ГАУ «Издательский дом»

ТИМБУЛАТОВ Мовсар, Нохчийн меттан институтан Iилманан белхало

Бовза, беза хьайн мохк.

Асламбек Шериповн ц1арах юрт

Нохчийчоьнан къилбехьа, тулгIеш идош догIучу Органна аьтту агIорчу чIожахь Iуьллуш ю, лаьмнийн хазалла – Шуьйта-кIошт. Соьлжа-гIалина 57 чаккхарма генахь ю Шуьйта. Оьздангаллин а, хьаша-да лараран а кхерч лаьттина кхузахь даима а. Комаьршаллица а, гIиллакх чIогIа леладарца а гIарабевлла бу шуотой. Шатайпа, мел чуийзарх Iебар воцуш, цIена ду кхузара хIаваъ а.


Шуьйтара, къилба-малхбалехьа 7 чаккхарма хьалавахча, гуобаьккхина лаьмнаша маракъевлина Iуьллуш ю, Шерипов Асламбекан цIарах юрт.
Цу чуйогIуш ворхI юрт ю: Хьена-кхаьлла, ГIаттин-кхаьлла, Мус-кхаьлла, Бена, Дехьайисте, Маьрш-кхаьлла, Мусолт-эвла.


Вай цIерадахале оцу хIора юьртахь шен сельсовет хилла. Ткъа юкъара цIе – ГIаттин-кхаьлла олий йоккхуш хилла. Цул тIаьхьа и цIе Солнечное аьлла хийцина. I958-чу шарахь лаккхарчу Президиуман указца, Солнечное боху цIе дIа а яьккхина, совет-Iедал даккхаран къийсамехь баьчча хилла волу Шерипов Асламбекан цIарах цIе тиллина юьртана. Ткъа и ворхI юрт цхьаьна а тоьхна, юкъара цхьа сельсовет йиллина, царна юккъехь цхьа чаккхарма а некъ бац аьлла. Юьртан цIе иштта тиллар эрна ца нисделла. Кхузахь вина а, кхиъна а, дIавоьллина а ву Граждански тIеман турпалхо Шерипов Асламбек. ГIаттойн кешнашкахь тахана а лаьтташ ду цуьнан чурт а, цунна боьгIна хIоллам а.


Вай дохадале кхузахь кхо ишкол хилла: ГIаттин-кхаьллахь, Маьрш-кхаьллахь, Бенахь. Уьш I944-гIа шо тIекхаччалц лаьттина. Цул тIаьхьа, I958-чу шарахь юкъара цхьа ишкол йина ГIаттин-кхаьллахь. Цуьнан куьйгалхо – Давдиев IабдурРохьман Алиевич хилла. ХIетахь дуьйна тахханалц лаьтташ ю и ишкол ГIаттин-кхаьллахь.


20I0-чу шарахь А.Шерипово юьртахь вехаш I097 стаг хилла.
Шен турпалхой ца бевзачу нахах къам хир дац олуш ду вайн. А.Шериповн юьртара схьабийлина дуккха а Iеламнах, Iилманчаш, хьехархой, дика нах. Махкахь а цIейоккхуш хиллачу Iеламнахах ву: Тимишан Якъуб, Дачин Iусман, Дачин Мохьмад и дI.кх.а. Цаьргара Iилма схьа а эцна, Нохчийчохь и даржош, шегара доккха беркат схьадолуш вара Баснакъин Iусманан кIант Хьасан. Дала декъалбойла уьш, Дала гечдойла царна.
Иштта кху юьртара ву, шен дерриге а дахар Iилманна а, хьехарна а дIаделла, нохчийн хьакъволу хьехархо Дудин Iабдул-Хьамидан кIант Султан.


Дуккха а дика нах хилла А.Шерипово юьртахь, шайн комаьршонца а, гIиллакх-оьздангаллица а гIарабевлла. Юьртахой берриш а бу иштта оьзда а, тIевеънарг лоруш а, хьаша-да везаш а. Цунна тоьшалла ду, кхуза кхаьчча хьуна карош болу синъайам а, синпаргIато а. Ур-аттала лаьмнаш а ду, хьаша-да тIелаца кечделча санна, цхьа леррина нисделла лаьтташ.

Стела1ад №3. 2020

Оставить комментарий

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.