ГАУ «Издательский дом»

«Дадин берзалой»


Жимчохь дуьйна, сурт дуьллуш, хазахетара суна. Айса дехкина суьрташ коран бIаьргаш тIе летадора ас. Нанас дов ца дора. ЧIогIа самукъадолура сан мультфильмех. Сан бераллехь, хIинца санна, дукха ца гойтура уьш. КIирандийнахь хуьлура Диснейн мультфильмаш: «Чип и Дейл», «Горбун из Нотр Дам», «Черепашки Ниндзя», «Том и Джерри», «Король Лев». Церан суьрташ къегина а, хаза а хуьлура, цундела цаьрга юх-юха а хьоьжура со. Хазахетара «Ну, погоди!» а. Цаьрга хьаьжча, нохчийн мультфильм хила лаьара суна, турпалхой нохчийн мотт буьйцуш а болуш. Жимчохь дуьйна шен къоман амалехь кхио деза бераш. Ца кхиадахь, хан-зама йаьлча, бераш къоман гIиллакх-оьздангаллина, амална мелла а херадевр ду. Дукха ю вайн амалца, гIиллакхашца ца йогIу мультфильмаш. Цара вон тIеIаткъам бо берийн кхетамна, церан суьрташ хазахеташ, самукъадолуш, уьш хьовсахь а.


Кегий бераш ца кхета «гIиллакх» дешан маьIнах. Ца хаьа, шен жима-воккхачуьнца хIун, муха юкъаметтиг хила еза. Мультфильмаша бер ойла йан, мотт бийца Iамийна ца Iаш, синкхетам кхиабо. «Жимачун доладе, Iалашве, воккхачун сий-ларам бе!» – бохуш, берашка юх-юха дуьйцучул а гIоли ду, масалш тIехь гойтуш хилча. Гайтинарг дикахо схьалоцу цара. Майралла, доьналла, яхь, гIиллакхаш гайта деза берашна, экран тIехь берийн дуьне а кхуллуш, уьш шаьш-шайга хьажийта. И Iалашо йолуш кхоьллира ас «Дадин берзалой» мультфильм. Вайн дайша, шен доьзалхо, берийн бер хьостуш, хьалха дуьйна олуш хилла: «Дадин борз ву хьо», «Еккъа ц1ена борз ю хьо», «Берзан кIеза ду хьо». Нохчийн дахарехь, амалехь иштта алар долу дела, лиира суна «Дадин берзалой», аьлла, мультфильмана цIе тилла.


Мультфильмашна сюжеташ вайн дахарехь шортта ю. Уьш вайн дахарехь ган, билгалйаха, берийн хьежамашка, ойланна, синкхетамна мелла а гергайало еза. Сан сюжеташ бераша шаьш кхуллу. Уьш лаьтта церан хазахетарех, халахетарех, дегабаамех, ловзарех, юкъаметтигех. «Дадин берзалой» мультфильмаца берашна хазахетар, совгIат дан лууш вара со. СовгIат ас дина, ткъа царна и совгIат тайна я ца тайна, хено гойтур ду. Сайн бераллехь цахилларг церан хилийта-м гIиртина со. Атта дац мультфильм йаккха. Мультфильман цхьа сери шина-кхаа баттахь йо».


Яхь, гIиллакх-оьздангалла йолуш, шен халкъ, мотт а безаш, нохчийн къоман дика кIант ву Сахьаб. Шен аьттоне, тароне а ца хьоьжуш, нохчийн къоман сийлахь-дезаниг берашка дIакхачо цIена нигат а долуш, хьанал, доггах а къахьоьгучу Сахьабана уггар а хьалха баркалла эр ду са цIеначу бераша. Вай а боху-кх: Баркалла хьуна. Дала аьтто бойла хьан, Сахьаб!

Хьомсара бераш! Яккхий Iалашонаш хIиттае шайна хьалха! Бовза, ларам биэ, масал эца оцу Iалашонашка кхаьчначу вайн къоман юьхькIам болчу нахах!

Стела1ад №1. 2021

93 комментария

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.