ГАУ «Издательский дом»

ЗАКРИЕВ Iийса. Берсин леламаш

Туьйра

Берс ишколе ваха аравелира. ПхоьалгӀачу классехь доьшуш вара иза. Цуьнан гихь керла тӀоьрмиг бара. Цул хьалха хилларг шен классера Iаьрбица эвла йисте буьрканах ловза ваханчохь байнера. Нанас, шеко а йоцуш, дов дийр долуш дара, ткъа дадас, аьшпаш боьттича я гӀиллакхехь доцург далийтича бен, таIзар ца дора. ТӀелхигаш бахьанехь – хӀетте а. Амма Берсина билггал ца хаьара, тӀоьрмиг байар дас муха туьдур ду – доьналлах вохар я тӀелхигах хазахета валар. Цундела геннара къамел долийра цо:
– Дада, суна селхана хIун хилира хаьий хьуна?
– Ахь дийцича, хуур ду-кх.


– Цхьа йоккха стаг кхийтира сох, ишколера цӀа вогӀуш. Дукха къена йолуш, букар а таьӀна, мара лаьттах кхеташ боллура цуьнан. Буйнара гIаж луьйзуш, хала йогIура иза. Вукху буйнахь цхьа тиша тӀоьрмиг бара, чохь бепиг а долуш. Цо соьга элира: «КӀант, ма хаза бу хьан тIоьрмиг, суна лохьа иза – юург чохь лело». ТӀаккха ас бабина дIабелира-кх. ХӀумма а дуй, дада?
Берс доьзалехь жимахверг вара, дас мелла а озабезам бора цуьнгахьа, шена ма луъу иза ца лелийтахь а. КӀанта сел хаза дийцарна, гӀадвахана вела а велла:
– Суна хуур ду хьан тӀоьрмиг стенга бахна. Вало, хьайн нене ас кхиниг эца боху ала! – элира цо.
Иштта хилла бара Берсина керла тӀоьрмиг.


Йиъ дарс чекхъяьлча, цIа ван новкъавелира кӀант. Ӏаьрби тӀевеара:
– Буьрканах ловза вогӀий хьо?
– Ца вогӀу. XIара тӀоьрмиг а бахь, декъаза ву со. Селхана дадина цхьа инзаре «туьйра» а дийцина, халла кIелхьарваьлла со.
– Вай! Ларбийр бу-кх. Юха а бан безаш бу и?
Берс шуьйрачу некъаца дӀасахьаьжира. Хаза хьаьжна малх а, заза даьккхина къена аккази а, бӀаьстенах самукъадаьлла, «чIир-чIир» деш хьозарчий a, «гlyo, гlyo» бохуш, шена хьоьхуш санна, хийтира цунна.


– Дика ду делахь, – элира Берса. – Ков чохь хьан латта дезар ду хьуна.
Ши кӀант сарралц бай тIехь буьрканах левзира. Ловзаран шовкъ совъяьлла, хан муха йоьду а, я тIера бедар бехъяр а тидам боцуш дисира. Цушиннан виэлар эвлайист мел ю, генахь йоцчу хьуьнан йистоно сацадаллалц, дӀадоьдура.
Ӏаьрбис мийра тоьхна буьрка генаелира: керччина дитташна кӀел а кхочуш. Берс сихха цунна тӀаьхьа хьаьдира. Амма буьрка, ца соцуш, хьуьна юккъе яхара. Цецваьлла, цунна тӀаьхьавахча, сара санна букъ сеттина, набарна тар тесна Iачу цхьана воккхачу стагах бӀаьрг кхийтира кIентан. Берсин кога кӀелахь дакъаделла га кагделча, важа, тоха а луш, самавелира.
– Де дика дойла хьан, ваши! – воьхна хьаьвзира кӀант, юхавада дагахь. Буьрка воккхачу стагана уллехь Iуьллуш ца хиллехь, и дина а хир дара цо.


– Далла везийла! Стеган карахь шен селхана байна тӀоьрмиг гира Берсина.
– Ваши, и сан тӀоьрмиг ма бу. Мичахь карийна хьуна и? – цӀеххьана ша волу меттиг йиц а елла, хаьттира цо.
– Вай, ахь сан йоккхачу стагана ца беллера иза, юург чохь лело?! – олуш, цецваьлла суртхӀоттийра воккхачу стага.
– Маца?.. Ас-м ца беллера… Байнера-кх…, – кӀантана ша хьуьнхахь тилавелла хийтира. – Ваши, кху хьуьнхара араволу некъ гайтахьа суна, тӀоьрмиг шайна а битий, – дийхира цо.
– Некъ хьан букъ тӀехьа бу-кх, – велакъежира воккха стаг.
Берс юхавирзира. Амма гуобаьккхина луьста хьун яра, цхьа а тача доцуш.


– Кхузаххьа-м ма бац…, – олуш, схьавирзича, ша хиллачохь вацара стаг. XIара тамашбина валале, тӀехьашха аз хезира:
– Оццул жима воллушехь, бӀаьрса а дац хьан? – къена стаг кхечу юьхка тӀехь Iаш вара.
– Ваши, хьо муха велира иштта сиха сехьа? – дуьхе кхиа хӀоьттира кӀант. – Кунг-фу Iамийна хир ю ахь?
– Хьа-хь, хьа-хь, – велавелира стаг. – И хIун ю?
– Хьуьлла, цхьа китайски буй-тIарех латар ду-кх. Хьо санна баккхий нах хуьлу-кх церан хьехархой. Ваши, мийра тоьхна, дитт каглур дарий хьоьга? Со Ӏамор варий ахь? – хаттарш «чулаьхкира» Берса.
– Ӏамор ву. Валол соьца, – хьалагӀаьттира воккха стаг.
– Сан тӀоьрмиг…


– Хьан тӀоьрмиг хьоьгахь бу-кх, – пӀелг хьажийра стага.
–ХIа-а, ас бай тӀехь ма битинера xlapa, – цецваьлла, шен буйнарчу тӀоьрмиге хьаьжира кӀант.
– Хингал шелдалале, цIа кхача хьожур ву вайшиъ. Баба а хир ю сагатдеш, – аьлла, воккха стаг дӀаволавелира. Цунна хьалхара тайп-тайпана коьллаш, некъ буьтуш, дӀасахуьлура. Иштта, xlapa шиъ вогIуш, кост дохьуш беана къоркхокха воккхачу стеган белша тIе а хиъна, лере «хабар» дийца хӀоьттира. «ЦIа вогIуш ву ала», – жоп схьаэцна, тӀомаделира олхазар.
– Ваши, хIун бохура цо? – цецвийла ца ларавора Берса.
– Бабегара хабар деанера-кх, хингал хададай ша, бохуш, хоьтту цо.
– Вайшинна гена ваха дезий?


– Гена-улле дан а дац, Берс. Сихха-меллаша кхача аьтто хилар ду. Сан цIа Амалин Боьрахь ду. Юьйцуш хезний хьуна иштта меттиг?
ХIокхеран когаш кӀелара латта а, хьаннийн, аьрцанийн могӀанаш а, гӀенаш санна, чехка уьдуш, тӀехьа дуьсура. Даима а иштта хилча санна, кху боларх воьллера Берс.
– Ца хезна, ваши. Лаьмнашкахь юй иза? – кӀанта бӀаьрнегӀар тухучу юкъана воккхачу стагана тӀера духар цӀеначу гӀовталца хийцаделира. Юьхь-сибат а дара цуьнан хӀинца тайна. Боларехь гӀора а хаалора. Стаг велавелира:
– Вайшимма ворхӀ лам хадийна. Кху дуьненчохь ю-кх сан хӀусам, Берс. ДIо лаьтта тӀулган гӀала гой хьуна?


Тоьхна-тӀулгех доьттина цIа дара иза. НеӀарна хьалха, сийначу бай тӀехь, дежаш ши лу а, царна Ӏуналла деш санна, кест-кестта ворта озаеш, гондахьа хьожуш йоккха (тIехиъча хохкур а волуш) боргIал яра. Ткъа paгly кӀелахь юург охьаюьллуш, каде хьийзаш, къона зуда а яра.
– Марша вогӀийла, Берс! – аьлла, елаелира иза.
– Ваши, хьан баба мичахь ю? – шен некъахочуьнга схьавирзира кӀант. Амма иза аьттехьа а вацара кхунна хьалха гина воккха стаг. Шуьйра белшаш а йолуш, товш жима къонах вара. Леррина къагийча санна, кӀайн яра цуьнан цергаш.


– Схьавола, охьахаа! – paгlу кӀел волуш, элира стага. – Вайшимма беха некъ бина, дан деза къамел а ду иштта.
Берс когаш тIе охьалахвелира. Тайп-тайпана кхачанаш гича, хиира кӀантана, ша мел мацвелла. Боцуш стом бацара, аьлча а, «ишттаниг а ма хуьлура» аьлла дагадеъча, гучуболур-кх. Цул сов, детин пхьегӀаш чохь массо а тайпана юург а яра. Берсас йоккхачу хурмина тIе куьг даьхьира, амма иза дӀахилира. Юха а схьаэца гӀоьртира – стом куьйга кIелара уьдура. Хьаша, цецваьлла, хӀусамдега хьаьжира. Стаг къежаш вара:
– Куьйгаш дила вицвелла хир ву хьо, Берс? – элира цо.


– Дера, виц а ма веллера, – хьалагӀаьттира Берс (цӀахь а, хӀума яа охьахаале, куьйгаш дуьлуш башха къахьоьгуш вацара иза).
Куьйгаш а дилина, кӀант охьахиъча, хьал туо ца делира – хурма караян ца туьгура.
– Ваши, хӀинца хIун хилла?
– Бисмилла даккха деза…
– БисмиллахӀир Рохьманир Рохьими! – аьлча, хурма ша куьйга юьйжира. – Iале-елай, ваши, ма доккха хӀума ду xlapa! Муьлхачу базарахь хуьлу xlapa санна хьекъале хурманаш?
– Алц-Шахьарахь ехаш ю сан йиша, цу эвлан майданахь йоккха базар хӀутту. Йишас, xlopa кӀирнах ворда юттий, даа хӀума доуьйту суна.


– Ваши, суна ма чӀогӀа лаьара цига ваха. Генахь юй иза?
– XIума йиъна ваьлла хьо? – хаьттира хӀусамнанас. Берсас корта таӀийча: – Ма кIезиг йии ахь? – элира цо.
– Вуьзна со. Дала caгla йойла, деца! Ваши, хьоьга цхьа хӀума хатта лууш вара со. Хатта мегий ас?
– Хаьа суна, хьо хIун хатта воллу. Со а, сан хӀусам а хӀинццалц цхьанне а ганза хӀунда ю? Билггал хьо кхуза кхачар хIун бахьана ду, масала, Ӏаьрби а ца кхочуш? – велавелира стаг (иза даима а вара велавелла-векхавелла).
– Муха хиира хьуна, ваши? Волшебник ву хьо?


– Нохчийн маттахь а ма ю цу маьӀнин цIе – со ГIарип ву. Ткъа хьуна со гучуваларан ши бахьана ду: хьан байна тӀоьрмиг – цхьаъ, ахь дена, со бехке а веш, боьттина аьшпаш – шолгӀаниг. И тӀоьрмиг ас баьхьнера. Цу дийнахь ши алмаз дара суна тIаьхьадаьлла. Соьгара детин муxlap оьшура царна. Xlapa, – шен пӀелга тlepa мухlap гайтира ГIарипа, – онда ницкъ болуш ду. Цо вуьгу мел гена а, хан а, некъан бохалла а ян а йоцуш санна. Xlapa карахь долчунна йиллина ю Некъа-неӀарш. Царна чухула, адамна хIун ду а ца хууш, сихха дӀасалела тхо. Амма цу дийнахь Некъа-неӀарийн мукъа де нисделлера. Кхаарин де ду иза. Ткъа алмазаш цигахула лела бакъо йолуш дац, цул сов, мухlap церан кара кхачахь, зулам доккханиг хир ду. Царах ведда, хьан тӀоьрмиг чу лачкъа дийзира сан, Берс. Пластиках чекх са ца го царна, хьожа а ца кхета, хаза а ца хеза, дуьненан массо маьӀӀехь долчунна сема хилахь а. Сина махкара беана хьан тӀоьрмиг пластиках бина хилар бахьанехь, кӀелхьарвелира со. Хьуна баркалла ала а, хьан байна тӀоьрмиг дӀабала а валийна-кх ас хьо. Дела реза хуьлда хьуна! КъинтӀеравалалахь.


Берс ша-шех воккхавийна ца волура – ГIарип санна волчу стагана накъосталладар доккха совгӀат ду:
– Ваши, хьайна бита и тIоьрмиг. Юха а алмазех дӀалачкъа оьшур ма бу хьуна и. Ткъа суна нанас кхиниг эцна.
Стага, кӀентан коьртах куьг хьаькхира:
– Дадега схьакарийна ала ахь хьайн тӀоьрмиг, – аьлла.
– Ваши, цхьа хӀума хатта мегар дарий ас?
– Мегар ду.
– Алмаз олуш хаза-м хезнера суна, амма уьш муха хуьлу, ца хаьа-кх…
– Алмаз зударийн куьцехь хуьлу. Церан догӀмаш, пепнаш санна, лекха а, андий а ду. Ткъа охьахецна месаш, лаьттахула а текхаш, еха хуьлу. Алмазо мохь тоьхча, дитташ охьадуьйшу, адамийн лерган паттарчий а лелха. ТӀехь бедар а ца лелайо цара, цундела адамех лечкъа уьш. Хьуна кхераме хӀума дац. Майрра хьуьнха ваха мегар ду хьуна.
– Со ца кхоьру царах, ваши, ас Iад тухур ду царна.


И къамел деш, уьйтӀа велира xlapa шиъ. Стиглахь хьийзаш аьрзу дара. Цуьнан мохь-цIогIа кест-кестта декара, хьозарчий а гӀиттош.
– Сунни лаа дуй техьа? – малхана дуьхьал куьг лоцуш, стигала хьаьжира стаг. – Сингаттам бохьуш-м ца деана-техьа и?
Аьрзу, хьаьвззина, зӀаран керта тIе хиира. Цуьнан ког лазийна бара, жимма цIий а Iийдалуш. Олхазар адамийн маттахь дистхилира:
– ГIарип, Алц-Шахьаре зулам доьссина, – гӀийла элира аьрзуно. – Хьан йишас Зубаржата орцахвалар доьху хьоьга.
ГIарипа, аьрзу керта тӀера схьа а эцна, шен карахаийра. Коьрта тӀехула дайн куьг хьаькхира цо Суннина.


– Ӏаьржа Бундол веана Алц-Шахьаран махка. Цуьнан мецачу эскаро базар дакъазаяьккхина, хӀаллакйина. Эскаран боьхачу куьйгех къаьхкина, массо а стом xlaваэхула лелаш бу. Ткъа ша Бундол, дегӀана диъ дол бен вацахь а, юучух Ӏебаш, вузуш вац. Сарралц тӀекхоьхьу цунна яахӀума, амма «схьая, схьая» бен ца хеза Бундолера. Кхача лахбелла я ца луш хан ялийтича, стом кхоьхьу къепал лела некъ боьхку цо. Хьан йишин йоӀ Ровзан дIалечкъина, Захьид Субат волчохь ю. ЙоьӀан хазалла Алц-Шахьаран писаша йийцина Бундоле. Иза шега маре яийта аьлла, омра дина цо. Ца яийтахь, Алц-Шахьаран доь дойур ду ша, боху. Хьо сихха ца кхачахь, Зубаржатан са, йилхина, кхачалуш доллу.
Корта ГIарипан кара охьабуьллуш, дӀатийра олхазар. Цуьнан бӀаьрнегӀарш, даш санна, дазделлера.


– Ткъа ког стен лазийна хьан, Сунни? – хаьттира ГIарипа.
– Со орца деха доьду аьлла, арз динера гӀемаша цу боьхачу хӀумане. Бундоло шен Ӏаьржа эскарца Некъа-неӀарш а къевлина, сан некъ, дуьненан некъ санна, бахбира. БӀаьрг-негӀар тухучу юкъана схьакхача йолу таро дIаелира. Кхаа кӀиранах тӀомадеана со. ГIемийн, ешапийн, дажалийн герзах Зубаржата деллачу хIайкало лардеш, суна гонаха марха йира – мисарболатал чӀогӀа марха. Амма КIайн-Iинна тӀехула долуш мискъалан зарраттал йолчу ханна сан гIагI гӀелделира. ТӀаккха ешапо шен багара яьккхина кхоьссинчу дӀаьвшечу кӀомсаро йина чов ю сан кога тӀехь ерг. Суна хила дарба дац, ГIарип. Алц-Шахьарна орцахвалахьа. Чимка-Ломан бохь тӀехь ю хьуна сан кӀорнеш…


ГIарипа гӀелделла аьрзу хӀусамнене дӀакховдийра:
– Инжа-молха а хьакхий, дӀабехка кхуьнан ког. Сайн дегӀан ницкъ Суннина дарбанна хьажо аьтто бац – буьрса тIом бу бан безарг.
Цул тӀаьхьа Берсехьа схьавирзира стаг. Цуьнан юьхь-амат хийцаделлера – шеца кхерам боцу турпал вара иза.
– Берс, хьан накъосталла оьшу суна. Амма хьо реза ца хилахь, оьгӀаз а гIур вац со…
– Ваши, со кийча ву хьуна, – сихонца жоп делира кӀанта. – Вига ала ца хӀуттуш, ма Iара со.
– Дика ду хIета. Вало, ас Мухтасар-ЦIа чу вуьгур ву хьо. Хан ца йойуш, кечам бийр бу вай. Хезий хьуна, – хIусамнене кхайкхира ГIарипа. – Оти чуьра «Луьрачу некъан гIирс» арабаккха. Хьо схьавола соьца! – элира цо Берсе.


ХӀара шиъ цӀийна тӀехьа лаьттачу ломана улле вахара. Стаг, кӀентан куьг а лаьцна, тӀеволавелча, хӀаваах санна, тӀулгах чекх а волуш, цхьана йоккхачу хIусамана чоьхьавелира и шиъ. Цу чохь инзаре Ӏаламаташ гира Берсина: дуьненан массо а меттиг ша-ша гойту куьзганаш, урчакх хьовзош хаза мехкарий, ткъа цара хьовзийначу кӀайчу тайнех дикалла юцуш вуьш. Сих-сиха вас, зулам, хьагI-гамо, кхин а цхьацца вон белхаш гихь болуш, чуоьхура геланчаш. И «ижу» кахьар чохь охьуш, сирла духарш дуьйхина хьаьрса бераш дара, юьхь тӀехь лепаш дашо нур а долуш. Чукхоьссинарг кахьаро, шовданан хи дина, аратесча, гIадбоьлхий, белалора уьш, муьлх-муьлха а «кхача» кахьаре ца ахьабаларна.

Цхьадолу зулам, гуттар а къаьхьаниг, шовданан хи хила ца туьгуш, чоь мел ю уьдура. Иза лоций, юха а кахьар чу кхуссура нур лепачу бераша. Ткъа хин татол, ломах чекхдолий, шийла сирла шовда хуьлий, охьадоьдура.
ГIарип, массеран де дика а дина, пенах кхозучу суьртана тӀе вахара. Лаьмнашкахь хуьлу сийна аре яра цу тӀехь. Шина лома юккъехула богIучу некъа тӀе пӀелг хьажийра ГIарипа. Цу сахьта некъ шорбелла, массо а тӀулг ша-ша боккхуш, ма-барра гайтира суьрто. Стаг леррина хьаьжира. XIун ду-техьа аьлла, Берс улле вахча, цунна гира дитташ тӀехь а, чхарашна тIехьа а левчкъина йохку цхьа инзаре ирча хӀумнаш.


– Ваши, и хIун ду цигахь гушдерг? – хаьттира кӀанта.
– Дера ю вайшинна йина кӀело. Дитта тӀехь Iаш дерг ешап ду. Гой хьуна, цхьа кӀомсар яц цуьнан. Сунни лазийнарг ду иза. Цкъа сан карадогIур ду хьо! ТӀулгашна тӀехьа тебнарш шайтӀанаш ду. Когаш тӀехьа бирзина бу церан. Дум лачкъош гучу а даьлла, ас тоьхначу мачано варе йойна Пак-Пакан къо МелIун а ду царна юккъехь. Мега мел йолу хӀума схьагулъелла кхузахь.

5 200 комментариев