ГАУ «Издательский дом»

БухIанаш а, маьлхан а къовсам

(Нохчийн халкъан туьйра)

Мацах-мацах, тоххара цхьана дIаяханчу хенахь, бухIа хилла шен доттагIашна-олхазаршна гергахь дозаллаш деш, дерриге а дуьне серладоккхуш, къагош берг шен ши бIаьрг бу бохуш. И хааделла малхана. Цо бухIане аьлла:
– Ма гIерта сан сий хьайна дерзо.
БухIа яша а ца яьшна цо бохучух.
– Хьо бу и сан сий хьайна дерзо гIертарг, – аьлла цо.
Иштта церан къовсам баьлча, схьагулделла дерриге а дийнаташ, цу шиннах бакъ муьлханиг лоь хьовса. Цхьадолу акхарой, олхазарш бухIано бохучух тешаш, вуьйш малхехьа хилла.
– Дика ду, – аьлла малхо, со цхьана ханна дIалечкъар бу, ткъа шу бухIано дуьне серла муха доккху хьовсуш хила.
ДIалечкъина малх. ТIебеана бода. Шен ма-хуьллу къерзош хилла бухIано бIаьргаш, амма дуьне серладолуш ца хилла. Юха схьакхетта малх, серладаьлла дуьне. Хаьттина малхо:
– ХIун олу аша?
Массара а хьовзийна бухIа, кхин ала хIума а ца хилла, тIема а яьлла, дIаяхана. ХIетахь дуьйна дийнахь гучу ца йолу бухIа, буьйсанна бен.
Иштта хуьлу харцо лелочунна.

Стела1ад 2.2021

Оставить комментарий

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.