдаман доьзалх хаамаш баларо гойту и.
Гуш ду, Алдаман дахар мел чолхе а, хала а хилла. Ткъа вайн дийцаран турпалхо, оцу халонаша вахчийна, чекхволу. Нохчаша даим коьртачех леринчу собарца чекхваьлла Алдам зиэрех. Цундела ву иза наха лоруш а, сийдеш а. «Со даима цецвуьйлура цуьнан партал хиларх а, мичча хьолехь а вухуш и цахиларх а, хIуъа а гIуллакх дан хууш а, цхьа товш, самукъадаларца, цо и деш хиларх а», – дуьйцу авторо. Алдаман партал хилар билгалдаккхарехь а го вайна и стаг, хIуманан сихо ца еш, ойла йиний бен, гIуллакх кхочуш ца деш волчех вуйла.


Алдам вайна вовзуьйтучу могIанашкахь цуьнан сурт иштта кхуллу авторо: «Алдам, доккхачу дегIахь, хIинцца тIаьхьа къежвала воьлла, дуькъа мекхаш а, сийна бIаьргаш а болуш стаг вара».
Вайн къоман кхетамехь оьздачу къонахчун битамаш бу уьш. «Кхидерг дацахь а, собаррий, жимма мотт хааррий-м ду хьан ден доттагIчун», – боху Алдама. «Дахарехь хьуна чIогIа оьшур долуш цхьа хIума ала лаьа суна хьоьга: къонах а хилла, дахарехула чекхвала хьо лууш велахь, миччанхьа – цхьаъ хилла а – тIевосса меттиг хила езаш ю хьуна. Хьо а кийча хила, хьайна тIевеанчун гIуллакхе хьажа, цкъа а ца эшахь а, хьайн а хилийта иштта меттиг…», – хьехар до цо дахаран зиэделларг доцчу Элбердна.


ТIаккха дешархо кхета: Алдамна дуккха а гина кху дуьненахь, цхьа бух боцуш дац цуьнан дахаран гIиллакхаш а, маьIна а довзар. Ткъа Алдамах долчу дийцаран «Цхьа кхоллам» цIе елахь а, иза беккъа цуьнан шен кхоллам бу алар нийса дац. «Дахкарлахь» цIе йолчу дийцарехь санна, Минкаилов Эльбруса хIокху дийцарехь а цхьана стеган вастаца дуьйцу нохчийн къомана тIехIиттинчу бохамех.

Оставить комментарий

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.