ГАУ «Издательский дом»

ЗАКРИЕВ Iийса. Берсин леламаш


ГIалин корах арахьоьжуш лаьттачу Зубаржатан бӀаьргаш хих лешара. Къилбехьа йирзина, ойланца Субате кхойкхура цо. Захьид (отшельник) вист ца хуьлуш, дикка хан елира. Ца хезаш-м ца Iара, шен цхьа бахьана дара-кх… Эххар а мархи тӀехь Алц-Шахьаран майданна тӀе хӀоьттира иза. Цунна уллехь Ровзан а лаьттара. И шиъ, орцахдевлла маликаш санна, эвла тIехула гуобоккхуш, хьаьвзира. ТӀаккха марха, ешаш санна, дӀаелира. Ткъа Субат а, Ровзан а лаьтта доьссира – ГIарипна а, Йахуона а юккъе. ТIом сецнера. Юха а тийналла хӀоьттира Алц-Шахьарахь.


Захьид воккха стаг вара, хебаршкаяхана юьхь а йолуш. Духар а дацара «элан» – баьццара вета болу коч, мелла а малхо баса а яьккхина, коьртахь кӀайн бӀегӀиган куй. БӀешерийн хьекъал гора цуьнан бӀаьргаш чохь. Жимачу дегӀахь волчу къеначу стага хIун гlo дийр ду аьлла, хетар дара Субат ца вевзачунна. Амма Бундол – цу стагах доллург дика хууш волу, – кхеравеллера, цуьнан къорза бӀаьргаш уьдуш дара. Дакъаделла генаш санна долчу куьйгашца сира маж хьерчо вуьйлира иза.


Захьида малхо деттина куьйгаш доIанна лецира – цунна тӀаьхьа массо а эскархочо.
Жин доьхна хьийзара. Цхьана хӀумано, аьрхачу ойланаша сецадора иза.
– Ма латта, Йахуо! Чекхбаккха хьайн болх! – мохь беттара Бундоло.
Субат доIа дина валале цхьаъ дан дезара. Ца дахь, жин лаамера дала кхерам бара. Сихха тӀоьрмиг чуьра ЖIаьли-чIеран ши даьIахк схьаийцира Бундоло. ТIаккха, цхьа шабар-шибар а дина, уьш вовшахъхьаькхира. Йахуос цIогla туьйхира – «дарба» хьех кхеттачух тера дара. Бундол къежира.


И сурт гушволу Захьид, шен балхана сихвелла, тӀамна кечлуш воллура.
Эскархошка генадовла а аьлла, жинна дуьхьалвелира воккха стаг. Цуьнан буйнахь Ӏаждарбецан зезаг бен, хӀума яцара. Йахуонна чӀогIа цаезачух тера дара иза. Саца а сецна, шен марошца хӀаваъ чуийза хIоьттира жин. Бундола даьIахкаш хьекхайора, Субат, ког а тасабелла, горавуьйжира, тIаккха хьаллагӀаьттира. ДегӀера ницкъ дӀаболуш, гӀеллуш вара иза. Муш хьийзош, тӀехьаьдира Йахуо. КӀеззиг хан йиснера, цуо Захьид, цистина, охьавилла. Амма Субат, тӀаьххьара ницкъ гулбина, стигала велира. И лаьттинчу кхеттачу муьшо, говран рема чухӀоттал, чӀож даьккхира.


Захьидан зезагах тур хилира – малх санна къега тур. Стиглара чувоггӀушехь и тур тоьхна, жин дийкъира цо. Нийсса юккъехула дийкъира. Аре мел ю, дӀасатуьйхира шекъа. Цуьнан тӀадам боьжна меттиг кхиэхкара, кхехкаш гIоттучу Ӏаьнарх сийна бода хилира. ТӀаккха, букъ берзийна, дӀаволавелира Захьид.
– Субат…– гӀийла аз хезира букъа тӀехьа.
ХӀара юха ца воьрзура.
– Субат!..


– Верзахьа, Захьид, – дехар дора ГӀарипа а, Зубаржата а, эскархоша а.
Стаг сецира, жимма ойлаеш а лаьттина, юхавирзира. Захьидна хаьара, кхойкхург мила ву – иза кхуьнан хилла хӀусамнана Дарет яра. Кхушиннан хилла безам, хилла ца Ӏаш, хӀинца а даг чохь бехаш болу безам, Даретца дуьнен чуьра дӀаболуш бара. Дарет – Зубаржатан а, ГIарипан а йиша – бӀаьстенан Ӏуьйре санна, тайна стаг яра, цуьнан шовдане аз тахана гӀелдинера. Зудчун бесни тleхула додуш, цIен тай санна, дуткъа, цIийн тача гира Субатна. Кийрара цIий хьаьддера.
– Субат, хIун хилла вайна? – йовхарш тухуш, хаьттира Дарета.


Ткъа хила-м далатохар хиллера. Дарет кхо шо хьалха ядийнера Мисар лаьттан жинаша. Кхуьнан ницкъ а, шайн ницкъ а вовшахтоьхна, зудчух xlapa жин-убар динера. Иштта дакъазаяьккхинера Дарет. Туьро екъча, гучуелира зуда. Амма цунна дага ца догӀура хӀумма а.
– ХӀумма а ца хилла. Ког тасабелла, охьакхетта хьо. Йист ца хуьлуш, бӀаьргаш къовлий, набкхетийта хьажа, – йоьжна Iуьллучу хIусамненан корта карабиллира Захьида. И ца ган ГIарип дIавирзинера.


– Субат, сан бӀаьрса телхина я хьо боккъал а тишвелла, къанвелла?.. – бӀаьргаш хьабдира зудчо…
Захьидна лаьара и схьаэца, цуьнца дӀаваха. Куьг схьалаца мукъане а … Амма иза меллаша хьалагӀаьттира. Цуьнга нах хьоьжура, царна юккъехь бехке нах…
– Нанас йинарг яла хьан! – шийлачу маьхьарца юьйжира Зубаржат шен йишина улле. Даретан сирла са стигала делира, аьрцнашна юккъера гIотту дохк санна.


Массо а боьхна хьийзара. Ровзан а, Берс а Зубаржатна гонаха бохкура, и меттаяло гӀерташ. ЙоIа цхьацца, шена хааре терра, дарбанаш леладора бецашца, хишца…
Цу хенахь Бундол, тебна, Ӏарша тӀера охьа а воьссина, ГIарипан букъ тӀехьашха улле теIара. Цуьнан тур текхаш дара, юкъ-юккъехь саьнгарш йохуш.
Берсина гира и сурт. Кхуьнан доттагӀчунна тӀе гӀерташ кхерам бара.
КIанта мохь туьйхира, юх-юха а туьйхира, амма ГIарипна ца хезара. ТӀаккха Берс сихонца, «ГIарип, ГIарип», – бохуш, тIеведира, мохь бетташ нах дукха хиларна, Берсин аз ца къаьстара цунна. Кхин ойла ца еш, ешапан хьокха катоьхна схьаэцна, Бундолан коьртах туьйхира Берсас.

Бундол лазийра аьлча-м бакъдацара, цецваьлла, юхахьаьжира-кх:
– Хьо мичара вели? – аьлла, шен ирча куьг схьакховдийра цо.
Берсас хьокха лестабора, ГIарипе а кхойкхуш. Эххар а, мохь хезна, схьавирзира иза.
– ГIарип, ма велахь иза, ма велахь! – бохуш, дуьхьалведира Субат.
Амма ГIарип хӀумма а хезачохь вацара.


Бундол вер дехкар а дохош, тур тоьхна, цуьнан корта божийра ГIарипа.
– ГIарип, сатоха дезаш хиллера ахь, – элира Захьида. – ХӀинца детин мухlapан ницкъ а дӀабер бу хьан.
– Субат, хьайга дӀаэцахьа мухӀар. Дика накъост вара xlapa. Ткъа Бундол… Бундол суна кӀордийнера-кх… Берс, хьан декхархо ву со. Вуьззина къонах ву-кх хьо! – велавелира ГIарип. Берс воккхавевора, делахь а голаш егош-м яра…


– Хьо мичахь вара, Берс! – аьлла, дуьхьалведира Iаьрби.
Берс, буьрка буйнахь а йолуш, хьуьна юккъера аравелира.
– Ахсахьт а ду-кх хьо буьрка схьаян вахана.
– Муха ду ахсахьт?!
– Ахсахьт дацахь а, ткъа минот-м хир ю. Селхана байна тӀоьрмиг а карийна хьуна, Берс?
– Вайн классера зудабераша дӀалачкъийна хиллера хIара-м. Селхана кхузахь ловзуш ма дара уьш.


Ши кӀант цӀехьа волавелира.
Юхахьаьжча, Берсина гира ГIарип а, Ровзан а, Зубаржат а… Уьш, куьйгаш лестош, Ӏодикаеш бара кхуьнан.

Орга №4. 2021

3 495 комментариев

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.