ГАУ «Издательский дом»

БЕКСУЛТАНОВ Муса. Дийцарш

ХIаъ, милицин машен йоьIан ден керта а яхара цу дийнахь, йоьIан да чухаийна, кIошта охьа а йоьдуш.
Циггахь цуьнга – кегийчарна новкъарло йийр йоцуш – кехат тIе куьг а таIадайтинера, шен йоьIан, Варин Пятигорскехь йина загс хиларан тоьшалла дIа а гайтина, ша захалонна резахилар йоьIан дега тIечIагIдойтуш, «иъ-миъ», аьлла, цо цхьа дош хьалаалахь, партера дIа а воккхуш – КПСС олура цу партех, – балхара вохор вуй а хаийтина.
Партера воьхча, балхара а вухуш, балхара воьхча, ша тIекIелбинчу бахамах а, шина «Волга» машенех а кхоьруш (цхьаъ нахехь хьулйина яра), йоьIан да сецнера, берриг а бехк шен зудчун буй а хууш, мацах ша – хIинцачул берхIитта-ткъаессана шо хьалха кхуо ядийча, ахIи декъехь, елха а йоьлхуш, ша Варина тешамна кара чIуг а луш, хан йиллина ю, ма йига ша а, бохуш.

Нанна йоIах кхетар а дихкина, хIора буса мелла цIа а оьхуш, цIа моссазза кхочу, зудчун неIалт а кхайкхош, зудчо, нахала ца яла, са а детташ, шо-шаре лестинчу буса – йоI едда шоллагIа шо долалуш, – бIаьрг ма-хIутту, вехна цIа веана райпон хьаькам, вахаро Iедалх болу кхерам а бицбайтина, шен зудчун коча вахнера: «Зуд, хьо ду сан йоI цу хIуманна буха кхоьссинарг!» – олуш, зудчунна шозза урс а тухуш.
Зуда маьхьарца арахьаьддера чуьра, охьаоьхуш цIий а долуш: «Орца дала!» – бохуш, юьрте а кхойкхуш.
ГIовгIа нахала яьллера, лулахоша орца а доккхуш.
Тахана-тховса бохуш, доьзалхочух йолу Варин езар Селима, шен нанна урс диттина аьлла хезча, къонцIа а молий, больнице кхочу.
Бер лоьраша, нана этIайой, кIелхьарадоккху, Селима иссалгIачу дийнахь яла а леш.

Тезет хIутту юьртахь доккха, зударий санна, къаной а боьлхуш.
Юьртахь тийналла хIутту, Iадийча санна, нехан лер а довш.

Баттахь чохь а валлавой, йоьIан да арахоьцу, бахамах дикка катухуш, лен лазар кхетта ву бохучу харц исправкашца.
Зуда цIийнаден керта ца йогIу.
Зудчо цIийнада вуьту, шайн лулара зударий тоьшаллийна кхойкхуш, уьссазза я ткъе уьттазза шен цIийнаден цIе а тосий, дуьхьал луьйш цIийнада а хуьлу, ша хьо а йити, бохуш.
Молланаша ца магадо зудчо майра витар, шарIехь и тайпа Iадат цахилар а чIагIдой.

Бер хаза кхуьу, ден бIаьргашца, ненан кIайн амат а долуш.
Шина зудчо кхиадо бер – денанас, ненананас.
Дена кIант бIаьргтуоха а ца го, цхьа геннара хьажий бен.
Да тIаьхь-тIаьхьа уьду кIантах, цо шен дог кIаддарна кхоьруш: кIант ненах чIогIа тера хуьлу, ненан юьхь тIера схьаэцча санна.

ВорхIараваьлча, дас ша кхиаво кIант, цунах нийса накъост веш, мутаIеламаша жайна санна, дагахь иллеш а Iамадойтуш, ламазца веш, мархица, цунна хилларш а, лелларш а дуьйцуш, шен дай а буьйцуш, нехан дай а.
КIант ловзарш доцуш а кхуьу, бIаьста туьркан заза санна, хаза, цIен-кIайчу басца, гин-гинчо деца вустуш, туй кхоссарца, ловцаш а беш.

КIентан берхIитта шо дузуш, Нохчийчу тIом богIу – кхайкхаза тIом, – СССР цIе хилла пачхьалкх а юхуш.
ТIом арахьара чубеана хуьлу, хаттаза вогIу мостагIа санна, стиглара охьа, лаьттара схьа хIоъ-молхий, сийна цIе а етташ.

Ярташ оту, гIаланаш а, бIе стагах ткъе пхийтта я шовзткъа вуьйш, къизаллийца къизалла юста кхин къам доцчу муьжгичо.
Нохчочуьн дакъа доллаза лам а, аре а, Iин а ца дуьсу.
Тезеташ ца кхайкхадо – ца ларабо кадамаш бан: гIаж таккхол долу боьрша бер герз карахь, тIамехь хуьлу.
Къам деддий, хьаьддий ду – кеманаша чуетташ, юха град тухуш, миномет а цхьаьна – гихь, марахь бераш а долуш, пхьаьрсах тесна баккхалш а.
Туохаза цхьа а бомба ца юьсу: мехий дерг а, буьртигаш а, геригаш йолу дегI цоьстург а.
Декъий иштта дохийна хуьлу, акхароша цистича санна, ког боцуш я куьг, бIаьрг боцуш, туьтан ах а.
ДIадолла дакъа доцурш а бу, цхьана хIусамера шишша-кхоккха а вийна.

Цхьана сарахь – сарралц Iийча, – дена ца гуш вахнехь я дегара пурба дехна – кIант эххар а араволу чуьра, – Варин кIант, – денана а хьостий, дIога дехьа, кхура кIелахь, кху баттахь ша ларвечу дех лечкъаш, тата ца деш, цициго санна, меллаша, байн ког а ловзуш: кIант шен да вохарна кхоьру, шега – ма гIуохьа – аларна цо, хьо цхьаъ бен вацар-кх шен, цхьалха дуьне диънера ша, да а, ваша а я дегIала кхиъна воI а воцуш, шех кадам хьан оьцур, мила вуьсур верасна тIаьхьа…

– Воьду хьо? – ден аз хеза кIантана, мича воьду а ца хоттуш.
Дерриг гуш а, хууш а ду.
– Воьду, дада…са ма гатделахь, – кIант юхахьажа ца хIутту дех, ден собар эккхарна кхоьруш.
– ГIуо, хIета, – деша букъатIехьашха, – хан кхачар – кхача сецнехь – гIазотехь хуьлда-кх хьан…, – ден аз хеда, денна-денна нехан кIентий дIабухкуш, кешнашкахь ша лаьтташ, и кIентий байинчу дайн кхоьлина хилла бIаьргаш а гуш.

6 442 комментария