ГАУ «Издательский дом»

ХАБАЕВ Исмаил. Ирсан къайле. Эссеш

    ***

Саьхьарчу адамийн дуьне ца девзачу
хьан ирсах хьагаро дуьзначу сан дагна
дуьхьала цхьаъ долуш,
тIаьхьашха кхин долчу нехан
хастамел, тамехь ду самаьрша хьан декар, аьлла,
ас муха кхетор ду дитта тIехь дека и олхазар…

ас муха кхетор ву,
ша кийрахь къуьйлучу дIаьвшах
дош дан бен, кхин говза воцу
сайн декъаза довхо,
хьагI – иза мел дукха еттаро схьайоьллур йоцу
синтеман неI къовлуш дIатоьхна догIа ду аьлла…

шех дуьне кхетале дуьненах кхеттачо
еш йолчу дуьненал яккхийчу ойланех
ас муха кхетор ву,
са хилча, веллал бен воцушверг,
зиэн хилча, велххал бен воцушверг,
сискална вацар бен,
сискалах вузар бен,
кхин цхьа а Iалашо йоцушверг…

со винчу шахьарахь
къовлалуш маьркIажан бода,
ког лаьттах ца кхеташ,
бIаьргана гена мел юьйлу,
гуьйренан дахкарлахь
йовшйолчу йоIана
тIаьхьа а хIоьттина,
дIайоьдуш йолу сайн ойла
ас муха тешор ю
сайх дуьне дуьсур ду бохучух…

    ***

Къонах хила – онда хила веза,
эвлаяъ хила – тIомаволуш хила веза,
хьекъале хила – дешна хила веза,
гIиллакхе хила – охьатеIаш хила веза,
ирсе хила – хьалдолуш хила веза,
стаг хила – шога хила веза,
Iовдал хила – маIаш йолуш хила веза, –
моьттуш болчу нахана юккъехь ваха
собар долуш хила-м веза…

6 251 комментарий

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.