ГАУ «Издательский дом»

«ПХЬАРМАТАН» – 45 шо

Хьомсара дешархой! Тахана шуна хьалха бу генарчу (цхьана aгlop гергарчу а)
1975 шарахь мехкан а, халкъан а гIуллакхана юкъ йихкинчу, шайн къоналлин шовкъ а, похIма а, лаьтта тIехь серло алсам йоккхуш, дIадала кийча хиллачу кегийрхойн дагалецамаш. Теша, уьш бешча, хIетахьлерчу хенан а, дахаран а хIаваъ, марзонаш, халонаш шуна а хаалург хиларх.

Ахмадов Муса

«ПХЬАРМАТАН» ДОЬЗАЛ

Гуттаренна стеган сица даха дуьсу кIезиг хIуманаш – уггаре а мехалнаш, уггаре а чIогIа Iаткъам бинарш. Иштта ду бераллехь хьан кхетам кьагийна, хьуна дуьххьара малх гина де, иштта ю жималлин марзонаш – доттагIалла, дуьххьарлера безам… Церан могIарехь ду суна «Пхьарматехь» айса дакъалацар а. Оцу литцхьаьнакхетараллехь хиллачу заседанеша, цигахь динчу къамелаша, накъосташца хиллачу юкъаметтигаша дуккха а хIуманаш хийцина аьлла хета суна сайн амалехь а, кхоллараллехь а.


Деа шарахь (1976 шарахь дуьйна 1979 шеран аьхке тIекхаччалц), оцу литцхьаьнакхетараллин куъйгалхо вара со. Уггар къоначех велахь а, накъосташа сох тешийнера литцхьаьнакхетараллин тIехь куьйгалла дар. Куьйгалла дар аьлча а, заседанеш (баттахь цкъа я шозза хуьлура уьш) кечъеш, накъостийн произведенеш йоьшуш, уьш кхечаьрга дIасалуш, критически статьяш язъеш, телевиденехь, радиохь передачаш еш, гIалахь а, ярташкахь а цхьаьнакхетарш дIахьош, хаддаза дийнахь а, буса а болх бар дар-кха сан куьйгалла. Цул сов, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан хьалхарчу корпусан кхоалгIачу гIатан пена тIе дIатухуш хилла долу «Пхьармат» газет арахецаран жоьпалла а суна тIехь дара. ХIетахь xlopa баттахь арадолура иза, дIатоьхча масех метр пен дIалоцуш. Цу тIехь тайп-тайпана рубрикаш хуьлура. Поэзи, проза, хаамаш, статьяш, гIалди-булди /забарш/… Дуккхачу пхьарматхойн стихаш, дийцарш цкъа хьалха оцу пенагазети тIехь ара а довлий, тIаккха газеташкахула я сборникаш тIехь девзара дешархошна. «Пхьармат» газетехь шайн говзар зорбане ялар а жима хIума ца хетара буьйлалуш болчу яздархошна.


Дукха адам гуллора, и арадаьлча, цунна хьалха. Амма и цадезарш а бара. Хийлаза датIийра иза, цкъа дага а дира, пена тIехь доллушехь.
Тхан пенагазета дагийна аьлла ас арз дича, парткоман секретаран заместитель волчу Ивановс элира: «Аш цу тIехь националистически хIуманаш яздина хир ду, цундела дагийна. Бехк шу шайн бу».
«Пхьарматахь» дуккха а накъостий бевзира суна. Цаьрца гергарлонаш тесира. Уьш цхьадерш дуьйхира, вуьйш хIинца а долуш ду… Цунах лаьцна а ас цкъа цхьана хенахь яздийр ду. Амма тхайн цхьа накъост Ахмадов Малик ца хьахо йиш яц сан. (Цунах лаьцна йоккха материал а, цо язйина йисина стихаш а, статьяш а зорбатоха дагахь ду тхо журналан рогIерчу номершкахь, цундела доцца эр ду ас).
Бакъдерг дийцича, Малик цхьа шатайпа стаг вара. Суна дуьххьара вевзаш, иза университетехь чIогIа воккха юкъарчу дахаран жигархо вара, комсомолхойн баьччанех цхьаъ а вара. Оцу хенахь иза воккхавеш а, самукъане а, суна хетарехь, партис вайн мехкан халкъаш сирлачу кханене дуьгуш хиларх чIогIа тешаш а вара. Оцу хьокъехь язйина стихаш а яра цуьнан.

Амма университетехь доьшуш цхьа ши шо даьлча, иза Iаламат чIогIа хийцавелира. Тхойшиннан дехха къамелаш хуьлура. Дукха хьолахь иза дуьйцуш /сол масех шо воккха вара иза/, со ладугIуш хуьлура. Тхойшиннан къамел литературех, ас язйинчу произведенех, нохчийн къоман культура кхиорехь дан дезачух а хуьлура… Наггахь политика а юьйцура.
Сан литературехь хиндолчух тешара иза, цунах лаьцна цо яз а дира 1978 шеран бIаьста, ша валале цхьа бутт хьалха, «Орга» альманахехь араяьллачу статья тIехь.


Малика наггахь еша политически статьяш а лора соьга, я ша йоьшура оцу статья тIера меттигаш. Цуьнгара дуьххьара хезира суна конвергенци бохучу теорех лаьцна а. КIорге хьекъал долуш хиларе терра, Малик хьалххехь кхеттера нах иттех шо даьлча кхетачух, шен заманал хьалха ваьллера иза кхетамца… Пхьарматхошна дагахь дисира 1977 шо. Оцу шарахь уьш республикина а бевзира. Цу шарахь хилира къоначу яздархойн совещани. Цигахь ас дийцира «Пхьармат» литцхьаьнакхетараллин Iалашонех, балхах, хетачух. ЧIогIа дика тIе а ийцира и сан къамел цигахь гулбеллачу яздархоша а, къоначара а. «Шен хеннахь кхоллаелла и цхьаьнакхетаралла, шенa хьакъ йолу цIе а тиллина цунна – «Пхьармат», – элира цигахь поэта Дикаев Мохьмада.

10 154 комментария