ГАУ «Издательский дом»

ХАЛИКОВА Мадина. Гацаев СаьIидан цхьайолчу байташкахь халкъан барта кхоллараллин мукъамаша дIалоцу меттиг

Аннотаци: статьяхь нохчийн поэтан Гацаев СаьIидан цхьайолчу байташна юкъа халкъан барта кхоллараллин мукъамаш муха балийна толлуш ду. Иштта, халкъан барта хазнех пайда а оьцуш, цуо кхоьллинчу исбаьхьчу вастийн а, поэтически гIирсийн а мах хадош бу х1окху балха т1ехь.
Коьрта дешнаш: Гацаев СаьIид, халкъан барта кхолларалла, байташ, турпалаллин иллеш, кицанаш, лирически турпалхо.

Гацаев СаьIид нохчийн гоьваьлла поэт ву. Цуьнан поэтически кхолларалла Iаламат мехала хазна йу вайн литературехь. «Нохчийн йаздархой» цIе йолчу шен балха тIехь литературоведа Арсанукаев Iабдуллас даладо Арсанукаев Шайхис шен цхьана статьяхь йаздинарг: «Дуьненан литературин хоршахь, цуьнан ламасташца, кепашца, амма шен къоман барта кхоллараллин, гIиллакхийн, ламастийн буха тIехь кхуьуш схьайогIу нохчийн исбаьхьаллин литература…» [1. 71 агIо].

Тхуна хетарехь, Гацаев СаьIидан поэтически кхоллараллина тIедогIуш ду Арсанукаев Шайхис дина къамел. Цуьнан байташкахь шатайпанарчу аьзнашца декаш ду халкъан барта мукъамаш. Къоман гIиллакхийн, ламастийн гураш чохь нислуш йу цуьнан башха поэтика а.
Бакъволчу йаздархочун кхолларалла шен къоман барта хазнин бух тIера дIайолайелла хуьлу. СаьIидан да Асламбек Харачойн Зеламхин йишин воI хилла. Цу заманара дуккха а хиламаш боьвзара Асламбекана. Цул сов, Арсанукаев Iабдуллас йуха а хьахадо шен статьяхь: «Цуьнан дийцарш тIехь кхолладелла шен дуьххьарлера байтийн могIанаш, олий, дуьйцура СаьIида». [1, 144 а.] Шен цхьана байтехь поэто иштта йаздо:

Иллеш, эшарш массо хенахь,
Лардеш, тегна нохчийн халкъо.
Сих ма ло хьо, вац со генахь –
Ӏемаш лаьтта дош сайн хьекъо.
[2, 286 а.]

Гацаевн поэзехь къеггина гучуболург шен Даймахке а, халкъан барта кхолларалле а болу безам бу. Барта хазнийн тIеIаткъам гучуболу цуьнан хьалхарчу произведенешкахь дуьйна. Шен «Дека илли, дека доггах…» цӀе йолчу цхьана байтехь, вайн халкъе кхайкхам беш санна, даладо цо хӀара могӀанаш:

Йийца нахе мехкан хазна!
Тийна суьйренаш хазе йаха!
Дезнарг хаьа-кх дийца говза,
Кхин-кхин тайна дешнаш леха,
Мехкан хазна хазе йаха!
[2, 286 а.]

Хууш ма-хиллара, мехкан хазна – халкъан барта кхолларалла йу. Халкъан кхолларалла дӀайалахь, и халкъ дӀадаьлла лара мегар ду, х1унда аьлча вайн дайшкара дуьйна лелийна гӀиллакхаш, Ӏер-дахаран хьокъехь дийцарш, турпалаллин иллешкара къонахийн хиламаш, и дерриге а вайн халкъан истори йу, барта кхоллараллехула гучуйолу. Ткъа и исбаьхьа амалш лар а йеш, кхин а хазачу дешнашца и йийцаре йе, бохуш, кхайкхам бо вайга Гацаев СаьӀида шен хьалхарчу байташкахь дуьйна. Цуьнан тоьшалла вай лакхахь хьахийна байт йу.
Шен поэзехь, цхьаццайолчу байташкахь, барта хазнех пайдаэцна Гацаев СаьIида, шен авторан керла мукъам а, васташ а далош. Вай масала йалочу «Со ца йийзи, сох ца кхийти…» цIе йолчу Гацаевн байтехь керла чулацам гучуболу

Со ца йийзи, сох ца кхийти,
Хазчу кӀантах со йалийти.
«Ма гӀо, бехи соьга, маре!» –
Ца хьежийти махе, малхе.
Нехан хабарш дукха хилла,
Наха деш кхин гӀуллакх хилла.
Тхойша вовшийн ца хилийта,
Махах, малхах со хьегийта.
[2, 286 а.]

15 комментариев

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.