ГАУ «Издательский дом»

«ПХЬАРМАТАН» – 45 шо


ГАЙТУКАЕВА Бана

БIАЬВНАШКА БЕЗАМ

Суна деза хета «Пхьарматах» мел хьакхалуш хилларг. Хала а ду суна тахана цунах лаьцна дош ала, дагна деза хетачух (даима иштта нис а ма ло дахарехь) деза а, хала а ма хуьлу дош ала. Со «Пхьармате» ялийнарг Цуцаев Iалавди вара, иза ша цIера Хьалха-МартантIера а волуш, хIетахь ЧИГУ-н студент вара. Вовшахкхетар университетан хьалхарчу юкъараIойлехь хуьлура. Со чIогIа лерина тIеийцира пхьарматхоша. Сан даг чохь йовхо, тешаман йовхо хьайра. Нохчийчоь, со тийшира, дуьххьара тийшира хьан хиндолчух. Иштта кIентий лаьтта тIехь мел бу ян йиш яцара хьан кхерчара цIе! Со кест-кеста йогIура кхуза, xlopa баттахь. Цигара накъостий вовшах къаьсташ бара, цхьаберш – кегийра седарчий, ткъа вуьйш-стелахаьштигаш… Дала гечдойла цунна, Дала цуьнан сина паргIато лойла эхартахь мукъана а, дуьненчохь-м и хила аьттехьа а дацара, иза бIе шарахь ваьхнехь а. Ас вуьйцург хеназа, къизачу кхиэло вайна юкъара дIаваьхьна доккха долу художник, пхьарматхо Ахмадов Малик ву. Малик тешара Нохчийчоь маьрша пачхьалкх хирг хиларх, цунна дукха дезара дахар. Цунна дукха дезара адамаш. Иза теша а тешара царех.


ХIинцца, хIокху деношкахь, Малик хьахавелча цаьрца дешначу цхьана йоIа элира: «Лар ца луш, тIех майра вара иза». Ас шега, хIунда бахара ахь, аьлла, динчу хаттарна иштта жоп делира цу йоIа: «ХIокху Iедалан Iадатна реза вацара иза, со шена дуьххьара бен гуш йоццушехь соьга дийцира цо иза».


ХIаъ, ван а вара Малик иштта. Цуьнан кхечу aгlop хуьлийла а дацара. Иза шен цIийца, шен сица бакъволу художник вара.
Гой шуна, мел цIена са долуш хила веза дуьххьара шена гучу йоIана шен дог даста. Мел чевнех дуьзна хила а деза цуьнан са! Ишттий бен хила йиш а яц илланчин кхоллам.
«Пхьарматан» куьйгалхо Ахмадов Муса вара. Мел къаьхьа делахь а бакъдерг дIааларца билгал ваьлла вара и. «Ловзарш» хIун ю а ца хаьара цунна. Кхоллараллин стаг иштта хила а везара. Суна Мусас Iамийра, тIечIагIбира сан дагчохь бабас шен дийцаршца кхоьллина лаьмнашка, бIаьвнашка безам.

Ахь урдонна яхкахь суна бIаьвнаш,
Хьуна лур ду сайн мутт аренийн…
Иштта лекха бара сан бIаьвнашка безам. Мусас кхин а серлабаьккхира и. Ахь Iамийра нохчийн йоIана xlopa стеган сийлаллин бIов хила езийла. Ахь Iамийра, Муса…
Декъал хуьлда дегI, са цIена сай…
Со кхийтира Мусах, кхийтира… Сан Нохчийчоь, со воьлху хьан къина…
Кхийтиpa цу дешнех а. Со хьох йоккхайийна а ца йолура. Сан дог дозаллех дуьзира.
Вежарий, дуьйлало, некъ бу вайн хьалха,
КIадъелла хир ага техкийна нана,
Хан хилла вайн довла дайн, дедайн пхьалгIа,
Керлачу гIирсашца шира бIов ага!..

Цу дешнашца даг чу вижира гIайгIане, хаза куц-кеп долуш волу Абдулаев Леча.
Нохчийчоь – оьзда, лекха къонахий хилла хиларх тешийра со Бексултанов Мусас. Тешийра диканах, хазаллех, цIеналлех. Мусас кура хила Iамайора нохчийн йоI, кIилло кIант вист ца хилийтал кура!
Доцца аьлча, сан бIобулуш кIентий бара цигахь гуллушберш. Ахмадов Муса, Абдулаев Леча. Бексултанов Муса, Яралиев Юсуп, Сумбулатов Дени, Ахмаров Рамзан, тIаьхьо юкъавеъна Бисултанов Апти.
Цара газета арахоьцура, царна еза яра Маршо, Нохчийчоь. Уьш тешара Нохчийчохь маршонан малх кхетарг хиларх. Тахана массарна а бовза кхиъна уьш: Ахмадов Муса воккха яздархо хилла, Абдулаев Леча, Бексултанов Муса, Бисултанов Апти – вайн литературе дуккха а керланиг деана цара. И санна болу кIентий бIешаро цкъа бен луш бац. Со цунах теша…
Сайн вешин-пхьарматхочун Яралиев Юсупан дешнашца чекхбаккха лаьа суна сайн дагалецам:

Дайх ала дош доцуш, Даймахкахь каш доцуш,
Дала ма лайла вай, кIентий, дала ма лайла вай…

Орга №3. 2020

13 064 комментария